Нохчийн рузмахь лаьцна хаамаш

Хьалха лерачу заманахь нохчийн рузма- календарни циклаш дуккху хьолехь латталелорца а даьхнийлелорца а доьзна хилла {1}. Деза денош юьртабахаман белхашца доьзна хилла. Шаршкахь седажайнан лаьцна долу массо хІуманна бина тидамаш, юртан Іилман стагас «Сейд-жайна» боху таьптара дІа яздора. Хьалхалера заманчохь кІиран юкъехь пхиъ де бен ца хиларна билгалонаш ю. ХІунда аьлча, ломара хьехан пенаш тІехь палеолит замнашкер йисин куьйган- пІаьлгашийн ларш ю, денош дагар дан, йеш хилла мега уьш. Цул тІехьарчу заманчохь Нохчийчура пектографаьх денош дагар деш сизнаш, венизаш, тІадамаш кара до. ПІаьлгашца хан ягар яр, графически йозан тІе даьллар-халкъан «ханна фактор» йолуш {2}хилан билгало ю.

ТІаьххьари ворх де долуш кІира къобал дина, баттахь диъ кІира лоруш {3}.

 

Де-буьйсий а дакъошках цІерш тохкаш хилла:

Уьйре, ГІушлакхие {4} (10-11 сахьтан юккъехь, малха гІашна лакха болуш хан), Делкъе, ДелкъалтІаьхье, ГІоже (Суьйре тІейогІу хан), Суьйре, МаьркІижа, Пхьуьйре, Буьйсана юкъ, ЮкъалтІаьхье, Іуькъе, Сатосу, Са хуьла.

Буте малхе хьаьжна де-буьйсан хан-дакъошна а тейп тейпана цІерш луш хилла:

Анайист са билгалдола хан, Анайистехь са билгалдола хан, Сатассале хьалха, Сатосса хан, Саттасар, Марта хан, Малх хьалбалале, Малх хьалгІотташ, Малх хьалбаьлча, Делкъан хан хилале, Ийже хан, Делкъа хан, Делкъал тІаьхьа, Малх чубузале, Малх чубуза хан, Малх чубузача, МаьркІажа, Пхьуьйра хан, Пхьуьйра тІаьхьа, Ах буьйса ялале, Ах буьйса йолаш, Ах буьйса ялча, Іоькха хан, Харц Іуьйре.

КІиран доьххьар де пІераска лоруш хилла, тІаьххар де- оршот.

 

КІиран юккъер денош ше цІерш а йолуш, шей шейн маьІна а, Іалашо а йолуш хилла {3}:

Оршот де. (Гуьржи маттахь – «оршабати», шот де дІадаьлча тІехь догІу шолгІа де) «Мохан де» олуш хилла цунах. Оцу дийнахь аренашкахь, бешахь болха беш ца хилла.

Шинаре де (шиъ). Цу дийнахь шиъ шо кхаьчча йолу старгІа дІайожа мегаш ца хилла, олу.

Кхаара де (кхоъ). Цу дийнахь йуьгІа лург хІуммаъ йалан мегаш ца хилла, олу. Кхаарен суьйран маре яха хан йиллан йолу йоІ, маре яха арайолуш хилла.

Еаре де (йиъ, диъ). Еаре суьйре йез хеташ хилла, цундела лулахь-кулахь сагІийна хІума луш хилла.

ПІераска (Гуьржий маттахь «P’arask’evi»). Деза де лоруш хилла, хинца йолу замнахь маьждиге рузбане боьлхуш, къен Іаш болчанна сагІийна хІума ло.

Шот де (Гуьржи маттахь «шабати»). «Берзан де» лоруш хилла. И де деза хетачуннан «барзо уьстагІ бадош ца хуьлда», олуш хилла.

КІиран де (Гуьржи маттахь «K’vira», грек маттахь kyriake, нохчий кІир/кІайн маьІна лоцуш ду). «КІай» деза де лоруш хилла. КІиран ден суьйран а маре яха хан йиллан йолу йоІ маре яха арайолуш хилла.

 

Нохчийн цхьа хІума дуьйцуш хенахь, хан билгал йокхуш «ит ден рузма» бохуш йолу календарин {5} деношийн ишта цІерш ю:

Стомар (шиъ де хьалха), селхан (цхьаъ де хьалха), тахан, кхана (цхьаъ де тІаьхьа), лама (шиъ де тІаьхьа), ула (коъ де тІаьхьа), цІака (диъ де тІаьхьа), цІаста (пхиъ де тІаьхьа), цІулла (ялх де тІаьхьа), цІумока (ворх де тІаьхьа).

Иштта хаьжча, хила деношийн шиъ цІе бен яцахь а тІедогІу деношийн дуккху цІерша ю. И цІерша шира заманашкахь, ритуалашна йа кхи долу деза-сийлахь хІуманашца доьзна хила мега.

 

Нохчийн шарах шийтта бутт бу:

Нажи бутт (январь, Іан юкъера бутт, Кхолламан бутт, Дечкен бутт). Цу беттан тІаьххарчу ис дийнахь деза денош даза деш хилла (Гонцхой и Ноджой и).

Мархи бутт {7} (февраль, Іан юкъера бутт, Чиллан бутт, Балабоссаран бутт, Хьонк балан бутт). Беттан тІаьхьар кхааре дийнахь стиглара бала буссар бу, олуш хилла. Наха уггаре шийла бутт лоруш бу. Аьккхийн мархи бутт хилла и бутт: Малхах тешачу динах доьзна тешамашца беттан хьалхар деношкахь ворхІ де марха кхобуш хилла {8}.

«Мар» орам болуш дешнашкахь «мар» бохуш дериг «Дела» боху маІнаца доьзна хилла {9}. Цундела «марха» дош «мар»+»хан» – «Делан хан» аьлла маьІан дан мега. Иштта, хинца йолчу замнахь, Рамазан баттах хьалха леран долу «марха» дош леладо.

Биэкарг бутт (март, бІаьстан хьалхара бутт, Мовладан бутт-Моххамад пайхамар вина бутт). Зуд ялош-йохийтуш ца хилла цу баттахь.

Тушоли бутт (апрель, бІаьстан юкъера бутт, Оханан бутт, ГІалгІайн мархи бутт, «Іа лаьмнашка дедда» хан). Йез лоруш, Тушоли – делан билгало хеташ йолу хІуттут схьа йогІу хан; «Селан» (цІу-дела лоруш хилволу) цІеран хьаштиг лаьттах кхаьтта хан»; Оханан кечам бо хан; Зезаг долу хан.

Сели бутт (май, бІаьстен тІаьхара бутт, стигалкъекъа хан, жа лорга хан, нитташ болу хан). Хьуьнар къовсаран бутт – кегийнах йохьалла-къовсаршкахь таслуш, ловзуш хилла цу деношкахь.

Мангал бутт (июнь, аьхкан хьалхара бутт, Мангалан бутт, Асаран бутт, «малх цІа кхечча» хан, ЗухІаран-седан бутт). Доьххьар мангал хокху хан.

Мятсел бутт (Мят (лам) + Сели (цІу-дела) (Маьткали). (июль, аьхкан юкъера бутт, товбецан бутт). ЧІир ехкаран бутт лоруш хилла. Кху баттахь чІир йолу стаг гуш лелаш велахь а, чІир екха мегаш ца хилла. Малхехь доьзна тешарца деза денош даздеш хилла (Маго-ерд, Галь-ерд цІунан денош).

Эгаш бутт (август, аьхкан тІаьхара бутт, Турс-седан бутт, Гезгмашан бутт, марс хьокху бутт). ХьажкІашна кІуж болу хан. Турс-седа гуч баьлча, нах шей бешер стоьмаш (хорбазаш, пасташ) хилла баьлли хаа хууш, уьш схьагулда боьлхара.

