Кхело валлалц чувоьллина латто хан кхайкхийна

0
856

Австрехь кхело, велла дIаваллалц аьлла хан а кхайкхийна, чувоьллина Нохчийчьура вахархо, хаам бо AP агенталло. Кхело бехке лерина кхел йинарг (цуьнан цIе йоккхуш яц) Бек Мартин цIарца вевзаш волу нохчийн блогер Умаров Мамихан верна. Умаровс шен YouTube-каналехь критика йора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Хьалхо зорбан гIирсаш яздора политикан эмигрант верна шеко йолуш Австрин Iедалша лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо – Ахтаев СарIела а, Магамадов Салман а бохуш.

Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь дуьйцуш ду, 48 шо долу киллер цхьанакхетта хилла 43 шо долчу Умаровца 2020-чу шарахь Товбеца-беттан 4-хь «Глок 17» тапча машенах хуьйцур ю аьлла барт а бина, бохуш.

Прокуратурехь болчу хаамашца, вийначунна 6-зза тапча тоьхна, царахь цхьаъ уллера коьртах а тухуш. И инцидент хилла Вена гIалина гергахь индустрин зонехь.

Кхеле озийначу тIецадитара ша бехке хилар, амма цуьнан бедаршна тIехь цIийн таммагIаш а, герзан молхан ларш а карийра. Берриг а бехккъасторхой реза хилира иза бехке лоруш вердикт кхайкхо.

Бехке винчуьнан адвокаташ дагахь бу оцу сацамна латкъам бан. Кхел дIайоьдучу хенахь цара верси кховдийнера суьдхошка Умаровна тапча йиттинарг цуьнан гIаролхо хилла аьлла, яздо Свобода Радионо.

Зорбан гIирсаша бинчу хаамашца, Умаров хаам беш верг (информатор) хиллера Австрин конституци ларъяран а, терроризмца къийсам латторан а Лаьттанам хьукматан. Прессехь дуккхазза а яздира дуьйцург политика бахьана долуш стаг вер хиларх лаьцна.

Иштта жамI дина Вена гIалин полицино а. И бахьана долуш таллам дIабаьхьнарг яра террорца къийсам латто урхалла. Insider зорбан гIирсо яздора, Умаров вер вовшахтоьхнарг хилла Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам бохуш.

  • Умаров вер дуьххьара политэмигрант вер дац Венехь хилла долу. 2009-чу шарахь Дечкен-беттан 13-хь Австрин коьртачу гIалахь вийра Кадыров Рамзанан гIаролхойн тобан декъашхо хилла Исраилов Iумар. «Мемориало» яздарехь, Исраиловс латкъам бинера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле, Нохчийчоьнан президент бехке веш, 2003-чу шарахь цо ша лаьцна ницкъ беш хьийзорна.
  • 2020-чу шарахь Чиллан-баттахь вийра Кадыров Рамзанан кхин цхьа критик – видеоболгер Алиев Iимран. Цунна урс диттинера Францерчу Лиль гIалахь хьешан цIийнехь.
  • Оццу баттахь 26-чу дийнахь тIелатар дира кхин а цхьана нохчийн диссидентана – Абдурахманов Тумсона. Блогеран аьтто белира киллер схьалаца а, видео дIаязъян а. Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а.
  • Кхелан процессехь къастийна, кIело кечйина хилар. Дийцарш дIахьош цхьанакхетарш хуьлуш хилла церан Москвахь а, Соьлж-ГIалахь а. Цул совнах, Литвахь эцна машен тIаьхьо Швеци ялийна а хилла. Блогер вуьйриг Мамаевна 60 эзар евро ахча лур ду аьлла, чIагIо йина хилла.
  • Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, Мамаевна а, Шапиаевана а тIедожийна хиларх Абдурахмановна дала 140 эзар шведийн кронашкахь компенсаци. Набахтехь тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа даймахка депортаци йийр йолуш ю шинне а, юхабахка бакъо а ца юьтуш. (radiomarsho)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz