Нохчийн халкъан йаздархо: Бексолти Эльмурзин Муса – 2.гь дакъа

Нохчийн йаздархо, прозаик, Нохчийчоьнан а, Российн а Йаздархойн Союзашан декъашхо, Ленини комсомолан совгIатан лауреат, «Литература» номинацехь «Дашо бухIа» совгIатан лауреат, Нохчийн Халкъан йаздархо Бексолти Эльмурзин Мусаца йина йолу,

«Жинепс» газетан йаздархо Айдмар Миланас кечйина, репортажан шоллагь дакъа.


Таханлерачу дийнахь Нохчийн литературан халде муха хета хьуна?

-Суна вай республикехь нохчийн литература чIогIа гIийла хета, бакъ дериг хьуна дезахь, проза а йу ледар. Нохчийн прозан со реза воцун дера волавеллера со проза йазйан. Амма и бохург дац, «со чIогIа ву». Со – со маварра ву!

 

-Нохчийн меттан хьал, муха ду вай тахан. Цу хIокъехь хIун эра дара ахь?

-Дерриге къам, дуьне а рицкъан тIаьхьа даьлла ду-кх тахан, дуй?! Вовшен хьагIе боьвла, девне боьвла. Иштта, царна мотт ца оьшу! Мотт ханна оьшу? Ше Iадатца, ше культурехь, ше къоман амалехь вехаш волчунна оьшу мотт. Цо бен и мотт алаша цабо. Совдегарн а, холден а, дуьне дицца дина, ведда-хьаьдда лелаш волучунна, вай ненамотт, нохчийн мотт- цаоьшу. Тахан вай мотт азбелла чIогIа, мотт къиэбелла. ХIунда, аьлча -вай вейшн культур тIера тахан дIа доьвла. Стаг ше Iадат тIера дIаволи, хийцалой -таккха цуьнан мотт а бацло, къиэлло.

Массо берашкахь карахь телефонаш йу. Школашкахь, берийн бошмашкахь – цхьанне меттахь нохчийн мотт Iамош бац. Ас цу хьокхехь дуккха дийцана ду, хьаьхна ду. Iэдалан мукъ вай карахь бац, цундела вайга ла цадуха, тергал цадо. Цхьан хенахь тхо (цхьа шиъ-кхоъ саг) чIогIа гIиртира дуьхьара йиъ класс нохчийн маттахь йаккхийтхьара, аьлла. Цуьнах кхин гIуллакх цахилара. Министерство образованехь нохчийн мотт хьоьхаш берша дуьххьал баьхнера тхун, «Тхан бераш овдал даха гIерта шу, тхан берашна болх карор бац», бохуш. Цхьацца зударий бара «оха митинг йира йу, шаьш цIе тосур йу цу классашка», бохуш. Уьшша оха тиллича- суьлай хиллера.

-Хокху тIаьххьара 30 шо нохчийн къам цхьа карчам йуккъехь бу.

Тахан лерачу дийнахь хIун хийцамаш го хьуна? Нохчийн къоман тIаьххье муха хира йу? Цуьнах лаьцна хьайна хетарг дийцахьа.

 

-Вай цIахь ледар хьал ду. Хьуна хьайна а гина хира ма дуй иза. Вай цIахь чIогIа харцо йу лаьтташ. Iаламат чIогIа! Вай къоман дан хIума доцуш. Москвар дуьйна тIечIагIдина долуш, хуу дича мага-могийташ, харцо лаьтташ йу. Ахь кхузахь цхьа бутт баккхахь хьуна а гура ду иза.

 

-Нохчи дуьне мадду дIа схьа баьржан бу, цуьнан бахьан хIун ду, аьлла хета хьуна?  Дозанал арахьа Iаш болчу нохчашка хIун эра дара ахь?

-Дозанал арахьара болу нах, арабоьвла нах- цхьан дийнахь цIа боьрзара бу. Амма бераш ткъа шо кхаччалц  хьалакхиъдой дозанал арахьа- царехь нохчий хира бац!  ХIунда аьлча, менталитет кхин хира йу цера. Жима волуш дуьйна дас-нанас, лулахойш, юкъараллоно, урамо чу диллинарг хира ду церан. Гондахь берш нохчий бац. Цундела, уьш нохчий хира бац. Нохчий цIерш хира йу церан, нохчийн мотта а буьйцур бу цара, иза а Iама бах, амма- Iамалш нохчий хира йац, яьхь нохчийн хира йац, доьналла нохчийн хира дац церан. Цундела школера мукъа болуш хенахь ка тоьхна цIа балон беза уьш. Бакхий хилла университет чекх йакхийча а цIа балон беза уьш. Кху цIахь-Нохчийнчохь цакхианиг – нохчий хира вац. Сан сай ши кIант ву дозанал арахьа Iаш, цу шиннан доьзал а бу. Цу шиннехь цхьаннин бераш цIа дахкийтина ас, цхьаъ бутт баккхийтара цаьрга ас кхузахь. Мабарра нохчий хира бац царехь, Нохчийчохь Iаш ца хилча, хан йаьккха бохуш цахилча. Хила йиш а йац! Ша хьалакхиана юкъараллона хьажна кхуьу стаг-кхин хила йиш йац!

Арахь Iаш болу нохчашна хIун эра дара ас, аьлча.. ТIамехь бойда, халонашехь бойда дIабахан бу уьш. Тахан а Европе дIаоьхуш бу. Дан хIума ца хилла, шаьш хьаллакх цадайтан дIаоьху нах. Давахан стаг цхьан рицкъанахь кхетта, болх-некъ карийна дIаволавелча -стаг вов, стаг вуьсу цигахь. И нах а иштта бисийна бу.

ТIом болуш, вай доьзал Адыгеяхь бара. Адыгейин куьйгалхочо йаккхий гIишлош йина, шей нах (адыгаш) Турцера цIа бахкийра. И нах шарахь Iан цаIаш -дIабахара. ХIунда аьлча, церан Iамалш бухахь болчеран Iамалшца цхьан йохуш йацара. Мотт, гIиллакхаш цхьан цадохара. Иштта, вайчеран а таьххье иштта арахь йуьсар йу-кх. Схьабаьхкан нах уьйра цахуьла, бухахь болу нохчашца. Кхети хьо ас бохчунах?! Царехь кхин къам хилла, вайх кхин къам хилла. Йа церан, йа вайн бехка бац.  Замано дина хIума ду иза. Суна иштта хета-кх.

Сан ши том  «Йа хьан тухур буьйсана хьан-неI»(2004 шо) и,  «Дахаран хин генара бердаш» (2009 шо) и, хIоран 720 агIо йолуш арайаьлла. Таханлерачу дийнахь со жайнаш йаздар бен кхин хIума деш вац. КхоалгIа том йу ас кеч йеш.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz