ЦIера дохадаран (депортацин) анатоми

Нажи баттан 9гIа дийнах 1957 шарахь СССРн Верховни Советан Президиумо омра арадаьккхира Нохчий-ГIалгIайн Автономни республика меттахIотта йан. Амма нахан а гойтуш, цхьан баьхка боккхуш, дов схьадиллан суд ца йинера. ХIунда аьлча, ком. партин белхан, цуьнан методашин, бухаш галбаха цалаьар цхьаннина.

ГIалгIайшна цх ьацца латтанаш схьа цаделара, нохчашна а Дагестанна дIаделла латтанаш йухьа цаделара. Вай лаьмнашкахь Iийна нах, Теркан йистехь, лахахь дIасатарбира.

Кехаташ тIехь долу хаамашка хьаьжна, нохчий 1944 шарахь чиллан баттахь цIера бохуш Нохчийчура арайалла 180-а цIерпоштан эшелонаш, 65 вагон, 493269 стаг. Цхьан эшалонца 2740 стаг дIавигна. Некъан йохалла юккъерачу барамехь 16 де (9-23де) лоцура. ДIакхаьчна -491768 стаг йазвина ву. Новкъахь дуьненчу даьлла 56 бера, 1272 -велла, цомгуш -285 стаг йазвина. ТIедийн цамгар (тиф) кхетта, цомгуш хилла 70 вагончура 2896 стаг. И билгалонаш йаздинарг эскар инарла, НКВД СССРн конвойн эскарийн куьйгалхо В.Бочковса, Л. Бериянна йаздина кехат тIехь.1

Д. Аркадьевса (20.03.1944) цIера баьхна 491571стаг ву, аьлла йаздина. Берияс (01.03.1944) Сталиниг 478479 нохчий, 91250 гIалгIай цIерабаьхна, 2016 стаг набахте хьажийна, аьлла рапорт яздина.

В. Шиянса (НКВД секретариатан куьйгалхочун меттаниг) 16.04.1949 шарахь Сталиниг рапорт йаздина: (1948-1949 шарашкахь) 1949 шаран тушоли беттан хьалхара де кхаччалц цхьанни лерича 1307410 стаг (вохийнарг, спец схьабалийнарш) бу учётехь. ЦIера бохийна схьабалийначарехь: нохчий, гIалгIай -365173 стаг, аьлла. Йухьа багарбина (1948-1949 шарашкахь) 450034 дIайазвина стаг ву. 1948 шаран товбецан баттан хьалхара де кхаччалц 144704 стаг велла дIаваьлла-йазвина.

Хемшилаш, туркой, курдой-цхьанни -81026 стаг, кхарачой -57491, балкхарой -31873 цIера баьхна язбина. Спец. схьабалийнарш украинийн националисташийн доьзалхой 96191 стаг, литвахойн националисташийн доьзалхой -46940 стаг. Дукха кхин долу къаьмнаш а.. Берриг цхьанни -608749 стаг ву, аьлла язбина бара.

1950 шарашкахь архив кехаташ тIехь В. Шиянса отчет луш берриге цIера баьхна -613412 стаг вара, аьлла яздина. Нохчий -142267, гIалгIай -44600 стаг Казахстане кхачабина, аьлла йазвина.2

Иштта эзаршкахь башхо йолуш билгалонаш йу кехаташ тIехь. Бакъонца маьлла стаг вара, маьлла велла, висна билгалла хууш дац. Шей зуламаш къайлаха дахар-хьам хаамаш тейп-тейпана йаздина хилла а там бу.

Гуча муха дехара и зуламаш, бохамаш, муха доладелира и дов- дуьйцура вай жим-жимма.

Дов кеч дина суьде делларг Муса Хадисовса (Орга гIалийн прокурор, 3гIа класс юстицин хьехамча) дуьйцу:

«Нохчий цIера бохуш хенахь зуламаш Iэдало дуккха динера. Нахан зулам дина цаIаш, Iалам хIаллакбеш, даьхний дойуш, даарчу дIовш кхуссуш, шайн хирг дина цара. Мартан тIехь, больницехь дIацабиглуш, цомгуш нах байана охьакхиссана, дакъошна тIе тулгаш тисна битан– дукхаха болчарна хезна дара. Гихчура оьрсийн меттан хьехархо Гаев Саламат вара и хилларш дуьйцуш, айош даимна. ХIунда аьлча, цуьнан ше цIийнахь нах байана, багийна хилла цигахь. 1990 шарахь Хьайбахахь хилларш чуннахь лаьцна статьяш арайаьлча, Мартан тIера прокуратурас дов схьадиллара цу фактица. Оцу хенахь хIинца а ком.парти яра. Цо контроль латтош йара.

Гаевса дехарш дина со волче веанера Тушаев Мохдан (Гихчура вара иза а). Цо реза воцуш сунна, элира: «Ас хIума дуьйцур дац хьуна, Саламатас вита ца витан веана со кхуза. Сан пешхой тайпо Совет Iэдална вон хIума дина дацар!»

Иза аьлла, ара ваьлла дIавахара, жимма хан йаьлча неI схьайиллина соьга элира цо: «Иштта, хьо санна, галстук оьллан, коьртан кхо чо дIа хьаккхначар тIехула дехара тхо цIера!».

Амма тIаьххьара, барт хиллара тхой шинни, Мохданса дийцара даьгна долу дакъош ша муха лаьтта дIадаьрзира, ша набахьте муха кхечира, цигахь цуьнан ла дан дезаш хилла хIуманаш а, набахтехь болушшехь чура бовша болу нохчий а, кхин дIа ..»3

14 марта 1992 шарахь «Известия» газетачохь арайолу йоккха, йеха статья «Преступления войск НКВД при изгнании чеченцев и ингушей зимой 1944 года. Новые документы из архива ЦК КПСС.»4 (1944 шарахь, Iай, нохчий, гIалгIай цIера бохуш НКВДно дина зиен-зуламаш. ЦК КПССн жаргаташкар керла документаш.»). Цу статьячохь далийна ду билгалонаш, кехаташ, факташ дукх-дуккха шарашкахь ган, дийца йиш йоцуш дерш, «цIие террорса» адамалла йоцуш лелийна хIуманаш. Цу статьячохь, архивчура, кехаташшехь цхьацца дериг, зорбе даьккхана ду.

Масала: КПСС секретарь Н. Хрущевиг Мальсагов Дзияудис (КПСС декъашхо) йаздина кехат ду: «Чиллан беттан 20 дийнахь 1944 шарахь юстицин НАРКОМан гIонча волуш хенахь со Берияс Слепцовскехь лаьтташ йолу ше вагончу (къаилахьа цIерпоштан вагон) кхейкхан вара. Цигара тхо ГалайчIоже дахийтира. Цигахь суна гира нахан тIехь лелийна зуламаш. Со тIехIотта волавелча, элира соьга -«Иза Берия, Круглов и, Серов и омраца деш ду», аьлла. И фамилиш йара нах цIера бохуш операцин коьрта куьйгалхой. Со а Казахстане дIавигча, цигара (1945 шарахь) ас Сталин цIарахь кехат йаздинера цуьнах лаьцна, амма цхьа хIума цадира цхаьннина. Со а Талды-Курганера (Казахстан) облсудер (кIоьштан бармехь суд) балхара дIаваьккхара. Текели дIавахийтара со, сан Алма-атахь долу цIа а дохуш. Берия дIалаьцначу хенахь ас тоьшалла динера СССРн Ген. прокуратурехь. Амма талламхочо сан тоьшалла Серов и Круглов хIокъехь дериг цайазош адIIийра. Спец. поселенера (билгалла Iан йиш йолу меттиг) со паргIат витанчул тIехь а шозза (1954, 1955 шарашкахь) хьо волче ван гIиртара со, амма цуьнахь кхин гIуллакх цахилара. Кхечага дийца иза- со ца ваьхара…»5

Бериян дуьххьал дов лелош, шейна оьшуш дериг схьаоьцуш, цаоьшуш дериг адIIа дуьтуш Iийна Iэдал. Мальсаговс йаздина хилла долу заявленица талламаш бина шаьш, кхин хIара ду, аьлла дина зуламаш цакардина тхуна, аьлла кехаташ а ду цигахь. Золотухинса Хрущевиг йаздо 1956 шарахь « Мальсаговс а, кхин нохчий, гIалгIайша а дийцан долу нах байар, нах багабан ГалайчIожехь дина зуламашан, йаьхна йолу фамилиш тIехь лардтIехь талламаш бина бац. Цундела, Казахстанера и заявленеш чохь бийцан болу цу зуламашийн тешалхойшца вовшахкхетта цага ландухан, цхьа жоьпаллийн белхало вахийтар нийса хета тхуна.»

Хрущев реза хилла, Москвара ЦК декъашхой бахийтан Казахстане, нохчашца вовшахкхета.

ТIаьххьара, В.Тикуновса, Г.Дорофеевса, В.Золотухинса йаздина кехатан ЦК КПСС секретарь Хрущев реза хилла сацам бира:

  1. СССР-ан Прокуратурана, КПКна тIедилла- Нохчийчура арабохуш нохчий-гIалгIайшна зулам дина, йа зулам дайтан болу Iэдалан белхалой жоьпе оза бан.
  2. Нах цIера бохуш НКВД белхалойшна йелла йолу Iэдал цIарахь мидалш, совгIаташ, эскарийн Суворов, Кутузов цIарца йелла йолу орденш, дIайахар.6

Нажи баттахь 1957 шарахь СССРи Верховни Советан президиумо указ (омра) арадоккха ЧИАССР йухьа меттахIоттайан. Иза а Нохчий-гIалгIай къомана хаза кхаа хилара. Амма зуламхойшна цхьаммо таIзар цадира, хIунда аьлча, Нюрнбергехь хилла долу довна йукъехь гуч даьлла хIуманаш, Ком. партис динаг а дуккха тера дохар. Иза билгалдаккха луур дацара Iэдална.

Дуккха тешхой бу цу зуламашийн. ТIаьхьайогIучу публикацишкахь дийца хьожур ду тхо шуна уьш. Чакхе хира йу.

 

1.3 https://docs.historyrussia.org/

  1. 5. 6. С. Гаев, М. Хадисов, Т. Чагаева. Хайбах: следствие продолжается. «Книга», Грозный, 1994; ООО «Тетрограф». Нальчик. 2020.
  2. Инга Преловская. «Преступления войск НКВД при изгнании чеченцев и ингушей зимой 1944 года. Новые документы из архива ЦК КПСС. «Известия» 14.03.1992.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz