Безаман шовда
Цхьана дийнахь шовдана йисте хи дан а, шена везачу кIантаца вовшахкхета а йоьдуш хилла йоI. Къайллах и тергал а йина, катоьхна схьа а лаьцна, ядийна гIам-зудчо. Шовдана йисте йоI ган цунна везаш волу кIант а хилла говрахь вогIуш. КIантана геннара гина гIам-зудчо ядийна хьош йолу йоI. Пори-гIоддах шед тоьхна, говр дIаэккхийтина, кIант царна тIаьхьа ваьлла. Юхахьаьжначу гIам-зудчунна шена тIаьхьакхуьуш воллу кIант гина. Шен берриге а ницкъ гулбина, дукха сиха хьалаедда, Шаройн лома буьххье а яьлла, садаIа охьахиъна гIам-зуда. Эццахь тIаьхьакхиинчу кIанта, динара кхоссавелла, схьалаьцна гIам-зуда. Цо ша схьалоццушехь, теттина Iинах чукхоьссина зудчо йоI.
Чов хилла дарделлачу лоьман санна мохь-цIогIа делира кIентан кийрара. Шаьлта тоьхна, гIам-зуда кхоьссина дIа а дахийтина, йоIана тIаьхьа Iин чу иккхина кIант.
Хилларг ла ца делла, Iалам тохаделира, Iаьржа мархаш вовшахтасаелира. Кхоьвссина догIа доладелира. Лаьмнаш тIера хин Iовраш охьахьаьлхира.
ТIаккха, дукха хан ялале, мархаш дIасаяьржира, догIа сецира, малх хьаьжира, дуьне серладелира.
Цхьана боккхачу чхар кIелахь тата делира, латта дуса а делла, цу чуьра араиккхира
шовда. ДIасакхоссаделла, ницкъах дуьзина, шен го кIарг а бина, шор а бина, эшаран гIовгIанца охьахьаьдира хи.
ЙоI цIа ян хьеелча, даго вониг хьоьхуш, кхин Iа а ца велла, бIаьрзе да шен йоI лаха араваьлла. Хьалха Iaca луьйзуш, йоIе кхойкхуш воьдура воккха стаг. Цунна жоп луш санна, гIовгIа алсамъяьккхира шовдано. И гIовгIа хезачу arlop вахара да. Шовдана тIе ша кхаьчча, кIад а велла, садаIа охьалахвелира и.
– Ва, дела, сан йоI мичахь ю-те, хIун хилла-те цунна? – бохуш, синош дохура холчухIоытинчу йоьIан дас.
Цу дешнашна дуьхьал шовданан гIовгIанца схьахезара йоьIан узарш.
Хи мала, шовданан хи мала, – шега бохуш санна хийтира дена. Охьа а таьIна, канаш
чохь хи а эцна, дIамелира цо. ЦIеххьана шен дегIе ницкъ богIуш хааделира цунна. Ша къонвелча санна, хийтира воккхачу стагана.
Юха, цхьаммо шега гlo доьхуш санна, хийтира цунна. Ша бIаьрзе хилар диц а делла, мила ву-те иза, аьлла, дIавирзира йоьIан да, аз хезачу агIорхьа. БIаьргаш тIера пардо дIадоккхуш санна, тIеда ши куьг хьаькхира цо бIаьргех – са гира цунна.
Шовдан чу хьаьжира воккха стаг: шовда схьадолучу меттахь, хи бухахь, вовшах а хьаьрчина, Гуьллуш шен йоI а, цунна везаш хилла кIант а гира цунна. Цу шинна гена йоццуш, гIам-зуда а Iуьллура. Кхузахь хиллачух кхийтира йоьIан да. Шен йоьIан а, цу кIентан а декъий схьа а даьхна, цхьана каш чу дIадоьллира цо. Ткъа гIам-зудчуьнан дакъа, гена лам чу дIа а дихьина, цхьанна а ца гучу дIадоьллира воккхачу стага.
Цу хенахь дуьйна цу шовданах безаман шовда, аьлла, цIе тиллира шовданан йисте богIучу кегийчу наха.
Наха дуьйцу, Шара-Органан гIовгIане эшарехь ши аз ду хезаш, бохуш: йоьIан хаза, цIена, зоьвне аз а, доьналлех дуьзина, гlopгla кIентан аз а.
Суна а хезна и аьзнаш, хьо ца тешахь, ваха а гIой, ахьа а ладогIа.