Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж:
«Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со…»
Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу дахарехь лаьцна хIун дагадоха хьуна?
Дуьнен чу валар генарчу Кахахстанан Кзыл-Ордински областана Чилин кIоштан Первомайски йуьртахь хилла сан. 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь Сталинанс вайн халкъ махках даьккхина зама йу иза. Со школе вахале вай нахана цIаберза маршо йелира. Шен доьзал балош, дай баьхначу лаьтта 1958-чу шарахь цIадирзира тхо. Тхан доьзалехь бархI бер дара. Пхи кIант, кхо йоI. Бакъду, ши йоI Казахстанехь дIакхелхина тхан. Нохчийнчу дас – нанас цIадалийнарг йалх бер ду, пхи кIант, цхьа йоI. Царна дешарна бегIийлаш лоьхуш, дай баьхначу йуьртара Зандакъара охьавеана, Iер-вахар Шелахь дIатардира тхан дас Гиланис.
-Хьан нана, да муха хилла? Ахь хаьржан некъан реза бари уьш?
-Сан да Гилани, нана Заза йара. Церан белхаш а исбаьхьалийн бара ала мегар ду: сан да дечиг пхьера, сан нана тегархо йара. Тхан цхьаъ бен йоцу йиша – Нураъ школехь дика доьшуш йара. Кхиамца йуккъера школа чекхйаьккхина йаьлча Шелан кIоштан газетан редакцехь а, тIаьхьо Нохч-ГIалгIайн Республикин Телерадиокомитетехь а болх бира цо. Вайн махкахь дика вевзаш ву тхан воккхах волу ваша Дадан а, Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархо а, РФ-н хьакъволу суртдиллархо а ву иза. Тахан тхоьх шиъ бен висна вац: со и Дадан и. Сан ненайиша Асет Росси пачхьалкхан сийлахь артист йара.
Иштта, кхоллараллех ойланаш хьерчачу адамашна йукъахь хьалакхиъна со.
Бакъду, тхан да реза вацара сан хелхаршна, сеттаршна. Со жима волуш мелла а самукъадолуш хиллехь, воккхалле лестича Гиланина товш ца хетара йо забарш а, до хелхарш а. Ден лаам кхочушбеш, Шеларчу культурин цIийнехь спортсекце дIайазвелира со. Амма цигахь а хелхар тобан йуькъе кхитийра со. Рицкъахь вала йиш йац. Тхан дас-нанас оха хоржуш болу некъан хIума цаолура. Царна тхоьх нахана, махкана пайдехь нах хиларн- дара коьртехь.
-Хьай белхаца доьзна долу массо кепар дешар схьаэцна ахь, массо хIума Iамийна ахь хьайна. Iилманца, техникаца вуьзна профессионал вара хьо. Вай дукха бацахь а говза хелхархой бу, феномен хилла чул тIаьхьа хIунда Махмуд санна гIара цаволу цхьа а?
-Са хенахь лаахь-цалаахь йуькъе ваьлла йокха похIма йолуш волу хелхархан корматалла Махмудца йустар. Берриге тидам цхьан тIехь хилча, гондахь болу, кхин говзанчаш цаго нахана. Со цулла шозза жима вара, сан хелхаран кеп а кхин йара, амма такха а тхойшиннехь мила тоьлла ву къасто хIуттара нах. Цул тIаьххьа йолу замнахь тIемш бара.
ИДРИСОВ ГИЛАНИН КIАНТ СУЛУМБЕК
ЦIера Зандакъара, тейпан –зандхо. Вина 1951 шеран 27 августехь, Казахстан ССР Кзыл-Ордан областан Чимлин кIоштан Первомай эвлахь.
Хелхарча, хореограф, балетмейстер, суртдиллархо.
№ 1 йолчу Шалин юккъерчу школехь 8 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1967 шарахь деша воьду. Нохчийчоьнан автоном Советан Социалист Республикан культур-дешаран училищен хореографин отделени чекхъяьккхира 1970 шарахь. Колледж чекхъяьккхинчул тIаьхьа коьрта балетмейстеран Элембаев Топан куьйгаллица «Вайнах» олучу пачхьалкхан хелхаран ансамблехь болха бина.
1970-1972 шерашкахь Советан эскаре вахна. «ЦIе байракхан» флотилин хIордан эскаран иллин а, хелхаран а ансамблехь хелхархо хилла. Балетан тобанехь солист вара.
1972-1976 шарашкахь Москвахь, пачхьалкхан культуран институтехь балетан режиссеран, балетмейстер-хьехархо кечвеш йолу отделенехь дешна.
1976-1980 шерашкахь «Вайнах» пачхьалкхан хелхаран ансамблехь 2-гIа балетмейстер, балетан солист болх бина.
1980-чу шарахь СССР-н халкъан артист М. Эсамбаев куьйгалла дечу хелхаран театран балетехь солист хилла.
