Доца керланаш

0
283

ОХАН-БУТТ 2023

21 исбаьхьаллин сурташ Нохчийн Республикин музейна йухадерзийна

Реставрацин гIоьнца исбаьхьаллин говзарш йухаденъйина, нахе уьш дIакхачо аьтто бу, амма цуьнца цхьана цу чолхечу балха тIехь говзанчера даьллачу гIалато хIаллакъдан а тарло сурт. Россин реставраторийн сойузан а белхалойн гIоьнца йухаметтахIоттийна ТIамах кIелхьар дахархьама Москва дIадаьхьана дара уьш. Ткъа хIинца хIоранне а аьтто хир бу и хазна ган. Нохчийн Республикин музейн суртдилларан искусствон отделан куьйгалхочо Хадчукаева Миланас билгалдо, тIамо йохийначу музейчуьра кIелхьардаьхна долу сарташ ду хIинца вайн махка йухадерзийнарш. Эвакуировать дина долу сарташ Москва Iалашдан даьхьана хилла. Царех цхьаццадерш йеххачу ханна реставраци йан рагI ца кхочуш латттийн а хилла. Нохчийн Республикин музейчу произведенеш кхачар Совет Iедало кхочушъеш йолчу программо аьтто беш хилла пачхьалкан гIарайевлачу музейн дIайохкийлашкара произведенеш регионашка дIакхачо, цигарчу бахархойн уьш йовза аьтто хилийта. 1024-чу шарера 1970-чу шерашка кхаччалца йолу йукъана вайн мехкан музейна схьаделла оьрсийн суртдиллархойн а, Европерачу говзанчийн сурташ. Царна йуккъехь Третьякови цIарах йолчу галерейчуьра, Оьрсийн музейчуьра а, Эрмитажера а белхаш ду, аьлла билгалдаьккхира Хачукаева Миланас.

 

2023 шарахь Марха дастар

Кху 2023 шарахь Охан-беттан 23-чохь дерриг дуьненчуьра бусулбанаш пIераска суьйран доьххар теравихца болабелла хилла Рамадан бутт боьрзуш, Марха (Iийд ал-Фитр) доста хан тIекхочуш ю. Кху беттан 20, 21,22 деношкахь «Марха дастар» белхан денош доцуш, дез денош даздийра ду, аьла, хаам бо Нохчийчур Муфтиято.

 

«Коьзан- Ам» греблийн центр хила мега

«Коьзан-Ам» бахамашкахь гребля Iама йеш Спорт центр ян планехь хиларна хаам бо Правительствон куьгалхочо Муслим Хучиевс. Цул хьалха Оьрсипачхьалкан Спортан министарца цхьанкхетар хилла, цигахь иза, кхи болу Нохчийчоьр спортах лаьцна баланашахь, хаттаршахь лаьцна сацамаш бина.

 

Махкан вилиспет спортан кхиамаш

Туризмийн Министерствахь хаам бо, Нохчийчоьх тахан 5 проект кхиош ю, цуьнахь лаьцна оьшуьш болу гIирсаш эцна бу, церан юккъехь вилиспеташ ю. Нохчийчоьх, хора шарахь вилиспеташца махкахь хьалхара меттиг яккха йохье даларн къовсам кеч до. Доьххьаран вилиспеташца къийсам хIоттина хенахь, IАлхан гIалан шоссе тIехула дIадоладел Серноводске кхаччалца дахделлера.

 

«Шеран хьехархо» конкурс кхайкхина

2003-чу шарахь дуьйна вайн Республикерчу хьехархоша жигара дакъалоцу ерриг Оьрсипачхьалкахь дIахьош йолчу «Шеран хьехархо 2023» конкурсан кхайкхам бина Ю.Д. Дешериев цIерна йолу лингвисти школехь. ХIокху деношкахь хайиллина цуьнан республикански тур.

Конкурс- къийсаман Iалшо: тоьлла хьехархо къасторна, «хьехархо» белхан а, хьехархошн къинхьегаман а сий айа, зеделларгаш дийца, вовшен зеделларг тIеэца.

 

Керла углеводородан маьIданаш карийна

«Роснефть» цIе йолу IИлманца-Талларан Геологи Институт «Грознефтегаз» мехкадаьтти, гази доккхуш предприятийн геолагашца цхьани, Нохчийчоьх тIаьххьар долу 30 шарахь дуьххьара углеводородан маьIданаш карийна. Пачхьалкан баланси тIе даькхна ду 2,5 миллион тонн мехкадаьтта и I миллиярд м3 газ и. Компанийн говзанчаш Хаян-Кортова меттигашкахь дохкуш долу мехкадаьтташийн Майкоп боху маьIданашан юкъера интервалаш а таллина. Иштта мехкадаьттан буручохь, хи доцуш мехкадаьтта 40 м3/сут дебитца хьаладетталуш ду. Керла маьIданаш гучдалар Грознефтегазан аьргаллин база дузийта чогIа ладам долуш хIума ду.

 

Нохчийчура хишна экстрим спортан таллам бира бу

Туризм Министерствийн куьйгалхо Муслим Байтазиевс хаам бо: Оьрсийпачхьалкан Рафтинг Федерацийн говзанчош бохур бу, аьлла. Нохчийчоьр хишан, оргашийн нуьцкъалла талла, уьш экстрим спортан мегаш дуй даци хьажа. Цунахь доьзна цхьан кхетар нисдина шаш А.Широковца Рафтинг Федерацийн куьйгалхоца. Таллам Орг-хи, ЧIантин орга, Шара-орга, Iас хи, Марта-хи тIеран дIадоло дийра ду, аьлла хаам бина.

 

Нохчийчоьх 630 берзлой и 2000 бIе сов чагIалкаш йехаш йу

Таллар Бахамийн Урхаллан инспекторш лараман белхаш дIабаьхна хилла къаьстан лардеш долу Iаламан латташкахь, хьуьнхашкахь, акхарой йехаш кхи йолу Iаламан меттигашкахь. ХIокху белхан бараме хаьжча 1497,7 бIе гектарийн таллам бина 168 некъ бина. Бина белханан кара деъанча хьажна Нохчийчоьх билгал якхина ю:

Сайш-387, налш-533, луш-2100, берзлой-636, тарсалш-7878, цхьогалш-1682, салоран цIокаш-1491, чагIалкхаш-2083, пхьагалш-43618, чаболш-31, тарраш-1344, цхьогал жIалаьш-245, Уьшлара цицигаш (Кавказехь къаьстина лардеш ду)-255, пашбукъаш-460, Акха котамаш (Кавказехь къаьстина ларйеш ю)- 450, алхазаш-542, сира мошаш-2744, акха боргIалаш -3490. ХIара хаамашIаламан Урххалон белхахочунгар эцна. (Chechnyatoday.com)

Хаамаш кеч йинарг: Милана Айдамирова

 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz