Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн Астрономи

Ширачу заманахь дуьйна адамашша тидаме лаьцна хилла малха, седарчий, бутт, ерриге стигал а. Цара шайн ойланаш а, гIенаш а, ур-атталла тешарш, тешамаш а цуьнца дузуш хилла. Космосца доьзна шайн тидамаш а, жамIаш а гулдеш а, уьш тIаьхьене дIакхачадеш хилла вай дейш. Систематизаци йина цу хаамашна, гуш йолчу космосан хIуманашна цIе тохкуш хилла. ЦIераш ларамаза хаьржина яцара. Дукха хьолахь оцу цIерашца йоьзна хилла вай къоман дуккха а легендаш а, туьйранаш а. Тхуна хьашт хитира и тилла. Амагова Доккас язйинчу Iаламат дика материална тIе а кхечна иза шуна довзийта сацам бира оха. Тхан ешархой реза хира бу, аьлла хета тхуна.

«Дошам-тидар». Докка Амагов.

Цхьайолу нохчийн топонимаш седарчийн кочаршца йоьзна хета (кхин дIа, «созвездия» -»седгар» санна деша)

Масала, цараха лору вай Тоурато; – «…сотворил Ас, Кесиль, Хима и тайники юга»(Иов. 9: 9 ….), бохуш йуьйцу кхоъ седгар.

Туьдур вай уьш:

1) »Ас». Тоуратан – «Большая и малая Медведица». Ширачу арамейн маттара и «Ас» тайп-тайпана дуьйцу.

Цхьанхьа цуьнан маьIна -»етт» бохург санна а далина ду.

Амма дуккхачу комментаторша -»Самка животного сопровождаемая детьми»/ «Ас и ее детьми» кхетамехь ду боху иза.

Нохчийн маттахь гочдича -»Шен бераш тIаьхьа долу хьайба»/»Ас а цуьнан эсий» санна.

Ткъа хIинца цуьнан маьIна вай дийр ду ширачу нохчийн маттахь.

Вуьшта аьлча, Орцал лакхерачу нохчийн меттан диалекташца.

Масала, Шаройн-Органан лакхенца бехачу бахархоша литературни -»эса/эсий» – «Iа́сий» санна олу. Шен дуккхаллехь а, цхьалхаллехь а.

Ткъа ЧIантийн-Органан лакхенийн бахархоша и «эса/эсий» – «Iэ́са»/»Iайсий» санна олу.

Цу дашах вай дуккха а дийцина вайн кхечу белхашкахь а. «Iэса саг», «Iаса», «Iасу»…. дешнашца иза цхьана а далош.

Кхузахь вай юха а билгаладоккху, цигахь дийцина -»Iа-су» -»священный бык»; «Iа се» – «священная самка(корова); «Iа+си/са» – «священный свет/душа(теленок/телец)» хилар.

Нохчийн маттахь массийта кхетам болу -»Iа», гIазкхийн маттара -»Дух» а, «святость» а кхетам луш хилар а дуьйцуш.

Цу тайпа, Тоуратан транскрипцехь ширачу арамейн маттара -»Ас»(Большая и малая Медведица»), Орцал лакхенцара диалекташкара -»Iа+су»; «Iа+се»; «Iа+си» лору вай.

Цу диалекташкара и кхо кхетам шена чу богIуш а болуш.

Кхузара: а)’’Большая Медведица» вай лору -»Боккха Iаси/Iэса» санна.

б)»Малая Медведица» – «Жима Iаси/Iэса».

Кхин варианташ ю цигахь.

Масала, Тоуратан комментатороша дечу тидаршца и дийцича иза хуьлу – «Iа се Iайси» («Тельцы священной коровы’…) санна.

Кхузахь вайн иштта тидам, вайн махкахь -»Iасйист»; «Ассиновка» боху топонимаш а, «Iасса» гидроним а хилар. Оцу седгарийн цIерашца йогIуш шайн цIераш а йолуш…. Вай тохара кхечанхьа а хьехийра уьш

2) Тоуратан -»Кесиль»(созвездия -»Орион») вай йусту нохчийн – «КIесал», бацойн – «КIесало» топонимашца.

Нагахь нохчийн маттара гIазкхийн маттахь аьлча -»затылок»/»тыльная сторона» ду и дош. Масала, вай олу – «кIесал кIаг».

3) Тоуратан -»Хима»(«Плеяды») вай йусту нохчийн -»ХIим/а» топонимаца.

Цуьнца иштта йоьзна нохчийн – «ХIуланда»; «ХIинда»; «ХIийла»… топонимаш а лоруш

Хетарехь цу дешан таллам бан беза -»хIу»; «хIусам» дешнашца цхьана.

Кхузахь гайтаме ду, ша -»Плеяды» дош а: «цхьа хIу» ; «цхьа доьзал»…. бохучу кхетамехь хилар а.

ЖамIа:

а) созвездия «Большая Медведица» – седгар « «Боккха Iас/е».

б) созвездия «Малая Медведица» – «Жима Iас/е».

Церан уьзза варианташ: а) созвездия «Большая Медведица» – «Боккха Iа+се Iайсий».

а) созвездия « Малая Медведица» – «Жима Iа се Iайсий».

в) Тоуратан -»Кесиль»(«Орион») – седгар «КIесал».

г)Тоуратан- «Хима»(«Плеяды») – седгар «ХIима»

Терго хуьлуш ду, вай юьйцу цхьайолу топонимаш Шаройн районехь ул-уллохь хилар а.

Автор Докка Амагов. О8. 02. 2022 ш. Турция. Ссылка обязательна.

«Созвездия Овен» -»Седгар Э́рто́/Ариэто́/Iовлур».

Муха? Иштта….

Вай кхечу белхашкахь а дийцира джахIаллехь наха дахнийн васташца тотемаш муха лоцуш хилла.

Иштта царна уьш малхаца, баттаца, кхечу планеташца, седарчийн хьаркашца муха гущ хилла а.

Цараха цхьаъ хилла «Созвездия Овен» а.

Кхузахь вайн билгалдаккха дезар ду: а)Дуьненан дуккхачу меттигашкахь – Азехь, Африкехь, Авропехь дехачу къаьмнаша и цIе -»Ариес» санна йоккхуш хилар.

б) туркоша и дош -»Коч» санна алар.

в) латини маттахь и – «Ариетем» хилар.

г) ширачу арамейн маттахь и -»тале» хилла хилар.

д) славянин меттинашкахь вай ма бохху -»Овен».

Вайн Iалашо, цу хIора а меттанашкара и дош нохчийн меттан орамашца дуйла гайта а, цу седгаран цIе нохчийн маттахь шайтан а ю.

Цу талламна вай яхкайо нохчийн маттара дахнийн цIераш.

ХIорш: а) «сту»;»су»;» «ту»; «уст».

б)»ка»; «то́»;»Iовлур»;»Iахар»; «устагI»; «жи»; «цIинто»….

Кхузахь вай тидам бо: а) «уст» – «устагI» даше керчаш хиларна. Ша -»уста+гIа» кепехь дешча – «жима уст» санна а нислуш. Цу масалца лара догIу, нохчийн – «аре+су» кхечу меттанашкахь «овна» санна нислуш хилар а.

б) »Iовлур» – шаре боьду Iахар хилар. Цул тIаьхьа, шарна тIера кхаа шаре и боьдуш, цунаха -»то́» хуьлуш хиларна. Нагахь и боьрша белахь, ткъа сте белахь – цIинто а.

Цу тайпа, то́, цIинто – уьстагIашна юкъера «кьинош» доцу «кегийрхой» санна хуьлуш ду.

Эццахь ариэ/аре дахначу тонах эра ка а, ариэ лаьцначу цIинтоха цIина жи а хуьлуш.

Вуьшта, нагахь вай -»даIанза то́» («некастрированный») олуш хилча, иза – «эра то»/»ариэ то» кхетамехь хир дара вайн( цу кепехь вай кхечанхьа тидира -»эротика»)

Кхузара вайна латинин -»Ариетем»(«Созвездия Овна») а, нохчийн -»Э́рто»; «Ариэто» цхьана го.

Ширачу арамейн – «тале́ («Созвездия Овен») а, нохчийн- «тола» («победить»); «талла» («искать»/»охотиться»); «толам»(«победа») ма гарра.

Ткьа и «тале́» вайн – «то ла́»(лит.»лан») аларе диллича гучаболу цуьнцара -»поклоняться перед Овеном»/ «обожествлять Овен»…кхетам а.

«То лай» аларца – «раб Овена» а, «то лам» аларца- «высота Овена» а хуьлуш. Цхьанхьа – то лай а гойтуш, вукхунхьа – то лакхалла а гойтуш.

Иштта: а) и «Овен» вайн – «Iовлур» дашца а го.

б) туркойн – «коч»(«Овен») а нохчийн – «ка»;»эрка» цхьана а хаало.

в) Дуьненан дуккхачу къаьмнийн меттанашкахь лелла а, лелаш а долу -»Ариес»; Тале́»;»Ариетем» нохчийн – «Э́рто́/»Ариэто»(«Э́ра то́»/»Ариэ то́»); «То́ ла́»….дешнашца а, аларца а го.

ЖамIа: «Созвездия Овен» олучу седгаран нохчийн маттара цIераш: «Э́рто́»; «Ариэто»/ «Iовлур». И кхо синонимаш а ю.

Хьалхара цIе – «Э́рто́» а йолуш(хIоранне лаамехь ю цараха хьалхара цIе)

Турция. 15.02. 2022ш. Автор – Амагов Докка. Ссылка обязательная.

«Дошам-тидар». Д. Амагов. «Созвездия Водолея»- «Седгар Кудали»

(Йахь йолчу йоIанна Луиза Бокина лерийна).

Ширачу егIиптхойн сурташа седгар «Водолея» – шен карарчу кудална чуьра хи дуьтту стаг санна гойту..

ТIаккха ширачу арамейн кхетамехь и седгар – «ша хи охьадуьтту стаг цахилла, цо хи охьадуьтту пхьегIа хилла».

Ткъа цу пхьегIанах цара «дли» олуш хилла. ГIазкхийн маттара -»ведро» санна..

Вайн Iалашо яц, и «дли» кхечу меттанашкара «хи» дашца муха доьзна ду дийца. Цигахь и масалаш бIаьннашкахь ду.

Цараха ду: гIазкхийн – «вода»; «ведро»…; Iарбойн – «вади»(хи лаьтта меттиг); хIирийн -»дон»… кхин а, кхин а… И масалаш вай дийца а цаоьшуш талламхошна хууш ду.

ТIаккха вай цу «дли» орамца терго еш дерш, нохчийн -»дийла»(«мыть»); «дийларш» («потоки»; «жидкости») ду.

Цул а совнаха, цу тIера го вайна нохчийн – «Кудали» а. Вай -»ко+дали» кепехь туьдуш долу.

Цуьнцара «ко» – «тIам» санна а лоруш. Масала: «гIабакхан го»; «мангалан ко»; «неIаран ко»….

Иштта хила дезаш а ду иза. «ТIам» дешан кхин а чулацам хиларна.

Цу тайпа, ширачу арамейн- нохчийн меттанашцара -»дали» маьIна: «хи чохь долу пхьеха»!

Ткьа цу пхьегIанна тIехь «ко» хилча, цунаха -»Кудали» а олу.

