Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIоттийна Кадыровн йоккхаха йолу йоI

0
837
Кадырова Iайшат

Мехкан культурин министр хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхахйолу йоI. 22 шо долу Кадырова Iайшат министр хIотторах хаамбина шен инстаграмерчу аккаунтехь регионан парламентан спикера Даудов Мохьмада. 

«Нохчийчоьнан Парламентан депутатийн цIарах а, сайн цIарах а даггара декъалйо сайн хьоме ВЕШИН ЙОI Кадырова Iайшат Рамзановна Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIотторца!», – яздина Даудовс. 

Нохчийн хьаькамана хетарехь, «похьме, креативе куьйгалхо, балхана тIера йолуш, башха вовшахтохархо ю» Кадырова Iайшат. 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI – Кадырова Хадижат – хIоттийра кху шеран ГIуран-баттахь Соьлж ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже. 

  • АмериканЦхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а. 
  • АмериканЦхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн «Магнитскийн тептаре». «Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна» аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь. (radiomarsho) 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz