Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Нохчийн мухIажар Францир араваккхар

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Дарманен Джеральдана а, Лакхарчу Вьеннан префект хиллачу Морси Сеймуранна а, Парижан полицин хиллачу префектана Лаллеман Дидьенна а арз динчул тIаьхьа оцу пачхьалкхехь талламаш болийна. Нохчийн мухIажарна Гадаев Мохьмадана 2021-чу шарахь депортаци йарца доьзна ду и, йаздо AFP агенталлина тIетевжина Le Parisien ресурсо.

Гадаевна депортаци йечу омрана куьгйаздинарг Дарманен ву аьлла бу хаам – оцу тIехула иза бехкево Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхошца юкъарлонаш долуш ву аьлла. Гадаев “бертаза лачкъочу хенахь юкъарло лелийна” аьлла, шеконаш ю хьаькамех.

Карладоккху, Гадаев вара “Барт Маршо” организацин а, “Европера нохчийн Ассамблейн” а декъашхо а. 2021-чу шеран оханан-беттан 8-чохь куьгйаздан иза полицина тIевеъча, депортацин набахте хьажийра иза Францихь. Зазадокху-бутт бовш цунна депортаци йар юкъахдаьккхинчу кхело тIедиллинера цунна кест-кеста тIеван. ХIетахь адвокатан аьтто хилира, Нохчийчохь Гадаевна тIехь гIело хьоьгург хилар тIечIагIдан.

ХIетте а, 2021-чу шарахь иза пачхьалкхера араваьккхира – Гадаевс дуьхьало йеш шен гехь урс а теснера. Оьрсийчу дIакхачийна ши де даьлча нохчийн полицино лачкъийра иза, цул тIаьхьа герз даьккхинера цуьнгара аьлла, шайггара долийначу гIуллакхца лаца а лецира. 2021-чу шеран товбеца-баттахь 18 бутт кхайкхийра цунна шогачу хьелашкарчу колонихь баккха.

Гадаевн хIусамнанна а, бакъоларйаран Amnesty International организацина а тIетевжина Le Parisien гIирсо йаздарехь, стохка марсхьокху-баттахь маьршаваьккхира Гадаев, карарчу хенахь “тергонехь латтош ву” иза, Оьрсийчуьура дIаваха йиш а йоцуш. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Şahdağ halklarının anadilinde eğitim hakkı

Şahdağ halklarının Türk kökenli olduklarına dair çeşitli geç dönem versiyonların bilimsel bir değeri yoktur Lezgi dili, Güney Dağıstan ve Kuzey Azerbaycan’ı birleştiren benzersiz bir kültürel...

Yeni çıkan kitaplar

Etnografik makaleler Fransız asıllı etnograf ve dilbilimci Leonti Yakovleviç Lyulye’nin yazdığı “Çerkesya, Tarihi-Etnografik Makaleler (1857-1862-1866)”, Murat Topçu’nun çevirisi ve Koyusiyah Yayıncılık etiketiyle raflarda... 19. yüzyılın ortasında...

Diaspora araştırmaları

İngiltere’deki Routledge Yayınevi’nden çıkan “Şiddet Dolu Geçmişi Hatırlamak ve Üstesinden Gelmek-Diasporik Deneyimler ve Ulusötesi Boyutlar” savaş, soykırım ve zulüm anılarıyla boğuşan diasporik toplulukların yaşamlarına...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img