«Вайна, вайн дайша йитаначу культуран, историн дай хила деза» 3.гь дакъа

Сигаури Илессца репортажан 3.гь дакъа:

Меттан макро-доьзал (макро-семья), система- доьзалхой, цуьнан генаш, тобанаш, тобанийн оганаш санна йекъало. Дуьненчохь I2-I3 меттанийн макро-доьзал (макро-семья) бу. Вайн мотт сино-кавказан макро-доьзална йукъе тоьхна бара. ТIаккха, меттан Iилманца цхьана даима а йоккха политика хуьлу, хIинца а вайна кочара дIайалаза йу «иберийско-кавказский» бохуш йолу цIе.

Сергей Старостина долийна дара массийта культуран меттанийн лексикера дешнийн орамаш дуьхь-дуьхьала хIиттадеш талламаш бар. Сино- бохучо –йукъе лоцу къилбаседан америкхойн а (цхьа болу индейцаш), Тибетан бахархойн меттанаш. Амма Европо а, Америко а къобал цайо и гипотеза. Со суо а вац иза кхин башха къобал йеш. ХIунда аьлча, этно-лингво-культураца хьаьжча цхьанадогIуш дац иза. КIайн Европин чIор долучу вайна а, монголан чIор долучу вукхарна а йукъахь йаккхий башхаллаш йу. Вуьшта хьажча а, Старостина чекх цабоккхуш и таллам йуккъехь биссина бу. Ша валале Кавказера материал дуьхь-духьал хIоттайан кхиира иза, амма настроти (настротический) меттанийн материал, афроази (афроазийская) меттанийн материал талланза йиссира цуьнан. Иза чIогIа говза Iилманча вара, амма, цхьана идеологига, йа шена тIедиллиначу косте хьаьжжийна бора цо шен талламаш.

Доцца дийцича, цхьацца политикаца а, идеалогица а доьзна дара цуьнан гIулаккхаш. Цундела иштта а, вуьшта а, тешаме йац цо йолийна йолу теори.

«… нохчийн-дегIастийн меттанашца хуррито-уруртин меттанаш дуьхь- дуьхьал хIиттош даладеш I68 дош ду»

Вай таккха муьлхачу макро-доьзалан йуккъехь ду? Иза хIинца а теллина дац. Амма талла дезаш лаьтташ ду и хаттар. Цуьнаха лаьцна дийца хIинца а хьалхе ду. Меттанин гергарлонаш муьлхачу бух тIехь ду гойту тоьшаллаш сайн жайнахь далийна ас. Цу кепара кечдиначараха- сан жайна дуьххьара ду. Старостин-Николаевс нохчийн-дегIастанийн меттанаш хуррито-уруртин меттанашца гергарло долуш хила тарлуш ду, аьлла дара. Амма цу гергалойн билгалонаш цара къаста йина йацара. Жимма гIолехьчараха бу Старостин – Дьяконов йукъара болх. Цу тIехь нохчийн-дегIастийн меттанашца хуррито-уруртин меттанаш дуьхь- дуьхьал хIиттош даладеш I68 дош ду. Цигахь йухьа а I00% материал нохчийн маттаца цхьана нислуш йу. Амма, ДегIастийн меттанаш дуккха генахь лаьтта цу ширачу меттананашна, церан гергалонаш дуккха кIезиг а гойтуш. Ас и тема кхиина, йаржа йина, оьшуш долу тоьшалаш дахкийна. Бух боцу теориш а, гипотезаш а, хетарш а, бахарш а дIа а дохош. Ширачу цивилизацин шумерин- хурритин-уруртин меттанаш нохчийн (нахийн) маттаца «цIийца» гергалло долуш хиларна тоьшаллаш а дахкош. Цуьнаха цхьаъ а шеко йиссина йац. ТIадам!

Илесс Сигаури этнографин экспедицехь Нохчийчуоьн лаьмнашкахь. Маьлхийст область, юкъерачу бIешерийн эвла Терти. Терти эвлан фонехь сурт, хIолламан-архитектурина, Iаламан Аргунскин йихкина-музейн директорца-Саратов СаIидца.

