ХЬЕХАР
Мацах цхьа бено хилла цхьаьна йоккхачу басах гихь дечгаш чу кхоьхьуш. ТIаьххьара йисина дечиг эцна xlapa чу воьдуш, цхьаммо xlapa га а гина:
— Оццул хала къахьоьгачул и дечгаш цу басах чу хIунда ца керчайора ахьа? — аьлла.
— Дера бакъ ма бах ахьа, — аьлла, шен гира дечиг а эцна, юха хьала ваха, бахара, бено, иза чу карчо.
(Нохчалла)