Оьрсийчуьрчу паргIат кепехь охьатохарх латархочо Садулаев Iабдулрашида дашо мидал яьккхина Токиорчу Олимпиадехь, 97 кийле кхаччалц йолчу йозаллан категорехь. Финалехь цо эшийна америкахо Снайдер Кайл (6:3).
Садулаев Iабдулрашид ахфиналехь леташ ву Куберчу През Рейнерис Саласца
Иза шолгIа толам бу Садулаевс шен карьерехь Олипин ловзаршкахь баьккхинарг.
Садулаев вина Дагестанерчу Цуриб эвлахь. Цуьнан ду 25 шо. Садулаев доьазза дуьненан а, Европан а чемпион ву паргIат кепехь охьатохарх латарехь.
(radiomarsho)