И тайпа болх дуьххьара бу дуьненчохь. I969-I972 ш.ш. арадевла «Нохчийн – ГIалгIайн историн очеркаш» цIе йолу ши жайна цалерича. Кхин дIа, хIара йу аьлла лартIехь литература йацара цу хьокъехь. ХIара сан тIаьхьара-«Очерки истории и государственного устройства чеченцев с древнейших времен» («Ширачу заманчуьра дуьйна нохчийн паччхьалкхан хIоттамаш») цIе йолу жайнаш арадовлалца. Хьалхарчу томехь цуьнаха лаьцна сайна хетарш дийцара ас. Оцу цIарца 5 том йу сан арайаьлла. Цаьрца йу археологица, политологица, фольклоьрца, палеонтологица, историца, лингвистикаца, антропологица, этнографица кхин йолчу а дисциплинашца йоьзна йолу тоьшаллийн материалаш. Кхачо йоллуш шен бух тIехь бина талламаш бу цу жайнашкахь.

И 5 томан презентаци хилара 2004 шарахь Москвахь «Россия» гостиницехь. 4-гIа том арайаьлча йира ас иза. ХIунда аьлча, кхана хIун хир ду цахуу заманаш йара уьш. Сан доттагIий цаIийра и цайича. Хаза кечйина презентаци йара иза. Цу кепара кечам бина цхьа а презинтаци йацара цул хьалха вайнехан Москвахь хилла. Цигахь баьхкина бара массо а къоман Iилманийн, культурийн нах, политикан а, бизнесан –элита а, кхеча махкара хьеший а.

И жайнаш зорбане дохуш суна цхьанна а дас гIо дина дац. Карьера йочохь, ахча доккхучохь сан дахар даима а эшаме хилла ду. Иштта хуьлуш бу Iилманчийн кхоллам. Цкъацкъа и талламаш дIататта дезаш а хуьлара сан, цхьа дуьненан рицкъа лаха дезаш, цхьаъ а аьттонаш боцуш висначохь. Ишттачу хьоло дукха эрна хан йойара сан.

Сигаури Илесс

Хууш ма хиллара, вайн Iэдална, полит- элитана, бизнес -элитана цкъа а коьртехь цадогIу Iилманчашна гIо дар, цунна накъосталла дан дезаш хилар.

ТIаккха, и пхи том вайн къоман историн ширачу заманашкара «наьI йоьллуш» йу. ХIинцалца вайна хууш дацара цу наьIаран тIехьа хIун ду.

2-чу томехь сайна хетарш, 5-чу томехь айса дуьйцучунна тоьшалаш дахкийна ас. Сайн теори нийса хилар тIечIагIдеш. Ас биначу белхан и тептарш каро йиш йу вайн Къоман библиотекехь, Американ, Европин, иштта, дуьненан кхечу къаьмнийн библиотекашкахь а.

Цу жайнашкахь йу нохчийн къоман йерриг истори- ширачу заманашкара дуьйна таханлерачу дене кхаччалца.

Юкъера материалаш йу Кавказан Албанехь а, цултIаьхьа йогIу заманахь а, Дуьненанйуюккъерачу хIордан гондахьа бахначараха а, иштта, Малхбузе Европе йиначу миграцех а. Шира заманаш йу уьш.

«Иштта, чIогIа хаза-йеза истори йу вай дайн. Иза цхьа а шеко йоцуш Iилмано билгалла даьккхина а ду»

Цигарчу мехкин шира меттанаш а вайн маттана гергара ду. Вай Кавказера дехьа довлуш дIадахна цхьана хенахь. Вай баьхна меттиг адамийн цивилизаци кхоллайеллачу «аганчохь» хилла йу. Сениара, Беттасан дуьшане цIераш йолучу латтанашкахь. Ливант а-ду вайн шира дай баьхна латта. Цигара дIа хьалхарчу Европе (Британи кхаччалца), хьалхьарчу Греци, хьалхарчу Итали дIаихна уьш шайн шайн заманашкахь. Цу хенахь, нахаш боцурш а хилла. Абхазаш, адыгаш кхин берш а. Амма дукхох а берш нахаш хилла. Миграцийш дукха хилла. Вайн шираллера зIенеш йу реликтан къаьмнашца: баскишца, этрускашца, тиренашца, ритейнашца кхин дIа а (хIордан къаьмнаш). Цу хьокъехь диссина археалогица, меттанашца тоьшаллаш а ду. Иштта, кхиина ду вайн къам. Шен пачхьалкхаш кхуллуш, уьш дIайохуш, миграциш йеш, дIадоьдуш, схьадогIуш, кхечу къаьмнашца элуш. Вайн къоман ишттачу кхолламан лар вайн меттан орамашкахь йисна. И базис дешнаш хенаца дIацадовлу.