Тов/тав бутт (сентябрь, гуьйран хьалхара бутт). Мангал тоьхчул тІехь буц шолгІа тІе йолу хан. Бежнашна йол кхеч йаш, етт лоруш деза денош даз деш хилла цу хенахь. Хиришкахь –атынаг, абхазашкахь-атынах, гуьржийн –атангеноба, адыгашкахь –атинаг олуш хилла цу дез деношехь. Нохчийн къоман «еттан дез де» олуш лоруш хилла дела и дез денош кхи долу къаьмнаша нохчашкар хьаэцаран билгало ю {10}.

Ардар бутт (октябрь, гуьйран юкъера бутт, эсаран бутт, арар бутт, уьстагІий оре лацар бутт, бІараш гулдо хан, гІаш дужуш хан). Цу баттахь уьстагий оре дахар даздеш хилла «ка лаллар» боху ловзар-къовсам беш юртахь.

Эрх бутт (ноябрь, гуьйран тІаьхара бутт, лахьанан бутт). Шело тІейохуш, дитташ тІе йис йуьлла хан. Дакъийна жижиг кечдан хан.

Огой (АгІой – миф олхазаран цІе) бутт (декабрь, Іан хьалхара бутт, ПегІойн бутт, гІуран бутт, ХьажцІа вахар бутт). Агой олхазар гучдаларца кІиран еари дийнахь дез де даздеш хилла. Шеран тІаьхьаран кІирандийнахь «Бож – де» боху дийнах кегийчу наха къовсам-ловзаршца даздеш хилла. Толам баьккханчуна «божолг» боху, жижиг чудоьллина чуда, луш хилла.

Тушоли а Охана а бетташкахь латта ахар хан тІейеача, цІий сагІа доккхуш хилла, гІурбана цІен бос болу шинара а хоржи. Нох пайхмарах лаьцна долу шира йозашкахь, хІорд тІебаларца дуьне хи чохь дисин хилчултІехь, юха дуьне метта деача Нохас юха дІадоладина ду аьлла- латта ахар а, латта лелор а. Библи чохь яздина ду Делас Нохан доІана жоп луш иштта аьлла: «ХІинца дуьна массоъ дийнахь латта дІадера, дІадерзора, аьхка, Іай, шело, йовхо, дей, буьйсий гуттара лаьттар ду», аьлла» (Бытие: 8; 18-22).

Латта дІа дели и аха деза, аха а гота йа нох деза. Иштта тамашийна нисдеш нохчий маттахь латта охаш нох и пайхмаран цІе Нох и цхьа тера хилар {11}.

 

[1] Далгат Б. К. Нохчийн-гІалгІайн дуьххьарлера дин. М. : Наука. 2004. , С85.

[2] Фролов Б. А. Архаически космологийн юьхьашкахь. С93-І52.

[3] Мадаева З. А. Вайнех халкъан календарь и деза денош и. Грозный. , І990. СІІ.

[4] Вагапов А. Д. Нохчийн меттан этимологи словарь. Тбилиси. Меридиани. , 20ІІ. С733.

[5] Алироев. И. Ю. Нохчийн-гІалгІайн динах лаьцна долу этималогийн заметкаш //Археологи-этнографически гулар. Т. III. Грозный, І969 г. , СІ38-І40.

 [6] Мадаева З. А. Вайнех халкъан календарь и деза денош и. Грозный. , І990. СІ-99.

 [7] Мадаева З. А. Вайнехан аьхке-гуьйран йолу календарни Іадаташ, церан юьртар дахарца дазар (XІX-XX бІешарш)//Хозяйство и хозяйственный быт народов Чечено-Ингушетии. Грозный. І983. , С30.

[8] Ужахов М. Р. Указ. соч. С64-65.

[9] Амагов Д. Меттан къайле. Facebook. 23. 05. 2020.

[10] Мадаева З. А. Вайнехан аьхке-гуьйран йолу календарни Іадаташ, церан юьртар дахарца дазар (XІX-XX бІешарш)//Хозяйство и хозяйственный быт народов Чечено-Ингушетии. Грозный. 1983. , С37.

[11] Бакаев Х. З. Нох пайхмаран цІе и нохчийн нох гІирсан цІе и. Проза. ру. , 2018.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz