Коьртан гам хьакхар (трепанаци)

Суртдиллархо: Амирханов Борха

Гам хьакхар (трепанаци) нохчашна йуккъахь, луларчу халкъашна юккъехь а хилла гlapa-бевла дарбанаш лелош нах. Хууш долчу бахьанашца церан говзалла вайга схьа ца кхаьчнехь а, цара лелийнарг таллар а, хуучеран цIераш йахар а вайна тIехь ду.

Коьртан гам хьакхар таханлерачу дийнахь а чIогIа хала лоруш операци йу.

Х. Ошаевса, 1930 шарах, Цай-Пхедехь ша лелаш хенахь, цигарчу кешнашкахь адамийн туьтан тIехь гам хьакхар тешаллаш гина, аьлла яздина. (1)

Цо гойту вайна, 300 шо хьалха а нохчашна и тейпа операциш хууш хилар. Литературехь цуьнах лаьцна шорта лараш дисна ду. Масала:

19-гIа бIе шарашкахь И. Пантюховса ше “Нохчийн боламаш”(2) цIе йолчу болха чохь йаздина- “Цамгаршна дарбанаш лелош, массо йуьртах дарбанча ву церан. Цу хьокъехь гIар бевла хирургаш а бу. Говза чов дIайарзайан а, чуьра йаьлла меже меттахIотта йан а говза болуш, майра нохчашна трепанаци йан а хаа. Коьртан туьта дIа тоьхча йа даьIахк чу сеттина лазийча, йа даима коьрт- лазаро хьийзавеш велахь-ше цхьа кепа гамца (стоца) коьртан даьIахк хьокха цара, хье тIе кхаччалц», аьлла.

«Абрекаш олучарехь доьзна» цIе долу (3) жайна чохь йаздина ду: «МIайистехь Iаш къена маьлла волу воккха стаг йа ког кагбина, йа коьртан туьта лазабина ву. Ша чIогIа цецваьллера, кхузахь хирурган говзалла хууш болу дарбанчой гичи. Цу хирургаша ше тайпа лелош гIирс бу: чIор дIасхьа оза маIар, чов чу, хье тIе йоьжна сов хIума схьаэца морзахаш, даьIахка тIе озош, кIуж беш, вовшах хотта йеш-чIуг.”

Эриван госпиталин коьрта лор П. Поповса ше статья чохь(4) дуьйцу: «Ламанхойн дарбанчойшна таханлерачу медицинан хууш йолу методаш хаа. ЦIи саца дан дезар, хьу кхета цахуьлчу агIор- чов цIанъйан йезар а хаа.»

Иштта, герзан чов хилча, чов чохь хIоьан гериг йисна йолуш, чоьвначу цIена бехчалг Iовжош, йагош хIуманца (масала мышьяк) тIадайой, чоьвна «тIус» бора. Цо, таккха, и чов ястайора, цу чу маIа хотта йой, цуьнца чохь йисна йолу сов хIума, йелахь ноткъа-схьаоза йора. Цул тIаьхьа, попан бага и, моз и, хIоан буьйра и кегадой хьакхар кечдора. Иза цхьан бехчалган юкъа диллина хадийна жIонкаца (йаьста цайаьстита) рогIан цу чоьвна тIе йуьллара.

ГIар ваьлла волу гIазкхи хирург вара Н. Пирогов. Цо (1847 Кавказе веана вара) ше рапорт чохь яздина(5): «ДаьIахк кагйина меже, керла бина IуьстагIан цIокаца дIахьарча йо цара. ЦIоки чIор долу агIо меже тIехь хуьлийташ. И цIока йакъалой, меже дIалоцу, меттахь цайолийта. IуьстагIийн цIена баьккхана дум а, чен дума, дукха лела бо чов дIайаьрзита.» Дума компресс йеш а лелабо нохчаш.

А. Кулебякинса ше “Кунаки”(6) цIе йолу жайна чохь дуьйцу: Яна-Кхьалланера (Гребенской) полкан куьйгалхо майор Ефим Фролови кIант Влас Фролов ламанхойшца леташ хенахь, лазийна хиллера. Цу Ефими нохчи- накъост (кунак) вара Эрисхан цIе йолуш. БоргIане эвлахь вехаш вара иза. Цкъа лазийна волу Влас Соьлжа гIала Пирогов волча дIавиган хиллера. Цуна дарба лелош дара, амма гIоле цахуьлар цунна. Лазийна ког дIабакха сацам бира лоьро. И дIа цабакхахь валарна кхоьруш вара Пирогов. Иштта цу Эрисханса барт бира Пироговца а, цуьнан деца а, и кIант Юсуп бохуш волу цхьан нохчи дарбанчон тIе вига. Пирогов цу Юсупан тIе иза вига пурба делира. ТIаьххьара дика дIадирзара и гIуллакх, ког дIа цабоккхаш бисира.

ТIом болуш, и гIазкхий нохчашна «муха дукхо зие дийра дара», бохуш санна бара. Цундела къаьстанна дарбанчо хийлаза вина йарташкахь. Кавказан корпусан эскар инарла Г. Розенса эскарийн министр волу И.Чернышевна 9 дийнах эгиш баттахь 1832 шаран рапорт яздина хилла шаьш 150 цIа долу “Нурки” йурта хьаллакйарна. И йурта Шалажа эвлан юххехь йолуш, дукха гIар бевла дарбанчой хилла цигахь Iаш. Иштта, нехан иэсехь бисначарехь бу: Валартера 2 ваша- Бекмарзин Солебек и, Сардал Хьожа и; БелгIатойн эвлара Музин Джамалд и, Зияуди и; Эвтара эвлара АбулзIоки Дида; Шелара Эпендин Муслим, Юсуп; БIачин йуртара Овдарханин кIант; ЧIири йуьртара МоцIахьажин Исраил, МIайистера дукх-дукха нах бара дарба лело хууш.(7)

Ишттачу лоьрех- МIайстой Чорех а, Моьсагах а-лаьцна дийцира чIаьнтичо Мохьмадан Iабдул- Керимас, мIайсточо Джапаран Джабраилас а (шиъ а Итон-Кхаьллахь вехаш а ву).

Джабраила дийцарехь Моьсаг цуьнан кхоалгIа да ву, цо операцеш еш хилла чоьжа па, коьртана (гам хьакхар), иштта легашка хIиттина екха xloaш дIайохуш а хилла цо чоьхьа агIора. Ткъа цу тайпа уьш дIаяхар дукха хан йоцуш бен ца Iамийна вайн медицино. Джабраилица Iаш цуьнан нана а ю, лакхахь вийцинчу Чорас кортах гам хьокху операци йина. Иза и жима йолуш, вай цIера дахале хилла.

Ткъа Iабдул-Керима дийцарехь, цуьнан да Мохьмад, Чорас и тайпа операцеш еш цуьнан гIоьнча хилла лелла ву. Цундела цо иштта дуьйцу шена дегара хезнарг: -Чорас мел йиначу операцех цхьана стеган бен валар ца хилла, ткъа иза а жима воллушехь дуьйна коьртаца дика лартIехь а воцуш хилла.

– Цу хенахь корта кагбелча я цунна чов хилча,- дуьйцу Iабдул-Керима -корта дla a боший, дуткъа чIепалг а дой, иза дуьллуш хилла, цигахь дагap долун дела. Иштта хууш хилла айп муьлхачу меттехь ду. Ткъа вай буьйцучу лоьраша, шайгара леррина лелош урс а, гам а (кхузахь гам бохург ирачу Iайгах терра лоьран гIирс бу) цIергахь дагадеш, унах цIандеш хилла.

Юха уьрсаца коьрта тIера чкъор схьахадош хилла цара, кIужалш хьаьвзина меттиг чIогIа лар a еш, уьш Iожаллина кхераме йолу дела (хетарехь, нервийн шеддаш ду уьш).

Чкъор схьахадийначул тIаьхьа, цу тIехь горгамца туьха берам а буьллий, иза дIасадохуьйтуш хилла цара. Ткъа и дIасадаьлча, шена тIехь жим-жима гам а хьокхуш, туьта, юткъаеш, схъа а йоьллий, йоха ца ян, цунна тIера пар лар а еш, цIанбеш хилла цара хье. Чов дIайоьхкучу хенахь цу тIe палха, я туьха кхетаза дума буьллуш хилла, и сихха ерзийта.

Ткъа туьта кагьелла, йа гам хьокхуш даьIахк дIаяьлча, юткьа йан a йой, цIеста йома латош хилла, цIестачу чIагаршца дIа а чIагIъеш.

Иштта, цIеста йома латийна шена тIехь кхо чIуг йолуш туьта гира суна, со жима волуш, Маьлхан йистерчу маьлхан кешнашкара богIучу туристашкахь, – бохуш чекхдоккху Iабдул- Керима шена цу хьокъехь хууш дерг. (8,9)

 

Литературан хьоста:

  1. Л. Гудаев. 17-18 в. Вайнахи и трепанация черепа. Источник: ИА”Чеченинфо”/abrek.org.
  2. И. Пантюхов. Движение населения у чеченцев. Газета «Кавказ» № 7. Тифлис. 1901 г.
  3. О тех, кого называли абреками. Сборник рассказов, повестей, легенд, сказок, стихотворений и социально-экономических очерков о Чечне и чеченцах. Грозный, издание Чечнаробраза, 1927. 204 стр.
  4. П. Попова. Лечение ран у кавказских горцев. журнал «Смесь»№ 2, 1855.
  5. Пирогов НИ. Отчет о путешествии по Кавказу. М.: Гос. изд. мед. литер.; 1952.
  6. Кулебякин, А. П. Кунаки : Из былого гребенских казаков / А. П. Кулебякин. – Владикавказ : тип. Тер. обл. правл., 1913. – 63с. ; 17см.. – Извлеч. из N 105, 129, 130, 131, 137 и 138 “Тер. вед.” за 1913 г. [MFN: 110954]
  7. Ш. П. Казиев. Повседневная жизнь горцев Северного Кавказа в XIX веке. М.: Молодая гвардия; 2003. (wikireading.ru).
  8. М. Т. Индербиев. Медицина вайнахов. Нохчалла.com, 28.06.2014.
  9. Амагов Докка. Халкъан дарбанаш. Гам хьакхар. Газета “Аз”. Октябрь,1990.
  10. Т. З. Ахмадов. Научная статья.Трепанация черепа в народной медицине горцев Северного Кавказа. Сборник статей. «История здравоохранения и медицины». 2013.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz