Байт – Тина Брюссель (Исмаилова)

0
397

Цу дашо маьлхан нур хьан юьхьтIе Iенош, 

Iуьйренан гIовлане олхазарш хийшош, 

БIаьстенан махаца хьо ховха хьоьстуш, 

Гур дуй-те ялале и хаза денош… 

  

КIайн месийн мархашца хьан назбарш дузуш, 

Зазашкахь гулдина мерза мутт мийлош, 

Сан дагахь мел IаьIнарг хьоьга дIадуьйцуш, 

Гур дуй-те ялале и хаза денош… 

  

Стиглара седарчий курсашка дуцуш, 

Цу беттан дато са канашца луьйцуш, 

Цецъяьлла, замано шен болар сецош, 

Гур дуй-те ялале и хаза денош… 

  

Заманан тийналле сан некъ дIакхачале, 

Сан сирла ойланаш юккъехула хадале, 

Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош? 

Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош?… 

Тина Брюссель (Исмаилова)


Тахан елхьара 53 шо кхочура йолуш яра Тина Брюссель.  

Иза чIогIу говзалла йолуш журналист а поэт яр. Европехь нохчийша юккъехь Iилман болхаш бира. Къиза цамгоро 1 август 2008 шарахь иза вайх къастира.  

Дала декъала йойла хьо Тина… 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz