Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

ЖИМЧУХ ХУЬЛУ ВОККХАНИГ

Воккхачо жиманиг ларар уггар мехала агIо ю нохчийн гIиллакхан.

Бер дара аьлла, кхиазхо дIататта ца магадо Iадато. Муххале воккхачун декхар ду жимачун гIуллакхаш муха ду хьажар, шега далуш долу гIо цунна дар.

БIаьсте яра йолуш. Дехачу Iай гIорош, дасталуш лаьттина татол, сацкъарна дукъделлера. И цIандан дагахь бел карахь кIетIа ваьлла лаьтташ вара Iаьрби. Мел лаххара бIе шо хир дара цуьнан. Самукъне, бераш дукхдезаш вара и. Берашна дала кечдина совгIат хуьлура даима цуьнан киснахь. Ша цIандан волавеллачу татолаца хьала хьаьжча, цунна гира Iам, очакх ца хоьржуш, новкъа охьахьаьдда вогIу иттех шо хир долу кIант. Гуш дара и оьгIазвахана хилар.

-ХIун дина цунна, мила ву цунна хала хетийтинарг?-аьлла мохь туьйхира Iаьрбис, кIант шега нислучу хенахь. КIант цIеххьана саца а сецна, бехкала вахана воккхачу стаге а хьаьжна, вилхира. Цо дийцира, нанас ша кхо сом делла, бепиг эца вахийтинера, амма туьканахь бепиг къуьйсуш, леташ болчу наха ша юкъа Iаьвдина, шен ахча дайна, аьлла.

-ХIинца суна нанас дов дийр ду,– аьлла, гIийла дIадерзийра кIанта шен къамел.
Цуьнан бIаьргаш чу хьаьжнарг инзар воккхур волуш бала бара кIентан хьажарехь гуш.

–Лехирий ахь ахча?- хаьттира Iаьрбис,

-Дера лийхира. ХIинца цIа вахана, нене дов дайтина, ваша эцна, юха а лаха гIур ву со, цIа а вогIур вац и карадаллалц-, элира кIанта

-Ахь дика лехна ца хилла хьуна ахча, хьажал мохо дадийна, хIоккхуза охьакхоьссина ма хилла хIара-, аьлла, охьа таьIна, лаьттара схьаоьцучух, кхо сом дIакховдийра Iаьрбис кIанте. Кхо сом буйна а доьллина воккхачу стеган гIода юккъах хьаьрчира кIант.

Иза чIогIа тешнера Iаьрбис шега бохучух.

Эсий дажош волчу суна дика гуш вара Iаьрбий, кIанттий, амма керта тIехьа волу со ца гора царна. Суна хаара цу дийнахь мох ца баьллий, мох баьлчи, эвла юккъехь йолчу туьканара дуьйна IаьрбигIеран кетIа мохо кхо сом дохьур доций. Амма жимчу кIентан цхьа а шеко яцара Iаьрбийна шен ахча карийна хиларх. Цо, корта охьатаIийна, цхьана хIуманан ойла йина, эххар воккхаверца элира:

–Ваша, воккха хилча, со а хир ву, хьо санна…

–Со муха ву ткъа?– хаьттира реза хиллачу воккхачу стага.

–Дика ву-кх!– элира кIанга, ца велха гIерташ, церга балда а лаьцна.
Цул тIаьхьа шовзткъе итт шо даьлла. Амма тахна а «къонах» аьлла дош хезча, суна дага вогIу Iаьрби.

Yazarın Diğer Yazıları

Şahdağ halklarının anadilinde eğitim hakkı

Şahdağ halklarının Türk kökenli olduklarına dair çeşitli geç dönem versiyonların bilimsel bir değeri yoktur Lezgi dili, Güney Dağıstan ve Kuzey Azerbaycan’ı birleştiren benzersiz bir kültürel...

Yeni çıkan kitaplar

Etnografik makaleler Fransız asıllı etnograf ve dilbilimci Leonti Yakovleviç Lyulye’nin yazdığı “Çerkesya, Tarihi-Etnografik Makaleler (1857-1862-1866)”, Murat Topçu’nun çevirisi ve Koyusiyah Yayıncılık etiketiyle raflarda... 19. yüzyılın ortasında...

Diaspora araştırmaları

İngiltere’deki Routledge Yayınevi’nden çıkan “Şiddet Dolu Geçmişi Hatırlamak ve Üstesinden Gelmek-Diasporik Deneyimler ve Ulusötesi Boyutlar” savaş, soykırım ve zulüm anılarıyla boğuşan diasporik toplulukların yaşamlarına...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img