Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нахчийн къоман символ «Тушоли-Нана» (Нохчийн, ГIалгIайн, Тушхой-бацойн, Пхой-Хьевсаройн)

Ширачу замнах нохчаша стигалан хIуманаш толлуш, леррина йина селинг олуш, йеза меттигаш хилла. Цигахь гуллуш хилла хIума хууш бакхий нах. И меттигаш йаш хенахь, шеран цхьа билгал хенахь леррина йиллиначу меттигехула малхан зIаьнарш чукхача йиш хилийта агIор йаш хилла. Иза нислора аьхка а, Iай а малх цIа кхачарца. Малхан серлонан зIаьъ цу чу кхечча, шеран керла го болабалар гайтам хуьлуш лорар. Иштта атта хуьлара юьртахошна юьртабахаман шейн керташкахь болу белхаш бан, хан нийса къастайан. Масала, латта охкаш, ялта дIадуьйш, лелош, гулдеш. Селинго кхочушдора Iибадаттан а, юртбелхан а ладаме гIуллакхаш.

Ширачу тешарш замнахь а, нохчашна малхо шарахь ши го бо-й а хиъна. Цхьа го кхаа гоне бекъабеш хилла. ХIора гонан хан 60 де хилла, цундела кхоъ го хилла (180 де), ткъа дуьззина шо 360 дийнах лаьтташ хилли а хууш хилла.

Цу селингехь бинчу талламашца, нохчашна хууш хилла, малх шен «цIа» шарахь шозза кхочуш хиларн – Iай а, аьхка а.

Нохчаша и ши хан стун маIашехь тарайора. Сту латтантIехь лелош чIогIа беза лоруш бара, боьршачу стеган ницкъа а стуца бустара. ДIасхьайахана цуьнан ши маIа а – цхьа шо шина декъе декъна санна хетара.

Тушоли нохчийн къоман бIаьстенан а, беркатан а Нана йара. Массо а хIума кхоьллина йолу Нана. Тушолин ницкъа бара гонаха дерг карладаккха а, массо а садолчу хIуманна са дала, дахар дала а. ХIора йуртахь йара ала мегар ду Тушолин лерина еза чоьнша, тIулгаш а. Юртан бахархой Тушоли- Нанна шайн сатийсамашца, доIанашца тIебохура цуна лерина болу къобалан кхеран тIе. Цунна совгIаташ дохьуш хилла: тапчанан патармаш а, баган чIурамаш а, йийн маларан кедаш а кхин дIа а…

Нахчийн еза чоьнаш чохь цIунан хIуманаш хилар билгалдаькхна полякийн орамаш долчу французийн бароно Жан Потоцкис а. Цо далийра Урус цIе йолчу нохчочун дешнаш. Цо дийцира шега «муха ду шен лулахойн хьал: гIалгIай а, ортсхой а муха Iаш бу?. «Церан кеп-кепара детин кегий суьрташ ду. Цуум (цIу) олу царехь. Цуунгара догIа а, бераш а, кхидолу диканаш а доьхуш хуьлу» [39, 10 агIо].

Тушоли хилла уггаре а шира а дукха йаьхна йолу а нохчийн пантеонан ЦIу-Нана. Генарчу неолитан хан а, Аьчкан хан а йолалуш хенах коллайелла хила мегар долуш йу иза. Тамашийна дац, ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а лаьмнашкахь карийначу Бронзан а, Аьчкан а бIешерашкахь дIабоьхкинчу кешнашкахь адамийн даьIахкаш, «эмбрион» санна, хьарчийна кепехь, карийна хилар. ДIакхелхича, адам, шен ненан кийрара араваьллачу хьолехь, лаьттан кийра юхавоьрзуш хилла.

Уггаре хьалха бIаьрган дуьххьал тосу лаьмнашкахь йолчу Вийлах юьртахь дина Тушолин хIайкал. И хIайкал тIулгах дина ду, 4,5 метр лекха а, 2 тонна гергга йозалла а йолуш. Тушолин тIулган кеп кхаа декъах йина йу: лакхарчу дакъо гойту корта, ши агIо билгалйокху белшаш, ткъа белшашна чухула ши Iуьрг а ду.

ТIулган коьртан дакъа – малхан цхьан шеран го билгалбокхуш хилла, ткъа агIонаш чухула долу ши Iуьрго гойтуш хилла Iай а аьхка малх цIа кхачар хенаш.

Цхьайолчу ярташкахь тIулган Iуьргашкахула уьстагIий чекхбохура, царна тIера вон бIаьрг дIабаккхархьама а, цамгарех уьш ларбархьама а. Оцу хIуманца ламанхой тешаш хилла, латто шейн ницкъаца гIо дийр ду уьстагIий лардан а, алсамдаха (дебийта) а.

20-гIа бIешарашкахь а Тушолех болу иэс дийна бара нохчашна юкъахь.

Бер ца хуьлу зударий Тушолигар шайна тIаьххье йоьхура. Цхьаболчара Тушоли тIулган тIера кийсиг йокхи шайн логах лелош хилла.

Тушоли Нанас шен гIоьнча «Тушолин котам» (хIуттут) йоиташ хилла Тушолийн баттахь. Цо хаам беш хилла, бIаьсте тIейеан хилар, дIайуьш йолу аренашкахь болх бан хан тIекхаьчна хилар а.

Зударий доггах сатуьйсуш хилла и деза олхазар схьакхачаре, шайн хьомечу Нанна лерина долу денош даздан.

Наха дуьйцара: «Тушолин-котам бен беш хилла боху. Цхьаммо цуьнан бен бохийна хилла. ЦIа кхачале, новкъахь бIаьрзе ваьлла иза, Тушолин котамо цигахь юха а бен бина хилла. И меттиг Тушоли ЦIу-Нанна еза хилар билгало йу аьлла, цу меттигна го бина хилла цара тIулгашца. »

Кхин цхьа дийцар ду: «Мацах, цхьа зуда хилла кха тIехь болх беш. ЦIаьххьана шена тIейогIуш лекха а, хаза а зуда гина цунна. Цуна гонаха лелаш яра «Тушолин котам» а. Ша Делан ЙоI Тушоли хилар довзийтира цо.

– «Цхьа дехар дехьа соьга, ас иза кхочушдийр ду хьуна», аьлла цо.

Ткъа иза яра хIинцца ялта дIадийна, амма догIа ца догIуш йолу хан. Цундела зудчо дийхира цу хенахь массарна а гIенах гуш дерг. Цо догIа дехна цуьнга. Цу сохьта догIа доладелира. Тушоли-Нана дIаяйра, ткъа олхазар а шен бен чу дахара. Оцу зудчун бераш дацара. Цу минотехь цо бераш дехна хиллехьара, Делан ЙоIо лур дара цунна уьш. Цу меттехь «Делан ЙоIана» кхерч бина цара».

Нана-Латтан Тушоли сийдарца цхьаьнадогIуш хилла тайп-тайпана деза ламасташ а, даздарш а: нохан (готан) де, хIу дIадуьйш де, ялта чудерзоран де… Ялта чудерзийначул тIаьхьа, баркаллин доIа а деш, чубоьрзара нохчий.

Кхо шо долу кIайн сту, леррина хьомечу Делан ЙоIана сий деш кхиийна болу, арабокхура. И сту- беркатан символ йара. Тушолийн деза цIа чу чу кхачош йолчу гIурбан стун маIаш кIайн кIадин кийсакца кечйора- цIеналлин а, езаллин а билгалон бос. ЦIун йеза чоьнчохь цIун- стеган а байракх кIайн хуьлара. Даздар дIадоладалли массо а баьхканчеран цIарах Деле цIун- стаго доIа дора. Цул тIаьхьа дIадоладора кхин дIадериг а: жижиг кечдар, шоьшлиг йар, йий а, арах а маларш кечдар. ТIаьхьа дIахьора ловзарш, хелхарш. Даздарш чекхдолура говраш хохкуш.

Иштта, кхарехь тера ламасташ кхечу ЦIунашна а нисдеш хилла. Динан даздарш къаьсташ хилла алсам деш дааршца: малх санна горга чIепалгаш а (цхьаъ кхоъагIо кепехь хуьлара амма), жижигехь даарш, маларш, даьттан чохь кхаьрзан дама-даьттахьа, тейп-тайпана деман даарш, кхин дIа а. Цу сагIа даьккхан жижигах цхьа дакъа цIу-стагна а, цуьнан гIоьнчашна а дIалора. Кхин а цIу- стагна уьстагIан дог а, шиъ доIах а, бепиган кхоалгIа дакъа а, цхьа чами арахъ- маларех а лора. Кхаа дийнахь лаьттара и даздарш. Амма шолгIачу дийнахь мехкарий кIезиг бовлара, хIунда аьлча, цхьацца болчарна захало тIедеан хуьлара.

ТIаьхь-тIаьхьа, керста, цул тIаьхьа бусалба динан Iаткъамца, кегийнахас цу къобал кхеран тIе лелар дитира. Тушоли, зударшна ЦIу-Нана йисира.

Тушоли теонимийн этимологехь лаьцна

Тушоли ЦIу-Ненан цIе схьаяларх лаьцна тайп-тайпана хьежамаш бу. Дахкильгов ИбраьхIимса яздо; БIаьстенца деш долу даздарш гергарчу хьесапехь керста нехан Пасхаца нислуш йолчу «Адамийн Нана-Марьям» вастаца цхьантера йохуш, нахан йукхехь шеко йоцуш, керста динан тIеIаткъам бара. Тушоли ЦIу керста « Мария-Нанца» цхьаъ лораш хилла метиггаш бара. Гуьржийчуьра схьайахаш хилла Марьям-Ненан иконаш, ЦIу-Делан еза чоьнчохь латтош хилла уьш, Iибадат деш хилла царна цу чохь. З. К. Мальсаговс дийцарехь, ЦIун-Нана Тушолин цIе «Туш» орам болчу дашах а, доладаран аффикс – «ли» долчу дашах а, схьадаьлла. И дош тера ду «Туш-па» / «Туш-ба» олучу малхбален хурритийн коьртачу гIалан цIарца. Цу гIалин цIе, Дела санна лоруш хиллачу урхалхо Тушраттана тиллина лору. ТIаьхьо и гIала урартхойн коьрта шахьар хилла дIахIоьттина хилла.

Й. Д. Дешериевс «Тушпа» топоним хурритийн ткъес деттаран ЦIу- Тешубан а, урартийн ткъес детташ волчу ЦIу-Тейшебан а цIерашца тарйо.

Цу кепара, тайп-тайпанчу Месопотамерчу къаьмнашна юкъахь теонимийн рефлексийн хьалхара дакъа – Туш- (малхбалерчу хурриташна юкъахь), Теш- (малхбузера хурриташна юкъахь), Тейш- (урарташна юкъахь) – тера ду нохчийн Туш- оли цIарх.

ЦIу-Нана Тушоли, хетарехь, оцу «Туш-па гIалара схьаяьлла» бохург хуьлу. Тушоли, урартийн пантеонехь, Маьлхан Делан зуда йолчу Тушпуэа ЦIунаца а омоним ю.

И. И. Мещаниновс яздо: оцу ЦIу-Делан цIе Урартин коьрта гIала Тушпаца йоьзна ю аьлла [25, I28]. Иза Малхан зуда хиларе терра, Iаламан а, беркаталлин а, йовхон а, къинхетаман а ЦIу хилла, важа санна.

Цхьаболчара Тушолин ЦIу-Ненан цIе шина компоненте йоькъа: «Ту/Сту» – «стиглара сту» (ламасташкахь, дезденошкахь лелош йолу старчий). Ткъа «Шоли» бохург, ма-дарра аьлча, «маликийн стиглара стун латта» бохург ду.

Сигаури Илессан жайна тIера вайна кардо шумерийн маттахь «Туш» боху дош «охьахаар», «дIахIоттор», «туша»-дешархо, бохург хилар; «Ки-туш» дош– хIусам, латта, меттиг бохург ду; «Ду»дош-дан, ялташ дIаден, бера дан, кIант, хIу (нохчийн «дуо»-тIаьхье) маьIна доху; «Ту»-дош- да, цIуйн/цIу- стаг, арда/эрда, лам/гу, дуьйнаш кхийлар («туу»).

Кхин, такха а тарло Туш-оли теоним малхбален хурритийн шина лексемица йоьзна хилар а – Туш- топонимица а, «оли»/«Iэли» бохучу дашца а, «Iэлан стаг»- ЦIу, нана, йиша» – маьIнехь ду. ХIокху масалша тIехь санна: Кушух-Iэли, « Беттан -Iэли» ; Угур-Iэли ( хурритийн зударийн ЦIунан цIе); Шар-Iэли (Паччахьан йиша). Малхбузера симиташна, хурриташна юкъахь элли/Iэли боху кеп кхиъна Аллая кепе, иштта «Iэла-стаг; ЦIу» бохучух: Аллай, Иштар-аллай, Аллани.

Цу кепара, Тушоли хуьлу «Туш гIалара ЦIу-Нана».

Историн хьостанаш тIехь дуьйцу, «Чечен эвлара Туше (Тушети) ваха вуно гена ду, цигахь хIинца вехаш ву паччахь Миколай Давыдович ( Ираклий ). Ткъа Тушна а, Чечен эвлан юкъахь 2 (кабак) эвла ю. Кистичант ламанхойн (кистой), цу йарташкахь 200 стаг Iаш ву. Цу ламароша совгIаташ доцуш цхьа а тIех ца волийта, даккхий совгIаташ а деза царна», аьлла (ЦГАДА, ф. Гуьржийн гIуллакхаш, 1665, № 1, агIо 1-3. Список 1676).

Тушхой-бацой нохчашца а, дегIастанхойшца а доза долуш бу, амма гIалгIайшца доза дац церан. Тушхойшна уллохь бехаш болу кистой («кистичIант») нохчий бен хила йиш йоцийла билгалла ду цундера. Литературан хьостах йийцина йолу «кистичIант» цIе- «чIант» компонент-нохчийн ЧIаньти тейпан нах хиларан гайтам бу. Кхета вай юьйцург Нохчийчоьнан территори юйла, хIунда аьлча, Тушетера шина кистойн юьртахула боьдучу некъаца, литературин хьостанаша дийцарехь, митрополит Епифаний а, цуьнан накъостий а, Чечен гIалин экъанаш тIе кхаьчна хиларна. И Чечен эвла-гIала, цу хенашкахь Нохчийчоьнан Ханкалан чIожехь хилла дуьйцу.

Тушхой-бацой баьхна Гуьржийчоьнан Тушетехь, Кахетин аренашкахь, Мта-Тушетин лаьмнашкахь, Алвани, Панкиси, Бахриони тогIешкахь, кхин йолчу меттигашкахь а. Цовата бацойша шай белларш дIабоьхкина Тушетехь ЧIонтио юьртана уллохь (нохчийн ЧIанти олуш тейп ду дицмаде-йазд. ) (Яндаров, Заурбекова, 2011).

Тушхой-Бацойн меттан ши диалект ю, шаьш кIезиг белахь а. И билгалло йу мотт чIогIа шира хиларна. Иштта, меттан Iилманчо Сигаури Илессас, ше «К истокам и ареалам нахского этноса» цIе йолчу материал тIехь болх бечу хенахь, шумерийн, хурритийн, урартийн дешнашца дуста оьшу дешнаш уьш нохчийн а, гIалгIайн а меттанашкахь ца карийначу хьолашкахь кест-кеста цунна гIодора тушхойн-бацбийн мотто.

