Нах байна, лехча ца карош, цхьа лар йоцуш тIепаза байна чIогIа дукха бу – 2.гь дакъа

-ТIом болуш а, тIом дIабаьлча а тIепаза байна нах лахаран комиссин куьйгалхьо вара хьо. ХIетахь шайн комиссис биначу балхах лаьцна дийцахьа.

-И комисси 1994 шаран декабрь баттахь кхоьллина йара. Шиъ стаг вара цу комиссехь. ЧIулга-йуртахь (Знаменское) дара тхо. ЛардтIехь чоь йацара тхан, алапа луш дацара. Цхьа а карахь хIума дацара тхан. Цхьана указца бен кхоьллийна а йацара иза.

Со а, Давлетукаев Руслан (хьалха милицийн следователь хилла волу) а, тхо дара цу комиссехь. Йуьхьенцахь, куьцанна кхоьллина йара иза. Дуккхачу неха баланаш бара цу хенахь: цIера, арара, блокпостера, машенашчуьра, дIалаьцна байна, бигна нах бара. Пачхьалкхан куьйгалхойн кхин башха бала а бацара цу нахаца. Амма кехаташ тIехь, иштта комисси хилар гайта, нах шейна тIецаэхийта, и болха цхьанна коча таса безара Iэдалан. Автурханов Iумари «Временный совет» йара, цуьнахьа парламент кхоьллира. «Национального возрождения», аьлла цIе йолуш. Правительство йара. Саламбек Хаджиев вара цуьнан куьйгалхо.

«Нах байна, лехча ца карош, цхьа лар йоцуш тIепаза байна чIогIа дукха бу»

Дуккхачу хьолехь, со вара тIепаза байначу нехан гергарчарца къамел деш хилларг. Кхераме зама йара, божаршна-м тешне а йара иза кхераме. ДIа- схьа лелаш берша- зударий бара. Даима церан белхамаш, гIодан доьхуш бетта мохь хезара суна. Айса, сайн куьйгехь дерриг дан гIиртина со даимна. Дуккхачу хьолехь, цхьана шеконца вигна олий, цхьа а бахьана доцуш, дIавуьгара муьлха а стаг, йа цхьа патарма киссана кхусси бахьана доккхи, вуьгара. Барам боцуш харцонаш чIогIа лелайора федералниийн ницкъаллийн структураша. Карт-бланш деллера царна «маьрша нах» меттабалбарна, контроль дIахIоттайочу хенахь вайна тIехь. Йерриг коммендатураш, фильтрапункташ теллира оха, байна нах лоьхуш. ТIаьхьарри, со а кхечара цу метте, министр волуш хенахь массийта буьйса яккхира аса цигахь. Цхьаннийна гаранти яцара кхана иза тIепаза вовра вац, йа чувуллур вац, аьлла. Массарна риск йара: жима-воккхачун а, зуда- боьрша стагана а. Баккхий нах дIабигна меттигаш а йара. Йерриг Нохчийчоь, Владикавказ, Маздок, Кабарда, Пятигорск, Ставрополин массийта кIошташ, Астрахань, Ростов теллира аса нах лоьхуш: сизошкахь, набахтешкахь. Маздокан а, Прохладныйн юккъехь цIерпоштан вагонаш йара кечйина, нах латтош бара цу чохь. Декабрь, январь, февраль бетнашкахь дукха некъ бира аса. ТIом сацазза бара хIинца а. Массо меттигашкахь Къилбседа Кавказехь блокпосташ йара йихкина, дIасваха хала дара. Эскар а, милици йоцург, кхин тIе а гIалагIазкхийн тобанаш йара. Уьшша шей лаамца баьхкна болуш, даима мелла- бехна бара, вай нахана бала бора цара. Нах байна, лехча ца карош, цхьа лар йоцуш тIепаза байна чIогIа дукха бу. Сай машенахь лелар со, цхьанна агIора цхьа финансировани яцара, луш алапа дацар. Заманца мелла а нах тIекхийтира тхан комисси чохь, амма цIенна энтузиазм тIехь беш болх бара оха бинарг.

«ХIириш, цу хенахь, гIалгIайшна тIехь «чIир оьцуш» бара. Шейна кара веана волу гIалгIай тIепаза войара

Карбина, къелхьарбаьхна нах бара. Аса цхьан хенахь могIам латтийра церан цIераш йазйеш. Карбинарш хIара ду, аьлла билгал бахьана долуш дIалаьцна бацар. Дуккха хоьлехь, шей статистика дуьхьа дIалуьйцара федералаша нах. Соьлжа -гIалахь Iаш бара дукха гIалгIай. Иштта, Соьлжа- гIалахь «федералаша» дIалаьцна хилболу гIалгIай Осети кхаьчнарш (Владикавказ, Маздок) карвина цхьаъа вацара. Сайна хуушдериг дуьйцу аса. ХIириш, цу хенахь, гIалгIайшна тIехь «чIир оьцуш» бара. Шейна кара веана волу гIалгIай тIепаза войара. Байна неха наношца цхьанахкхета хала дара, церан догхьаста а, дог эца а, дийца, уьш кхето хала дара. Тха карахь хIара ду аьлла хIума а дацара, комисси йу бохуш доллушехь а. Багахь а, кехат тIехь а- «Адамийн бакъонаш ларйеш комисси а йу тхан болх беш»,- алархьам хIоттина йара иза, массо хиламаш тIехь таллам беш йу, бакъо оьцуш, дIавигнарг карвеш, цIавалава аьтто болуш комисси йу, бохуш. Амма бакъалле хьажча, аьттехь бакъа дацара иза. Комиссийн белхалой дукха новкъаллонаш йолушшехь, шей инициативаца, рискаца шейга далуш дериг дан гIертара. Маздокехь вара Iаш Российан пачхьалкхан президентан представитель Егоров, хийла цун тIе вахна со. Цкъа стаг карвинчултIаьхь, Знаменкехь оперативни штаб яра Российан пачхьалкхан Нохчийчуран гIуллакхан кхоьллина йолу. Цигахь хуьлара, дуккха хьолехь, дIалаьцна болу нахах лаьцна хаамаш. Цхьа хаам карабеача, сихонца, цхьан кехатантIе куьйгара яздой доцца, вайначун гергарчарна дIалора оха иза. Иштта, бихкина бIаьргашца, хийла некъ бина оха. «Правительство национального возрождения» цIараха кехаташ яздора ас, гIазкхийн оперативнийн штабе, Русланаса зорбе доккхара уьш. Машинки тIехь зорба тухар аса, цу хенахь компьютерш а йацара тхан. Тхай таммагIа дацара обоснованешна тIе тоха, и кехаташ оперативни штабе дахийта цкъа уьш правительстве вахна, йа «временный советехь», йа Маздоке вахна- чIагIдан дезара. Комиссийн декъашхой тхо долушшехь, блокпосташкахь мелла а, бехна а болу гIалагIазкхеша а, оьрсийша а тоьпаш тоха кхел йора тхуна, кехаташ схьадохара, догга этIадора, ше ма хуьллу тхо хьийзадора. Шинна блокпостан юккъехь диссана, цара герза детташ хенахь, хийла машенчохь шеллалуш буьйса йаьккхира оха. Иштта, 1995 шарахь бIаьсте йаллалца и белхаш бира ас а сай «Культуран, спортан, туризман, кегийрхойн гIулкханийн министерство» ваххалца.

«Дукха хIуманаш дайра суна тIепаза байна нах лоьхуш хенахь»

Массийта бIе стага каравира тхуна. Массийта дукхдукха байина дIабоьхкана неха меттигаш а гуча йаккхира оха и гIара а доккхуш. Дукха хIуманаш дайра суна тIепаза байна нах лоьхуш хенахь, дукха мостагIий а белара суна. ХIунда аьлча, и зулам деш болучеран лара тIехь со волу дера. Ас уьшша гучабаьхна деран, цара соьца мостагIалло леладора. Нахана со кабинетачохь хиъна, шортта алапа схьаоьцуш Iаш, цхьа «хьаькам» ву моьттара. ТIаьхьара замнахь 2 стаг хилйолу комиссин юкъе кхи а 3 стаг веара, амма такха а дуккхох болу болх ас айса бина: гергарчарца кхамел дар а, кехаташ яздар а, уьш билгалдохуш долу мухар тIаъдеш, сизошкахь, набахтешкахь дIа-схьавоьдаш кхин дIа а.. Кхин болчара «офисный» болха бора.

ТIаьххьаре а комисси дIайаккхира. Российн Iэдало оьшуш йолу структураш кхоьллийра: правительстван, ницкъалийн кхин йолу пачхьалкхан структураш. Амма оха бина болу болха ца бора цара, оха хьегна къа а ца хьоьгара. Росси пачхьалкхан тейп тейпан миннистерствашийн Нохчийчоьхь кхоьллина йолу структураш йара уьш. Оьрсийшца цхьакхетам болуш, царца цхьана новкъахь бара уьш. Тхо тхаьш беш болу балхана критик йолу агIонца хьовсара, къайладаккха ца хьожуш дин долу зулам, иза гучдаккхар йара тхан Iалашо. ГIарадоккхуш, уша къезиг хилийтар хьоьжара тхо. Бехке болучеран цIераша а йохара оха, амма цхьаннийна а кхел ца йира. Вай нахана ас а, сан накъосташ а хоьгуш болу бала, беш болу болх ца гора. Со паргIата кабинет чохь Iаш ву моьттара. Оьрсий суна цергаш хьекхош бара. Муьлха а хенахь со со а тIепаза вайна хила таралора. Массийтазза меттиг нисйелира, иштта хала долуш, амма рицкъа хиларна сан кху дуьненчохь кхин ваха. Далла а суна а хаа текхна болу баланаш. Карабаза болучеран гергара наха хийла со бехке вора, церан вигана волу стаг со бахана долуш вигана волуш санна.

«Цуьнах суна бала хуьлара Iэдалца -бандиташ арабоккхуш вериг хуьлара со-х»

Цхьаннийн хIумнах хьакхвеллавоцург вайча- цхьаъ ду, тIаме араваьлла хилларг, цхьан тобанан юккъе вахна хилларг- кхин ду. Ша арабаьккхина болу некъ муьлха бу хууш, муьлха а хIуманна кийча хила (и варна а, валарна а) веза. Дукха хьолехь, цIера йиш-ваш тIетоьвжина а, уьш реза а болуш арабойла кегий нах бара. Амма цхьаъ вайча, бехке болу федералашна оцу тейпанна ца лоьра вайначунна гергара нах, цага хIума ца олара цара. Амма карош ца хилча- со бехке вора.

Цулла совнах, шей стага хIун бахьанца лаьцна схьадийца цатуьгар, цуьнах цхьа баьхк боцуш дIалаьцнарг вора, эвлайаъ вора гергарчара. Такха, аса и кехаташ иштта кечдора. Вайнарг каравина, цунна тIаьхьа со дIакхечча дийцан дериг тIекIелдаккхна карадора. Цуьнах суна бала хуьлара Iэдалца -бандиташ арабоккхуш вериг хуьлара со-х. Шей стаг схьакарийчхьан, со тIепаза вайча а бен ца хеташ бара. Иштта, ду-кх вай!

И стаг каро гIерташ массаьрца къовсаме долуш, вайна стаг дикчу агIора вийца гIерташ и кIелхьара ваккха гIерташ къа хегна ас даима. Нахе ладоьгIна ас, сайн дагахь чекхбаьккхина ас а церан бала.

Ас динарг Делан дуьхьа и сай къоман дуьхьа деш дара. Кхин цкъа иза лан луара дацара суна. Дуккха ницкъа схьаоьцуш боьха болуш, баркалла доцуш болха бара иза. Муьлха стаг а, къонахвериг ша беш болу харжам тIехь чекхвала доьналийца а, иманийца а хила веза, иштта церан гергара нах а. Шаьш арабаьккхина некъахь а шейна моьттург ца хилча боха а ца беза, цийза а ца беза. Амма вай дейха диссийна кица ду «Цхьаннийна кочахь воцуш вала цатуьга нохчо».

-Iилманан белхаш хьан дукхачу хьолехь нохчийн истори, нохчийн меттан орамаш толлуш бу.

Хьан цунаха лаьцна 5 том жайнаш а, 2 том жайнаш а, дукха статьяш а, материалаш а йу. Дуьненан меттанашна йукъахь нохчийн историн меттаг, нохчийн меттан меттиг мичахь го хьуна?

-И шиъ том («К истокам и ареалам нахского этноса», («Нахчий къоман туьшеш а, хьостанаш») зорбане йалале сан шорта лингвистикаха статьяш йара. Нохчийн лексикехь а лаьцна йара- «Место чеченского языка в северо-кавказской семье языков» («Къилбаседа Кавказан меттанашна йуккъехь нохчийн меттан меттиг», Москва. Меттан Академи, 2012 шарахь) йара.

Цул тIаьхьа араделира- «Нахские языки в контексте социолингвистики и компаративистики» («Социолингвистикаца, компаративистикаца йолу нахин меттан зIенаш», Москва. Iилманийн Академи, 2013ш.) цIе йолу жайна.

Ишттачу тегIанах нохчийн маттаха талламаш бина бацара цкъа а. Цу темехь а и белхаш дуьххьара бара.

Меттанийн зIенеш толлуш муьлха меттанашца вайн мотт гергара бу, йуьхехь бу, хьежна со. Кхечу меттанашкара тIеэцарш а ду вай маттаца. Уггаре а хьалха уьш билгалдаха дезаш дара. ГIажарийн, туьркийн, Iарбойн, оьрсийн дешнаш ду уьш. Масала: стол, стул, космос, майда кхин дIа а. И тайпа талламаш беш хьайн къоман лексикара тIеэцна дешнаш билгаладаха деза. ТIаккха бен йиш йац, уьш кхечу меттанийн дешнашца дуьхь-дуьхьала хIитто. Масала, вайн маттацара туркойн меттан орам болу дош и орам болчу туркойн дашна дуьхьала хIоттадахь, цу белхан жамIа туркойн маттаца вайн мотт гергара беш хир ду. Амма, и доккха гIалат хуьлу. ХIунда аьлча, таллам беш долу и шиъа дош нохчийн цахиларна.

С.А. Старостинса, С.Л. Николаевса яздина ингалсан маттахь арадаьлла жайна ду «Северо-Кавказский этимологический словарь» («Къилбаседа Кавказан этимологийн дошам»). 1500 агIо йу цуьнан, и кхечу маттахь арадаькхина хиларна цхьамма а пайда оьцуш дац. Амма ас пайда ийцара цуьнаха. «Место чеченского языка в Северо-Кавказской семье языков» (Къилбаседан Кавказан меттанашна йукъахь нохчийн меттан меттиг») цIе йолчу сайн жайна тIехь даладо ас абхаз-адыгийн меттанашца вайн меттан йолу зIенаш. Нагахь археалогица, этнографица, историца доьзна тоьшаллаш дацахь, толлучу материална тоьшаллаш дахко цхьа некъ буьссу: ширачу йозанашкара, меттан орамашкара и тоьшалаш дахко. Доцца аьлча, лингвистика хьалха йолу таккха. Цо шен буханна тIехь гойту, цхьана меттан кхин меттнашца йолу уьйраш, эпохашца, цивилизацийшца йолу зIенаш, шираллехь къаьмнаш даьхна дозанаш. Шумерийн, хурритин-урартин зил- йозанаша вайна ма дуьйццу. Дуккхачу хьолехь, цигара схьа ду оцу цивилизацеха долу тоьшаллаш. Дуккха а дошмаш йу Европин маттанашкахь арахецна. Сайн дуьххьара том йазъечохь цараха пайда ийцийра ас. Нохчийн меттан меттиг мичахь йу, хаттарна айса жоп лучохь. Масала, «Нахские языки в контексте социолингвистики и компоротивистики» («Социолингвистика а, компаративистика а нахин меттанаш а») жайнахь нохчийн меттан истори, историн-генетика, социо-лингвистикан аспекташ гойтучохь. Нохчийн меттан къаьстина шен меттиг хиларна тоьшаллаш а дахкош. Къилбаседа Кавказан меттанийн 2 ога дара хIинцалца: адыго-абхазийн, нохчийн- дагестанийн, аьлла. Амма ас сайн Iилманан талламца нохчийн мотт дIакъаьйстира цаьрцара. 1989-2002 шарашкахь язъйиначу сайн монографехь нахчийн меттан (нохчийн а, гIалгIайн а) социо-лингвистикан агIонаш йалайо ас, церан бух тIера дукхаллин параметраш а, социо- функциш а гойтуш. Уьш цхьана системехь а нисйеш. Цхьана хенахь шен орам цхаъ хилла болу Кавказан мотт -Малхбузехьара Кавказан мотт (хатташийн-адыгийн-абхазийн), Йукъеран Кавказан мотт (шумерийн-хурритин-урарту-нохчийн), Малхбалехьара Кавказан мотт (дегIастанийн), аьлла дIа-схьа къастарна тоьшаллаш ду. Церан хоттаргаш ас йалайо сайн жайнахь. Цареха Кавказехь лелаш долу кхин долу меттанаш тIебаьхканчеран меттанаш ду: хIирийн -иранийн, кумыкийн- туркхойн, эрмалойн, гуьржийн иштта кхин дIа а.

Малхбузехара Кавказан мотт: хаттийн-адыгийн-абхазийн меттанаш. Цара чулоцу гIебартойн, чергазийн, абхазин меттанаш. Схьахетарехь, ширачу заманчохь уьш а цхьа къам-хатташ хилла.