Иштта и «ко» лара йогIу хи охьадуьтту лейка а. Ко санна тIеман метта а, кепехь а иза хиларна.

ЖамIа. «Созвездия Водолея» – «Седгар Кудали»!

ТIетохар: Луизина лерийна хIара болх айса барна, ас цунаха – «Луизи Кудали» олуш тIе а туху.

Турция. 13.02.2022г. Автор. Докка Амагов. Ссылка обязательная.

Тоуратан седгараш – нохчийн топонимаш.

Цецвоккхуш ду, Тоуратан седгараш- «Кесало»(«Орион»); «Хима»(«Плеяды»), «Ас» («Большая и малая Медведица») дуьйцучохь, и тайпа цIераш йолу топонимаш Нохчийчохь кьилбешкахь хилла а цаIаш, уьш цигахь ул-уллохь а хилар.

Царна вай хIинца тIетуху, Тоуратан кхин цхьаъ а седгар -»Шор» («Телец»).

Цу тайпа цIе йолуш, вайн КIесал(генахь йоцуш бацойн -Кесало а), ХIима бохучу йарташна юккъехь Iуьллуш кхин цхьа юрт хилар билгала а доккхуш.

Литературни маттахь цунаха -»Ша́р/а» олу.

Ткъа шароша шаьш -»Шор». Цу цIарца иза шен»Топонимия Чечни» тIехь юьйцу Сулейманов Ахьмада а.

Кхузахь вай тидам бо, и «Шор», нохчийн – «шура», «шар» … дешнашца а, вайн – «Iашур» бохучу ширачу цIарца(тхан цIийнах а хилла цхьа -Iошур) доьзна хуьлуш дуйла.

Ткъа цуьнан схьадалар вай лору ширачу арамейн маттарчу – «Ас-сур»/»Аш-шур»; «А-сур’/»А-шур» дешнашцара.

Кхузахь и вай дала до Тоуратан йозанашкахь и далош ма хиллара. Тоуратан комментаторош цуьнан ма дарра долчу маьIнина тIекхуьуш цахилар а дуьйцуш.

Иштта вай тидаме оьцу:

а) шираллерачу меттан «с» -»ш» дIа-схьа хийца луш дуйла. Масала, «салам- Iалейкум», «шолом – алейхIум» аларшкахь ма хиллара.

б) «Ас-сур/А-сур’»; «Аш-шур/А-шур» цIе йолуш ассирийцин шахьар, тIеман а, дахнийн а «дела» хилла хилар.

Шен васт, малхан гонна юккъехь, стунна тIехь Iаш волу Iадтухурган кепехь а долуш.

Кхузахь Тоуратан транскрипцехь долу и – «Ас сур»; «А сур» вай туьду, ширачу нохчийн маттара -»Iа су сур»(«воинство святого быка»); «Iа сур»(«святое воинство») санна.

Цу тайпа, нохчийн -»Шор» цIе йолу топоним а, Тоуратан -»Шор»(«Телец») цхьана бух тIера го вайна.

Созвездия «Телец» а, нохчийн – седгар «Шо́р»(«Шара» а) а лоруш.

 

P.S. Доккана оха даггара баркалла боху тхуна хIара нахана довзийта пурба далан.

Yazarın Diğer Yazıları

«Мотт цахуушверг нохчо хуьлийла дац»

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортажан шоллагьлера дакъа:   -Деша, боху ахь кегийчаьрга. Кхин хIун ала луур дара хьуна тIекхуьучу чкъоре? -Суна, масала, цхьана агIор, хазахета нохчийн мотт...

Шайчарна хийра а волуш, нахана шайн а воцуш

Сулумбек Идрисовца йина йолу репортаж: «Даимна, сайна мел хууш дерг, дIакховдан кийча вара со...» Дукхах болу нохчий санна хьо а Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Цигахь хила долу...

Истамбулехь «Панкиси» ансамблан концерт

  Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img