Хевсуретехь а бу нахчийн халкъан шира хIолламаш. Шира нахчийн бIовнийн а, гIишлойн а комплексаш, динан тулгаш а. Масала, Муцо (хIинца нохчашша Маск олу цунах) метиг тахана а езаш ю туристашна. Муцо эвла лаьтта МIайистца цхьан доза долуш. Билгалдаккха догIу, урартхойн динан центр, юьхьанца Тушпа йоцуш-Муцацир/Муцоцир (ассирин маттахь «Ардени» цIе ) хилла. Муцацир шира гIала-пачхьалкх ю. И гIала лаьтташ хилла, Турцийн Ван Iамна къилбаседа-малхбалехьа лаьттачу Йоккхачу Заб хин лакхарчу декъехь. Муцо эвлан цIе шеко йоцуш тера йохуш йу Муцоцирца.

Тушети а, Хевсурети а шайн культурин а, историн а нахчийн къоман башхалла йолуш ю таханлерчу дийнахь а. Цигахь а шира нохчийн къоман шира динан хIолламаш, тIулгаш кара бо..

Иштта, «Тушоли-Нана» цIе йолу символ нахчийн халкъан ерриге а юкъараллаш цхьаьнатухуш йолу символ ю: гIалгIайн а, нохчийн а, бацой-тушхойн а, пхой-хьевсаройн а.


Литературан хьосташ:

  1. ДАЛГАТ, Башир, “Первобытная религия Чеченцев”, Терский сборник, Владикавказ, Тип. Терского обл. правл., 1893, с. 41-132.
    2. ДАЛГАТ, Уздият, Героический эпос Чеченцев и Ингушей: Исследование и тексты, Москва, Наука, 1972, 466 с.
    3. ДАХКИЛЬГОВ, Ибрагим, Мифы и легенды вайнахов, Грозный, Книга, 1991, 334 с.

Дешериев. Ю. Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских языков. М. 2006. С. 137-138.
4. МАДАЕВА, Зура, Народные календарные праздники вайнахов, Грозный, Книга, 1990, 95 с.
5. МЕЩАНИНОВ, Иван И., Грамматический строй урартского языка. Часть первая: Именные части речи, Москва – Ленинград, АН СССР, 1958, 151 с.

  1. Сигаури И. К истокам и ареалам нахского этноса. По данным лигвистики. Академия. 2016.
  2. Яндаров А. Д., Г. В. Заурбекова. Мифы и предания чеченского народа. Орбита-М. Москва 2011г. С. 205, 220. 224.
    8. POTOTSKI, Jean, Au Caucase et en Chine: 1797-1806, Paris, Phebus, 1891, 264°p.

Yazarın Diğer Yazıları

Sakarya’da oy verilemeyecek

Abhazya Merkez Seçim Komisyonu 15 Şubat’ta yapılması planlanan Abhazya Cumhuriyeti cumhurbaşkanlığı seçimlerinde Türkiye’de ikamet eden Abhazya vatandaşlarının oy kullanması için Sakarya’da kurulan oy kullanma...

Çerkez Taşköprü yeniden köy olmak için harekete geçti

2023 yılı sonunda referandumla mahalle statüsüne geçen Çerkez Taşköprü, beklenen hizmetleri alamayınca yeniden köy statüsüne dönmek için harekete geçti. Mahalle sakinleri imza toplayarak resmi...

‘Köklerin İzinde…’

Şamil Eğitim ve Kültür Vakfı tarafından 19 Nisan’da yapılacak olan “Köklerin İzinde…” başlıklı Kuzey Kafkasya Halk Dansları Yarışması’na başvurular başladı. Mustafa Saffet Kültür Merkezi’nde (Ataşehir,...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img