Йукъерачу Кавказан мотт: шумерийн-хурритин-урартин-нохчийн меттанин ога. Нохчийн меттан дукха а диалекташ йу, тIакха гIалгIайн, бацойн меттанаш ду, нахин тобанийн чудохуш.

Ширачу заманчохь уьш а шумераш хиларна, цул тIаьхьа хурриташ, йуха урарташ, тIаьххьара нохчийн къам хиларна тоьшаллаш дахкадо ас сайн белхашкахь. И тоьшалаш а Россин Iилманан Академис къобал дина а ду.

Малхбалехьара Кавказан мотт: дегIастанийн (чIогIа дукха меттанаш). Шира заманчохь уьш кути къоманна йукъехь хиллачох тера ду.

Цу кхоъ а меттан оганаш Кавказан хиллачу йукъарчу меттан аганара ду.

«К истокам и ареалам нахского этноса» («Нахин туьшеш а, хьостанаш а») жайнехь цу ширачу меттанашца таханлера меттанаш дустуш теллина ду. И концепци кIоргера йуьйцуш, талламан хьесапаш а дуьйцуш. Уьш дуьхь-дуьхьала хIиттадича муха нисло а гойтуш.

*Меттан лардаш* (лексикан базис) бохуш Iилманан цхьа кхетам бу-«Уьйр йолу бIе дош» йу цуьнан цIе. Йоьхьанца таллам дIаболош цунна тIетевжана, цу лардашна тIера болира ас иза. Лардан дешнашка а, кхечу дешнашка а хьожуш. Цул тIаьхьа церан фонетикан, грамматикан, тIаьххьаре лексикан а бустамаш мел цхьана богIийла а хьожуш. Цу тайпа, массо а агIо теллиначул тIаьхьа ала мегар ду, цу меттанашна йукъерачу гергарлонах лаьцна. Ишттачу хьесапашца шумерин, хурритин, урартин, нахчийн меттанаш дуьхь-дуьххьал хIиттича, цу дустарин грамматико, фонетико, лексико массуьйтазза сов алсам барам лора церан «цIийнан» гергарлонаш гойтуш.

Амма ДегIастанийн (Дагестанийн) меттанаш цу барамашка дихкича, уьш оцу меттанашца и гергалло гойтуш дацара.

Кавказан йукъарачу ораман маттара дIакъаьстиначул тIаьхьа хиллачу хийцамашца а цхьана, нохчийн мотт чIогIа цхьана богIу шумерин, хурритин, урартин меттанашца. Къаьстина нахийн тобанан меттанийн цхьацца йолу билгалонаш йу шумерин, хурритин, урартин меттанашца йерриш а цхьанайогIуш. Ткъа ДегIастанийн, абхаза-адыгийн меттанашца церан йац. Иштта йу нохчийн меттан меттиг исторехь.

Делахь а билгалонаш йу 7-8 эзар шо хьалха Кавказан этно-лингво-культурийн цхьаъ хилла ала тоьшаллаш деш йолу. Цу йуккъера уггаре а хьалха хатташ-абхазаш-адыгаш дIакъаьстина. Цул тIаьхьа Кути-ДегIаста. Кхин дIа а цхьацца дIакъаьстина хила тарло, амма цараха билгалла хууш хIума дац. Ткъа и шиъ тоба шех дIакъаьстича йиссина тоба шен кхиаман новкъа йахана тIаккха. Иштта дIа-схьа къестачохь хийцамаш хуьлу, керланаш йукъе довлу, цараха – инновацеш олу.

Цу инновацашка хьаьжжина башхаллаш а го хьуна. Уьш а шен агIора билгалонаш йу лингвистикехь. И тайпа цхьатерра инновацеш йу шумерин, хурритин, урартин, нахийн меттанашна йукъехь. Цундела Iилмано царна йукъехь «цIийца гергарло» ду ала бакъо ло.

Доцца аьлча, шумерин, хурритин, урартин, нахийн меттанин лардаш а (лексикан базис), грамматика, фонетика, инновацеш а цхьаъ йу. И бу вайн меттан – меттиг!

Абхази-адыгийн меттанин хаттин маттаца ша тайпа къаьстина билгалонаш йу, китти(кутти)-дегIастан меттанашна йукъахь кхин йерш йу.

Доцца аьлча, шумерин, хурритин, урартин, нахийн меттанин лардаш а (лексикан базис), грамматика, фонетика, инновацеш а цхьаъ йу. И бу вайн меттан – меттиг!

(Репортажан тIаьхье йу)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz