Шен гергарчаьрца зIене ца валало Нохчийчуьра дIавахна блогер Туркойчу дIавахначу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана дийцина “Дождь” телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша “арахьара агент” лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла.
Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина дела, царна ша сагатдеш хиларх хаийтина Халитовс.
Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера “сийсазвеш, дов деш” кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер “ца сацахь”, шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.
Кадыров Рамзанна ша критика ярца дузу Халитов Хьасана хуьлуш дерг. Цо билгалдаьккхина, вуьйр ву бохуш, кест-кеста кхерамаш туьйсуш, шега а телефонаш еттарх.
Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, Халитовн дIахьедарх дуьйцуш аьлла, республикан Iедалхойн “гIуллакх дац дозанал а арахьа бехачу клоунашца” аьлла.
“Дождь” тенлеканало билгалдаккхарца, Халитов Хьасан дIавахна Туркойчу бекхамах ведда. Телевизионан эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсазвинчу гуьржийн журналистна Габуния Георгийна динчу тIелатарна тIехула теш вара иза.
Пачхьалкхан къайлахчу сервисашна тIе а тевжаш, гуьржийн зорбан гIирсаша журналист вен кхачийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву элира.
Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогеран Халитов Хьасанан дас ГIанис видеокхайкхам язбира шен кIанте. Иза зорбане баьккхира Нохчийчуьрчу парламентан депутатан Ханбиев Мохьмадан инстаграмехь. “ТIекхочур валахьара-м, вийна а, цхьаъ дийр хир дара ас хьуна, кхин хьо соцуш цахилча”, – бохура шен къамелехь къаночо.
Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт.
Талламхошна хета уьш тIелатар кечдеш хиллера аьлла, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционершна, шайна юкъахь Халитов Хьасан а волуш.
ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.