КIанте.. – Мохьмад Сулаев

0
1523
(1920 – 1992)

КIанте..

Ма хилалахь нахаца, кIант, цкъа а вочех:
Чам боккхий, дIакхуссу тIех муьста хьач.
Ткъа эшац хила а тIех эсал, коча:
Хьаъа а схьалоцу эсалчун кач.

Хаълахь, тIех эсалниг осала хета,
Ткъа осалниг, мел дика хиларх а и,
Ца лору цхьаммо а! Оцунах кхетий,
Шен хоршшахь дIахьолахь къонахчун сий.

Собар а дуй хаалахь оьздаллин гIортор,
Делахь а товш хилац цхьавериг гуш
Кхечеран хьаштана деш собар шорта,
Шен долчу хьаштана и ца тоьуш.

Iамалахь, кхечарна гIалаташ гечдеш,
Хьайнчеран ца хила дог къера лай.
Цкъа а ма хилалахь цхьанна а кечбеш
Тешнабехк – кIиллочун ямартан тIай.

Накъостца хилалахь даима хьанал,
Делахь а, лаарна доттагIех иэн,
Ма сихло цаьргара гIалатниг Iамо,
Ледарниг ахь цкъа а ма дита тIе!

Мохьмад Сулаев

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz