Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Ницкъбарна дуьхьал митинг

Гуламехь бистхиллачарлахь бара Австрерчу «Ичкерия» культуран юкъараллан векалш Исханов Хьусейн а, Дунаева Роза а, Ипаев Хьамзат а, политикан жигархо Бородецкая Екатерина а.


Дахначу шоьтан дийнахь, Товбеца-беттан 10-чохь, Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллана хьалха митинг хIоттийнера политикан тутмакхашкахьа, царна тIехь Iазап латторна дьухьал. Оьрсийчохь жигархошна политикан бух тIехь тIаьхьабевлла леларна а, талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а гIело латторна а тIехь терго яр доьхуш, кхайкхам бира Евробарте митинган 12 декъашхочо.

Гуламехь бистхиллачарлахь бара Австрерчу «Ичкерия» культуран юкъараллан векалш Исханов Хьусейн а, Дунаева Роза а, Ипаев Хьамзат а, политикан жигархо Бородецкая Екатерина а.

Венера митинг

«Тахана Iазапашна дуьхьал тхайн гуламе девлла тхо, хIунда аьлча, пачхьалкхера пенитенциаран система шен ма-хуьллу къовлалуш ю, ткъа бакъонца, нийсонца шаьш Iалашдан тутмакхийн таронаш лахлуш ю. Билгладаккха лаьа, Оьрсийчоьнан набахтешкахь латточу нохчашна къаьсттина ца лалун хьелаш ду латтош, ткъа цаьрца лелон шогалла цхьа могIарера хIума хилла даьлла», – дийцина Кавказ.Реалиига митинг вовшахтоьхначара.

2000-чу шеран юьххьера схьа дуьйна Туркойчохь а, Германехь а, Францехь а, Украинехь а, Австрехь а, кхечу мехкашкхаь а байъинчу таханалерачу Нохчийчоьнан Iедалхойн критикийн а, дуьхьалончийн а цIераш тIехь йолу плакаташ дара гуламан декъашхойн карахь

Оьрсийчоьнан векалаллана хьалха лаьттачийн карарчу плакаташ тIехь нохчийн цIераш йоцург а, охьаязбинера политикан тутмакхаш – оппозиционер Навальный Алексей а, Кремлера Путин «эккхо» араваьлла, амма психиатрин лазартне кхаьчна шаман Габышев Александр а.

«Билггал Оьрсийчохь хуьлуш долчух дIахаийта деза оха политикашна. RT каналехула тахана Оьрсийчоьнан пропаганда ю доллу дуьненахь яржош, ма-дарра долчух ца дуьйцу бохуш, Малхбузен хаамийн гIирсаш фейкашна бехке а беш. Амма цара шаьш кхуллуш ду харц сурт. Со тешна ву, европхошна хууш дац, билггал Оьрсийчоьнан набахтешкахь нохчашна а, политикан тутмакхашна а тIехь лелочух. Евробертан Iедалхоша а, дуьненан юкъаралло а тидаме эца деза и хьал», – аьлла митингехь вистхуьлучу Ипаев Хьамзата.

Кхушара Чиллан баттахь «Новая газето» зорбане яьккхира Ярославлерчу №1 колонехь адамаш хьийзош яьккхина «Общественный вердикт» бакъонашларйон фонде яийтина ши видео. Оцу хьокъехь, даржах тIех бовлар толлуш, бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш аьлла хаам бина Талламан комитето, ткъа ФСИН-а дIахьедира хилларг къастош ду шаьш аьлла а, оцу видеошна тIехь болу цхьаболу белхахой хIинцале а кхечу гIуллакхашкахула чубоьхкина хилар а хоуьйтуш.

2020-чу шарахь дозанал а арахьа вийра Кадыров Рамзанан политикан ши оппонет – Австрехь веха блогер Умаров Мамихан а (Венера Анзор), Кадыровна луьйш лелла Францера Алиев Iимран (Мансур Старый) а.

Цул совнах Швецехь тIелатар дира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.

Стохка Товбеца-баттахь Европехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан вашас гечдар дийхира, шен гергарчу стага массарна а хезаш Кадыров аьшнашварна. Нохчийчоьнан Iедалхойх лаьцна иштта негативе къамелаш ден политикан мухIжар Умаров Мамихан Венехь вийначул тIаьхьа дIаязйира цо шен видео. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Anma: Abağba Bahadır Özbağ – Yeğoj Hanefi Aslan

Abağba Bahadır Özbağ – Yeğoj Hanefi Aslan Abhazya’nın bağımsızlık ateşi, siz yattıkça yanmaya devam edecektir. Jineps

Anma: Gogull Çetin Öner

“Anadilimi örtün üstüme, Anadilimi örtün! Çıplağım, Üşüyorum.” Gogull Çetin Öner’i ölümünün 10. yıldönümünde saygıyla anıyoruz. Jineps  

Birleşmiş Milletler’den Gürcistan’a uyarı

Birleşmiş Milletler İnsan Hakları Yüksek Komiserliği (OHCHR), Kafkas Dernekleri Federasyonu (KAFFED) temsilcisi akademisyen Dr. Elçin Başol hakkındaki 24 Nisan 2026 tarihli ve AL GEO...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img