Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ЯЗДАРЧЕ (сонет) – Юсупов Iилман

Юсупов Iилман

Нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина нохчийчохь юккъера школа а, A. A. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта нохчийн республикан ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «заманан мазлагIа» (1991), «доьналлин маьждиг» (1997), «иэсан гIу» (1999), «нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «хьан кхерчан суй» (2015), «иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь швецин пачхьалкхан яздархойн союзо шен могIаршка дIаэцна юсупов Iилман.


ЯЗДАРЧЕ 

(сонет) 

  

Илланчин цIе езаш, дарж дина, лело 

Деса дош вотанах ахь декадо. 

Сан ненан маттана мел хилла гIело 

Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го. 

  

Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело, 

Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо. 

ХIетте а, сирачу могIанийн кIело 

Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо. 

  

Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло 

Джаннате буьгур бу масийтта бIо. 

Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело 

Тера ду, хетарехь, кхеттачух со: 

  

Бакъволу илланча, гIелвелча, вело 

Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло… 

Yazarın Diğer Yazıları

Тхыдэм мы мазэм

Накъыгъэм и 1, махуэку • Гъатхэмрэ Лэжьыгъэмрэ я махуэшхуэщ • 1923 гъэм къалъхуащ къэрал лэжьакӏуэу, КъБР-м и Правительствэм и Унафэщӏу 1969 - 1984 гъэхэм щыта Къущхьэ...

Боз Эрдоган Станбул щыӏагъ

Шамил ыцӏэ зыхьырэ Културэмрэ Гъэсэныгъэмрэ я Фонд, Жьоныгъуакӏэм и 4-м пчдыжьышхэ зэдэгущыӏэгъу щыкӏуагъ. Ащ ихьакӏагъ «Дискуссионный Личностым и Зэхэгъэуцон» зыфиӏорэ тхылъыр зытхыгъэу академикэу, зэдзэкӏакӏоу...

«Блэкlыгъэм Къыхэшlыкlыгъэ Кlэныр»

Университет Еджакlохэм я Союзэу Зэдэлэжьэн ыкlи Зэдеlэжьыным и Програмэ (УНИДЕС) къыдилъытэу, «Блэкlыгъэм Къыхэшlыкlыгъэ Кlэныр-Черкес Театрэ», къалэу Бандырма къыщагъэлъэгъуагъ. Ащ дэлэжьагъэх Университет Онеди Эйлюлрэ, Черкес...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img