Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Вайнах махкаха баьхна 79 шо кхачарна лерийна

Доьлхур дац Духур дац Дицдир дац

23 февралехь 1944 шарахь ах миллион герга нохчий, гIалгIай Советан Iэдало шайна тIехь «къоман мостагIий» бу, аьлла, йоцу цIе а кхоьллина Казахстане, Киргизи дIакхалхийра.

Вуьшта, 1943-44 шш. дIабохийчеран терахьаш дахкийча  уьш ишта дара:

530 эзар нохчо, 92 эзар гIалгIа, 100 эзар Гуьржкара туркой, 134 эзар гIумки, 43 эзар балкхарой, 78 эзар кхарачо, 200 эзар ГIирмера гIезалой.

Дуьненчоьхь уггаре хиллачараха йолу и этно-депортаци дIайолаелира – 23 февралехь 06.00 сахьт даьлча, чекхелира – 9 мартехь 1944 шарахь. Цуьнан кодовый цIе яра- «Пантер».

Вайнехан халкъаха цхьа тайпа иэс цайита шира йозанаш, жайнаш, тептарш, фольклор, статьяш Соьлжа-гIалахь ягаеш хIаллакхйира. Дукха хIолламаш, чурташ, бIовнаш, гIалнаш хилла а хиллий те, аьлча санна, йохийра, йартшийн цIераш хийцира. Бахархойн дукхалла а 65% лахъйерира.

ЦIера бохурш «дIабуьгурш-цабуьгурш» бохуш къеста бора. Иштта дIацабуьгуш цIахь буьтуш бу, аьлла, тIаьхьа битинарш байира.

Йалхаран йарташкара- 86 стаг;

Хьахилган Аккхара- 32 стаг;

МIайстара махкара (хIинца Гуьржечура- Муцо цIе йолу меттиг) -53 стаг вийна (нах байа омар делча, цхьаъ салти (узбек вара бохуш дар иза) омар кхочуш дан дIоьхул ваьлча, иза нохчаш цани винера, аьлла дийцарш ду);

Хьалхарчу Мартанан больницера-72 стаг; Хайбахь колхозан божалчохь схьагулабина дийна боллушехь-780 стаг.

Хайбахьехь уггар воккханийг 110 шо долуш вара, уггар жиманийг хIинца дуьненчу ваьлла а волуш. И денош гина волу Саламбек Закриев дуьйцу:

«Хайбахехь къур бар лаккха баьлла гуш. Юьртан тIей долчохь 4 салти вара цхьана адамна тIаьхьа уьдуш. Схьалаьцна вийра цара иза, тIаккха Гихт- хи чу кхоьссира. Нах дIабигна 2-3 де даьлча и дакъа кардира тхуна. Бераха йолу цхьа зуда хиллера иза. Кешнашкахь дIайоьвллира оха иза.»

Иштта, Ачхой-Мартан Валартехь шен кIант кIелхара ваккха лиина волу Виситан Анзор, къиза вийнера. КIанта дIа а лецира. 10 шо кхаьчна волу и кIант Шалажера маьждиге а вигна, цигахь схьалгулбечу и эскархой футбол ловзуш хенахь, эццахь цунна гира, буьрканна меттан шен ден коьртаца ловзуш уьш хиларна. Ше ден корта цаьргарра схьаэца гIаьрташ- тIехь идна хиллера иза.

Цу деношкахь Маьлхйистан хьехашкахь дIа кхуьлуш баира нах, Къозан а Галайн а Iамнашкахь, хиш чу кхуьссуш нохчи адамаш мел байина, дуккхалийна, хууш дац.

Иштта, И.Сталина «халкъан мостагIий» аьлла, бежнийн вагонашчохь пана махка дIаховсийначу нохчеха, гIалгIаха дукха адам шилоно, мацалло хIалакдира.

ТIаккха, Сталин веллачул тIаьхьа, СССР-н куьйгалхо Н.Хрущев хIоттича, 25 февралехь 1956 шарахь хиллачу партийн съездо сацам бира- Сталин заманахь цIера даьхна къамнаш нийса даьхна дац, уьш шайн цIа дерза йиш йолуш ду, аьлла. Иштта Европан Парламенто 26 февралехь, 2004 шарахь а сацам бина – нохчашна, гIалгайшна 1944 шарахь йинарг геноцид ю, аьлла.

Нохчийн паччхьалка дIахIоттинчул тIахьа Нохчийчоь-н хиллачу куьйгалхочуьнан Дж.Дудаев-н сацамца, 23 февраль – «Нохчийн къам юха дендаларан де», аьлла билгал дIаьккхийна ду: Доьлхур дац, Духур дац, Дицдир дац!» бохучу кхайкхамца.

 

Гоч. : Милана Айдамирова Куртоглу

 

Önceki İçerik
Sonraki İçerik

Yazarın Diğer Yazıları

Ağır sıklette birinci Ahmed Hazbulatov

Rusya’nın Tver şehrinde 13-15 Aralık 2024 tarihlerinde, judo olimpiyat şampiyonu Sergey Petroviç Novikov’un anısına dövüş sanatları yarışması düzenlendi. Rusya’nın 24 bölgesinden 600’ün üzerinde sporcunun katıldığı...

Çeçen ve Oset güreşçiler madalya aldı

Khanty-Mansi Özerk Okrugu’nun Poykovski kentinde düzenlenen 19. V.N. Semenov Kupası Uluslararası Serbest Güreş Turnuvası’nda Çeçen sporcu Halid Yakhiev (79 kg) ve Oset güreşçi Cambulat...

Eylül Arinna Hemiş

Antalya’da düzenlenen IFMA International Antalya Muaythai Open Cup turnuvasında genç sporcu Eylül Arinna Hemiş, sergilediği üstün performansla gümüş madalya kazanarak büyük bir başarıya imza...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img