Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Доца керланаш

Стигалкъекъа-бутт 2023

Некъазан хахкарш

Нохчийчоьх «дарин некъ» серийн некъазан alpha race хахкарш нисдинера. Дукху меттигашкар квадроциклаш, мотоциклаш, кхи тейпан йолу машенашкахь а баьхкнера цу къовсаме. 29 Экипажо дакъа лаьцнера цигахь. Alpha race проектан куьгалхо йолу диана боаги а яра цига йеана.

«Курчатов институт»ан филиал схьайоьллар ю

Соьлжа гІалахь курчатов Іилманан-талламан институтан филиал схьайоьллар ю. «Курчатовийн институт» схьа йаьллан там бу соьлжа гІалахь. Нохчийн пачхьалкан университетан и курчатовский институтан юккхьехь Іилман некъахь вовшийн гІон-накъосталийн бартан куг таІдийнера цул хьалгІа. ГІо-накъосталла дешархошна лекциш, семенараш, мастер-классаш ялан, цхьаьана Іилман талламаш бан, гранташ эцарна а йаларна а.

Нохчийчоьх кечйина керла спортан объекташ

Миниральные воды гІалахь нисйина йолу кавказ регионан инвистици гайтамехь гайтан нохчийчур 1000 кв.М. Кхоьлан йолу футболан манеж а латар спортан республикан центр. Латар центраьхь 79 белхало лоцар ву. Кхи йолчарех къилбаседан кавказехь доьхьара йолу олимпи дзюдон спортан центр, фехтовани косплекса а.

«Соболь» заводан машенаш йийра ю Нохчийчохь

Нохчийчохь сацам бина Горьковски автомобильни заводан «Соболь», газель Nexst’ машенаш, автобусаш йийра ю, аьлла кхейкхира кавказан инвестици 2023 шаран гайтамехь нохчийчур промышленностин и энергетикан министро. Цу белхан буха ооо «чеченавто» хир ю элира.

Дешархошна нохчий маттахь гайтаме материал кечдина

Нохчийчуран хора школан шишша «Іаламан совгІаташ» цІе йолу нохчий маттахь дидакти-гайтаме гІо-комплект дІасйелла дешарийн министерство. Цу комплекти чохь І4 суьртан брошураш ю. Брашураш тІехь зезагийн, цІазамийн, кенан ораматийн, лаьтта тІера дийнаташийн, хІордан дийнаташийн, олхазаршийн, сагалматшийн кхи йолчу хІуман а цІерш йолуш гайтарш ду.

Нохчий цІе йолу туьканаш алсам йойла

«Нохчий меттан шо» кхейкхамца Нохчийчуран цхьацца махлелор гІуллакх деш болу бахархой шей туькни цІерш нохчий матте яха бакъхьа хеттарца вывескаш, баннераш кечйина. Масала, Зезагийн и дала совгІатийн туькна «Барт чІагІбаран туька», аьлла цІе йелла Иман Хусиевс.
Деши духкуш йолу туькан да волу Мансур Талгаев ше белхан партнерца, доттІагІца Дени Сангариевца нохчий цІе тилла сацам бина шейн туькан «Майралла» тиллин.

 

Спортан керла хаамаш

Ереванехь Европан юниор хьалхараллах нохчий спортхоша дика результаташ гайтна. деши Билал Дакаевса а дети Ахмед Расуевса а даькхна. Цу къийсамашкахь 30 пачхьалкеран 300 герга спортхойша дакъа лаьцнера.

Владикавказехь 16г1а «Динамо» цхьацца-командаца хьалхаралла нисйинера божарийн а зударийн и юккъашкахь. Турнирехь Нохчийчура, Дагестанера, Кабардино-Балкарера, Калмыкера, Ингушетера, Ставрополера а 330 герга спортхоша дакъа лаьцнера. Нохчий спортхоша призовой меттигаш яхнера цигахь.

Беларусехь Могилев г1алахь Беларусин йез атлетикан федерацино нисбина хьуьнарийн къийссамаш. Шина пачхьалкан (Росси, Беларуси) 180 спортхой гулийнера цара цигахь.Нохчий спортан говзанча Рамзан Джанхотов толам баькхна цу къийсамашкахь.

Нохчий спортхоша шиъ дашо мидал и цхьаъ дети мидал и якхна тхэквандо къийсамашкахь. Росси пачхьалкан Самара г1алахь нисйина йолу тэквандон Росси Кубок и «Юность России» Кубок чаькхйаьлла. Цигахь 57 регионер 1730 спортхоша дакъа лаьцнера.

Деши даькна Лечиев Абдурахман, Тепсуркаев Сейд-Эмин, Орзаев Умар.

Росси пачхьалкан регионашийн юккъехь А.Нагин ц1арха доьзна долу латар къийссамаш хоттина хилла д1адахначу деношкахь.

Росси пачхьалкан Волгоград г1алахь латар къийссамаш д1абаьхна нохчий спортхоша.

Волгоградеран, Ростов, Астрахань областера, Калмыки республикар, Нохчийчур 200стага дакъа лоцаш вара цигахь. Нохчий спортхоша ялх стага ялх мидал схьайаькхна. Хьалхаран меттиг: Анзор Устарханов (77 кг), Асхаб Хадисов (70 кг), Хабиб Дакаев (66 кг), Магомед Магомадов (66 кг), Абдул-Керим Арсаев (63 кг). Шолг1а – Адам Эскирханов (63 кг).

Хаам бо Нохчийчур Спортан Министерство

(Chechnyatoday.com)

Хаамаш кеч йинарг: Милана Айдамирова

Yazarın Diğer Yazıları

Birlikte reddetmeye çağrı

Bir grup Çerkes kadını tarafından oluşturulan ve her kesimden katılımcı tarafından imzalanan aşağıdaki metin, Ötüken Yayın Yönetmeninin yaklaşımının yalnızca Çerkes kadınlarına yönelik değil, kadınları...

Şahdağ halklarının anadilinde eğitim hakkı

Şahdağ halklarının Türk kökenli olduklarına dair çeşitli geç dönem versiyonların bilimsel bir değeri yoktur Lezgi dili, Güney Dağıstan ve Kuzey Azerbaycan’ı birleştiren benzersiz bir kültürel...

Yeni çıkan kitaplar

Etnografik makaleler Fransız asıllı etnograf ve dilbilimci Leonti Yakovleviç Lyulye’nin yazdığı “Çerkesya, Tarihi-Etnografik Makaleler (1857-1862-1866)”, Murat Topçu’nun çevirisi ve Koyusiyah Yayıncılık etiketiyle raflarda... 19. yüzyılın ortasında...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img