Гора яI, нохчийн мотт, дош метта диллий
ДIаала вайша цхьа даггара илли,
Хьалхара ахь олуш, тIаьхьара – ас,
Дуьненна хазийта вайша хьан аз.
Лаьттана йовхо лун малх буьйцу вайша
Я цхьана заманчохь лелийнарг дайша,
Я Iаьржа верта тIетесна барам санна
Стиглахь йоьду Iаьржа марха йийца царна?
Я вайшиннан мехкан каш доцчу чартийн
Йист йоцу кIайн могIарш дIагойтур дар-те?
ЦIийн Iоврех леда хьан шовданаш дийца
Я зезаг хьахадай дог-ойла хийца?
Я зовкхехь дийца деза деши, дети,
Я ала мел ца лург Iадда а дитий,
Теш лаций, буьйса и беттаса тайша
ВорхIе а дуьненчу охьаделха вайша!..
Яшуркаев Султан