Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн Истанг: хьалха а, тахана а, кхана а – 1.гI дакъа

Истанго, ше ширачу орамашца, нохчийн культурехь йоккха меттиг лоцу. Истанг-тІаргІах бина, бос болуш, аппликаци кепехь, къоман хьаьркашца, суьрташца кечбина болу нохчийн  куз бу. Петроглифаш/хьаьркаш вайн къоман йоза санна ду, истанг а- вайн къоман сурт ду. Истанго вовшахтуху дерриге: йоза, суьрташ, хаамаш, дийцарш…
Куза бан бахьанаш шортта хилла неха.


Истанго, ше ширачу орамашца, нохчийн культурехь йоккха меттиг лоцу. Истанг-тІаргІах бина, бос болуш, аппликаци кепехь, къоман хьаьркашца, суьрташца кечбина болу нохчийн куз бу. Петроглифаш/хьаьркаш вайн къоман йоза санна ду, истанг а- вайн къоман сурт ду. Истанго вовшахтуху дерриге: йоза, суьрташ, хаамаш, дийцарш…

Куза бан бахьанаш шортта хилла неха. Иза кеч беш белхан кепан рагІе а, лелийна йолу хьаьркашна/суьрташна а, хьаьжна и куза мичахь йа хьан бина хаа йиш йара. ХХ бІешо доладалале нохчийн халкъан кузанаш къаьсташ хилла ше дикаллица, дарн говзаллица а, иштта орнамент символан маьІница а. С. Х. А Исаев, Заитова Ш. А. талламхоша боху «истанг» дошшо цхьаьнатуху ши дош, «тханк» а «исс» а. Цуьнан маьІан – «исс чкъор» ду, ала мегар ду. Нохчийн маттахь «исс» дош дукхаллин билгало йу дуккха чкъоьрех дина долун дера. Кузан тІаргІан луьсталла а, чІагІалла а билгалйоккху цу чкъоьраш.

Нохчийн культурехь истанг къастадора цІерца, дин дикаллица, Іалашоне хьаьжжина а. ЦІерца: бІийгІиг, бото, ламазан истанг кузанаш дара. Дикаллица: дуткъа истангаш, стомма, чесакха йолуш- йоцуш. ІАлашоне хьаьжна: Лаьтта таса, пенан тоха, ламазан, иштта кхин дІ а…

Истангийн цу хенахь барамаш 0,7 × 1,5 тІера 2 × 3 м кхаччалц бара. Истангаш алсамдахарца стандартан бустамаш 1,5 × 2 м гергга кхаччалц хийцаделира.

БІийгІиг лахара дикалла йолу истанг лоруш дара. Бото – кечдан цулла хало ду. Истанг- бос болуш а, ше бустам болуш а, куз бу. Истанг кечдеш хуьлу бгІийгІигна тІе сурт дилларца а, иштта апликацин методца а.

Къорза истанг – бес-бесара болу куз бу. КгІинжа йолу истанг-хила тарло бес-бесара а, цхьа бос болуш а. (9)

Нохчийн вертанаш а, истангаш а дикачу дикаллица къаьсташ дара, Кавказехь тоьлларчарехь лоруш а дара. Талламхо Г. Н. Казбекс 1888-чу шарахь билгалдоккхура: «Вертанаш а, истангаш а массанхьа а къастало; тоьлларг лору нохчаша беш болу куз.» (6)

Кхечу мехкан талламхоша Я. Рейнеггса а, Гамбас а билгалдоккхура кузанаш а, шаршуш а йарн нохчийн зударийн лакхара тІегІан говзалла хилар. Церан хьаьркашца/суьрташца кхета мегар дара нохчийн истанг кузанаш дуьйций.(9)

Талламхо О. В. Маркграфо йаздина нохчийн-гІумкийн кІоштах лаьцна: «Истанган къаьсттина тидам тІебахийта беза цу бу бес-бесара кузаш-арлекинаш тегарн тІе. ХІора нускало, масала, шена а, совгІатна а 2-3 арлекин – куза а, 10-нна тІера 20-нна тІекхаччалц ламазан кузанаш дан деза.»(1)

Базарахь 1,5×2 м барам болчу пхиъ бос болуш истанган мах хадабора цхьана йуккъерчу бежанан мах санна. Кийчча болуш, басар биначу истангех цхьаъ уьстагІан мах лора. Нохчашша зуда йаьлош Іадатехь дара нус неІсагІехь чоьхьа йолуш хенахь нуй а, истанг а тосара цуьнан когашка кІела лаьтта. Нускало уьш дехьайалале леррина куз тІегуллабой, нуй дІа а баькхина, оцу метте жимма ахча охьадилла дезара. Цул хьалха истанг метта верта дуьллура нахас, иза а иштта нускалан когашка тосара. Истангаш нохчийн хІора цІа чохь дара. Пенаш тІехь хьалаоьхкина, цІенкъа тІе охьадехкина, хІусамаш хазйора цара, стаг вохвора, царна тІехь дІавуьжура стаг, шелонах ларвора цара. Нускало истангаш ша дан дезаш дара, цІийнден гергарчарна совгІатна а, шена тускар чу дилла а.

Нохчийчохь цхьа а йурт йацара зударша истанг ца деш. Амма истангаш алсам деш коьрта эвланаш йара: Шела, ЦІоьнтара, Дубин-эвла, ЧІишка, Элистанжа, ТІехьа-Марта, Ведана, Девкар-эвла, Шуьйта эвла.

Хьостанашкахь билгалйоху цхьацца нохчийн говзанчоьйн цІераш.

Иштта, хьосташкахь яздина ду: ЦІоьнтарара гІарайаьллачу пхьеро Эльмурзаева Іайшатас цхьана баттахь дора цхьа пхиъ пхи бос болу истаг ламазан куза. Цуо кечбора гергга 15 уьстагІан тІаргІа, 50 метр кхаччалц куьйга дуьйцина тай дора. Иштта цуо гойту и гІуллакх пхьеран чоь-ателье кепе дирзана, система а кхоьллина деш хиларн.

Истанг деш лелош бустамаш («лекалаш») йара, уьш эца йиш йара базарахь йа цхьаьнца цхьа кхечу хІуманца хийца а йиш йара.

Начх-Келой эвлахь гІарайаьллачу пхьеран Кубаева Сахетан урчакхан йохалла йара 30,6 см, диаметр урчакхан корта- 6 см, йозалла 60 г гергга йара. Иза цу хенахь стандарт барамахь лоруш урчакх йара.

Истанг дарн белхан рагІ нохчийн этнограф Шавлаева Тамарас дуьйцу: «Истанг дан дІаволалуш схьаэцна тІаргІа нехех а, массо боьхаллех а цІанбора, черма тІе охьабуьллура, довха хи тІе деттара. ТІаргІа дика дІасхьаабаржо хІора говзанчон ца хаьара, хІунда аьлча иза цхьабосса дІасабекъа безара, и ца дахь, истанган «кІади» тІехь ор а, барз а гучубовлура. Цул тІаьхьа кеч бина тІаргІа, довхачу хица тІада бина, чубаьрзош тупе хьовзабора.» (2, 3, 4)

Пхьераша куьйгашца меллаша, сов къа а ца хьоьгуш и истанган тупа хехкайора. Цхьа 20 минот хехкайой, цул тІаьхьа жимма садоІар цара. Иштта 4-5зза дора. КхидІа истанган тупа хехкар пхьаьрсашца дора, дерриг дегІан дозаллинца. ТІергІан туп муьр-муьрехь схьайоьллура, довха хи тоьхна, кеп нисйина, йуха а дІахьарчабора. Истанг оьшучу дикалле кхаччалц иштта кечбора. Говзанчо хІора кузан масса белхан цикл йан еза, цуьнан хьоле хьаьжна къаста дора. Дукха хьолехь цхьана дийнахь дІадоьрзура и гІуллакх, амма наггахь шина-кхаа денна а дахдала тарлора. Цул тІаьхьа истанг схьа а даьстина, охьадоьдучу хи чохь дуьттура. Цул тІаьхьа иза, къевлина йоккхачу гІаж тІе хьарчадора, масех меттигехь дІа а дихкина, соне хІоттадора. Цхьа-ши де даьлча хи охьадахна, истанго тІаьххьара ше кеп оьцура. Бакъабеллачул тІаьхьа, истанган бух кийча хилча, цунна басар хьакха долалора, басаран цхьацца бецаш лелайора.»

Уггаре йаьржина басарийн лелош йериг цІадар буц (Rubia tinktorum) йара, цуьнан гІоьнца дуккха а цІие басехь болу беснаш кечйан йиш йара. Цунна тІаьхьа: (Hypericum) – Іаждаран буц; (Quercus cortex) – ножан ковст; (Alnus) – маъ; (Juglans regia) – бІора буот; (Thymus) – хьожа йогІа буц; (Rosa) – муьргаш; (Urtika) – нитташ кхин дІа а…(2, 3, 4) Баьццара, можа, цІен, боьмаша, Іаьржа, сира бос алсам а лела бора.

ТІаьхье хира йу….


1. Маркграф О.В. Очерк кустарных промыслов Северного Кавказа с описанием техники производства. – М., 1882. 7.

2. Шавлаева Т.М.. Из истории развития шерстяного промысла чеченцев в XIX – нач. XX вв.: историко-этнографическое исследование. Диссертации и автореферата по ВАК РФ 07.00.02, кандидат исторических наук. 2006.

3. Шавлаева Т. М. Искусство окрашивания изделий и понятие цвета у чеченских народных мастериц. Вестник № 2 История.Киберленинка.Удк 39=351.42.

4. Шавлаева Т.М. ПЭМА (Полевой этнографический материал автора). Раздел «Крашение». 2006.

5. Эрол Йылдыр. Чеченский истанг: традиционное войлочное ремесло чеченского народа. — Грозный: ООО Медиа-Полис, 2021. — 256 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-6044727-0-5.

6. Казбек Г. Н. Военно-статистическое описание Терской Области. — Тифлис: Отдел генерального штаба Кавказского Военного Округа, 1888. — С. 187.

7. Сулейманов А.С. Топонимия Чечено-Ингушетии. Ч. 4. – Грозный, 1985.

8. Труды первого съезда деятелей кустарной промышленности Кавказа. -Тифлис, 1913.

9. Wikipedia.org. Истанги.

Фотографеш: Студенецкая Е.Н.(1964,1965), Нохчийчоьн къоман музей, интернет.

Yazarın Diğer Yazıları

Шира хьаьркаш – Петроглифаш -2.гI дакъа

Йешархошна дагадоуьйту оха, таханлерчу дийнахь 3500 сов петроглиф йу Нохчийчоьх карийна хууш (Леча Ильясов). Дуккха а историн меттигаш хІинца а теллина йац вайн. Цу...

Шира хьаьркаш – Петроглифаш -1.гI дакъа

Петроглиф-шира мотт бу. Йоза кхоллале тейп-тейпанна Делехь-Кхоллархочух, замахь, Іаламехь лаьцна шира тешарш долуш дара, и хаамаш кхечарна дІакховдан цхьа кеп йезара. Элпаш гучудовлале иштта...

“Гомо сапиенс”

Массарна а хаьа наха мотт буьйцуш а, лелош а мел бу-мотт беха. Хенан йохалла дешнийн маьІна хийцадала тарло, амма орам хийца ца луш буьсу...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img