1980-1990 шерашкахь – балетан солист «Дуьненан къаьмнийн хелхарш» цIе йолчу соло-программица сцене тIевола (Московски пачхьалкхан филармонехь болха бо).
1985-86 шерашкахь роль ловзу киноматографийн фильмашкахь : «Дельфинан мохьа», «Безамийн седарчий» цIе йолу.
1990-1991 шерашкахь, Австралехь Брисбенехь цо кхоьллина оьрсийн хелхаран школа.
1991-1995 шерашкахь – Пачхьалкхан Польшин Йоккхачу театран Варшава, Лодзь, Лозиани гIалан балетан солист хуьлу. Цо хелхар дина балеташкахь коьрта ролаш ловзаш:«Зорба грек», «Бразилхо Парижехь» — коьрта роль — «Бачиди» Дон Кихот — тореадор, ГIургIезан Iам — Ротбарт (Зуламе гений).
1995-1996 шерашкахь, Канадехь цо кхоьллина оьрсийн хелхаран школа.
1996 шарахь — Нохчийн Республикан культуран министран заместитель ву.
1996-1997 шерашкахь – хореограф ву, Россин пачхьалкхан «Гжель» хелхаран ансамблан хьехархо.
1997-2000 шерашкахь – «Дуьненан къаьмнийн хелхарш» Москварчу пачхьалкхан филармонин балетан солист ву (соло-программца).
2001-2004 шерашкахь – Исбаьхьаллин колледжехь, Данин пачхьалкхехь йолчу Паччахьан операн а, балетан а театрехь классик а, халкъан а сценин хелхаран хьехархо.
Сийлахь цIерш, совгIаташ: Нохчийн-ГIалгIайн автономин Советан Социалистийн Республикан Хьакъволу артист (1990 шо). Россин Федерацин Хьакъволу артист (1992). «Къинхьегаман ветеран» совгIат, «Москва йина 800 шо кхачар» орден, иштта кхин шортта а… Культуран министерствон а, Союзера республикан а, Россин Федерацин республикан а Правительствон дуккха сертификаташ.
-Хьо даимна мехкан дозанал арахьа хилла. Мос.гос.филармони, Москонцерт кхин метиггашкахь а доьшуш, болха беш, дакъа оьцуш хилла. Хьо нохчи къоман кIанта хилар дешарца, балхах а цхьан агIор халонаш, новкъарлонаш хилли хьуна?
-Сан зама Советан хан яра, цундела «къоман гIуллакх» культурехь къаьсттина хаалуш дацара. Вуьшта хилча, хелхаран труппаца дозанал арахьа лела бакъо лур яцара суна. Со волчохь, сай масалца сайн халкъан юьхь ларъяш лелла, соьга хьажна сан къомана маххадор буй хууш.
-Училище чекхйаккхан чул тIаьхьа Нохчийчохь болха бина ахь. Москвахь дешна ваьлла чул тIаьхьа Москонцерте Iэдало балха хIоттаво хьо. Болха болушшехь Нохчийчоь воха хьо болха бан. Амма дIавоьда цIера. Вай цIахь болчара хьо санна волу корматалла йолуш, вай республикан пайда хира болуш нахехь меттиг а болха хIунда цанисбо? Хьуна хIун хета цунахь лаьцна?
-Со 12 шо хьалха Нохчийчоь веара. Эсамбаев Махмуд цIарца Хелхаран Театр схьайаьлла лууш вара со, хелхаран студи-ишкол а. Амма йа студи, йа театр а ца йиллийра. Махмудна 100 шо кхочуш кечам беш ду шаш бохуш, соьгара цхьа хаттарш долш телефон йиттара соьга цIера, амма соьга вола бохуш цхьа вацара. Дерриге-белхан меттигашках шаьшш беш болу белхахь кхеташ, ша дан дезарг хууш нах цахилар ду.
Вайн хелхаран тобанашна 6 хореографин программа кхоьллина ас, къоман тематикехь цхьана актах, шина актах йолу балетан спектаклаш, амма уьш тIецалоцуш йисира. ХIинца цIахь йолу хелхаран къовсаммашкахь жюри йукъехь Iаш берш дукха хьолехь профессионалаш цахуьлу. Махмудан йоI Стелла кхейкхина цуьнах а пайда эца мегар дара, масала. Болх хууш волчунга байта безар-кх!
Иштта, Соьлж-ГIалахь «Дуьненан къаьмнийн хелхарш» театр схьаелла ойла а яра сан. ХIетте а, даимна, сайна мел хууш дерг, дIаковдан кийча вара со. Къоман кханенна сагатдеш, ас кхайкхам бо кегийрхошка: «Деша!»
Дика дешар ца хилча кхиар ца хуьлу – йа стеган а, йа юкъараллин а, йа къоман а.
Чакхе хира йу….