Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчочунна экстрадици йарна дуьхьала митинг

Гериханова Аминана Оьрсийчу экстрадици йарна дуьхьала митинг

«Европерчу нохчийн Ассамблейн» векало Албаков Шемала Кавказ.Реалиига дийцира, акцин декъашхоша Гериханована Оьрсийчу экстрадици ца йайта Европан Кхеташоне резолюции хьажийна, аьлла. 

Нохчо Гериханова Амина Румынера Оьрсийчоьнан кара йаларна дуьхьала францхойн Страсбургехь Европан Кхеташонан гIишлонна хьалха митинге гулвелла 30 гергга жигархо. Цул хьалха Гериханова масех шарахь Киевехь яьхна, Украинан ницкъаллин хьукматийн цуьнгхьа хеттарш дацара. 

«Европерчу нохчийн Ассамблейно» гулйина ю митинг, нохчийн бакъоларъяран «Вайфонд» ассоциацин гIоьнца. Гулбеллачара францхойн, нохчийн, ингалсан меттанашкахь плакаташ диллира, шайна юккъехь «Аминана – маршо», «Нохчийчохь нах тIепаза бар, байъар, Iазап латтор» йозанаш долуш. 

«Европерчу нохчийн Ассамблейн» векало Албаков Шемала Кавказ.Реалиига дийцира, акцин декъашхоша Гериханована Оьрсийчу экстрадици ца йайта Европан Кхеташоне резолюции хьажийна, аьлла. Протестан гулам Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишлонна хьалха а хIоттийра. 

  • Стигалкъекъа-беттан 9-хь бакъоларъяран Amnesty International организацига Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелера тIечIагIдар кхечира, нохчочун Гериханован кхерамазаллица доьзна 39-гIа бакъонах пайда эцна, аьлла. Оьрсийчоьнан дехарца Румынин Iедало Гериханован экстрадици йар сацийна Товбецан-бутт юккъе кхачалц.
  • Кавказ.Реалиино хаам ма-барра, Зазадоккху-беттан 13-хь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо хьалха Нохчийчуьра дIаяхна Гериханова, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллаца цуьнан гIуллакх деана дац аьлла. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Yeni yayınlar

•Abhazyalı yazar Anzor Mukba’nın “Mezit’e Çıkış” adlı eseri, Oktay Chkotua çevirisiyle Papirüs Yayınları etiketiyle raflarda... Kitap, Abhazya halkının sürgün sonrası hafızasını ve Türkiye’deki Abhaz...

Shakespeare’in oyunu Adigece sergilenecek

William Shakespeare’in “Hırçın Kızın Terbiyesi” eserinden Nalbiy Kuyek’in Adigece çevirisiyle uyarlanan oyunun prömiyeri 8 Kasım’da yapılacak. Adigey Cumhuriyeti Ulusal Tiyatrosu oyuncularının rol aldığı prodüksiyonun...

Ruslan Tsırım sergisi

      Kabardey-Balkarlı ünlü sanatçı Ruslan Tsırım’ın "Güneşin Dönüşü" başlıklı kişisel sergisi, 1 Ekim-1 Kasım tarihleri arasında Kabardey-Balkar Cumhuriyeti 100. Yıldönümü Parkı'nda yer alan Çağdaş Sanat...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img