ХЬО ЙОГIУ ЛАРЙИНА…
Со волу юха а ахь суна бихкинчу новкъа,
Дегбаам, деглазам битина хиллачийн тIаьхьа.
Сан болар гIийла ду сихачу дахаран шовкъехь,
Хьан деган Iома чу Iенаш ю сан гIайгIа къаьхьа.
Хьо йогIу ларйина, бIешершца юьстина зама,
Ас юха ца йоьху,чекхъели и мIаьрго хилла.
Ткъа хьуна атта ду сох даьлчу гIалатах Iама.
Хьо цкъа а лелар яц хьайн ирсан некъа тIехь тилла.
Суна кхин бен а дац…ЙогIур яц кхул шийла суьйре
Хьан маьлхан йовхонах Iаба ца кхиъначу синна.
Сох дага ва юьйлуш йоьлхур ю и дашо гуьйре,
Сан деган лазамех десачу хьан коре хиъна.
Арсалиева Люба