Иштта, чIогIа хаза-йеза истори йу вай дайн. Иза цхьа а шеко йоцуш Iилмано билгалла даьккхина а ду. Иза вайна дозалла ду, сийлалла йу. Вай къам Нух пайхамара йолинчу цивилизацера массо а адамийн субстрат шеца йуй те, аьлла ду. Амма уьш Делан къайленаш йу. Цу хьокъехь дерг вайна цахаа.

20 шо сов даьлла и сан жайнаш арадевла, амма тахна а нохчийн къомера (нохчий, гIалгIай, бацой) хабар дац цараха. ХIинцалерачу историкех деган-йовхо йац сан. Вайн тIекхуьучу кегирхошка сатийссам лаьтта сан. Цареха Iилманца бала болуш вайн къоманна пайдехьа нах бовларна деганйовхо йолуш. Къоначу историкашна атта хир дац цу новкъахь, хIунда аьлча и некъ хIинца а дикка баьстина бац.

Талламхочо ша толлу тема йаздан дIаволавалале, цуьнан массо а Iилманан агIонаш билгалайаха йезаш ву. Цуьнаха болу хаамаш, литература гулйан йеза цо. Даима цуьнца йоьзна кесталгIа арайилиначу публикацашка хьежа веза иза. ТIаккха- бен цуьнан белхан кхиам а хир бац, йа цуьнан йозанеха Iилма а хир дац.

Вуьшта, хьалхе дуьйна схьа йевзаш цхьа тема йоллушехь, шаьш цхьа керла хIума йукъе доккхуш санна, статьяш йазъеш Iаш берш а бу. Вайн къоман Iилманийн талламхой бу шаьш бохурш. Нахана къола деш церан белхаш копировать (плагиат) беш меттигаш а йу. Хаза, оьзда доцу хIумнаш ду уьш. Ша Iилманан секторчохь велахь, талламхочуьнан репутаци цIена хила йеза!

«Вайна, вайн дайша йитаначу культуран, историн дай хила деза»

Историца, лингвистикаца, археологица кхин дIа а, массо агIора йолчу литератураца болу хаамаш, билгалонаш гулйеш вайн къомах лаьцна йаздина ас. Кхин дIа, ас хIоттиначу цу «букъсуртан» тIера цхьацца тема схьалаьцна талламаш бан беза талламхоша. И Iилма дебош, алсам доккхуш, даржадеш. Цуьнан мел йолу зIаьнаш, уьйраш билгалайохуш. Цкъачунна и деш, йа дан схьагуча ваьлла цхьа а вац суна гуш. Дала мукъалахь, кегийрхойшна йукъера бевр бу цу хIуманна бала берш. Вайна тIемаш хилла, депортацеш хилла, бохамаш хилла. Вай и халонаш хьоьгуш леллашехь, вайн лулахьара къаьмнаш вайн истори, культура, фольклор шайна а йерзийна, хIинца а шайна тIе йаздеш Iаш ду. Массара дIа- схьа йокъуш йу вайн силсил. Вайна, вайн дайша йитаначу культуран, историн дай хила деза вай. Вай дайш бина кхиамаш, шайн дайш кхиамаш бу бохуш, йаздеш жайнаш ду шуна. Вай сема хила деза!

Таханалерачу дийнахь вай деградацехь ду. И иштта хиларна берриг а бехк вайна тIехь бац. Вайн гондахьарачу империйша цадуьту вай кхиа, деба. Амма вай ваьш а дац кхин башха къахьоьгуш. Кхиа а, нийса некъ харжа а. Вайна авторитеташ а, приоритеташ а, информацеш харжа цахаа. Ас сайн жайнашкахь вай муьлш ду, мичхьара ду Iилманца далийна долушшехь, и жайнаш деша цалаьа вайчарна. Амма, оцу интернетан каналашкахь мах а луш, мичхьара, муьлш бу а цахууш охьаховшиначаьрга ладугIуш Iаш ду вайн къам. Ткъа вуьша-м вайн къам тилдан, лиэдан, хIаллакдан Iалашонаш йолуш бу. Семадовла цхьажимма! Хекъале хила! Уьш вай къоман мостагIий бу шуна.

Цу кепара дIадоьлхахь, вайн дайша биллиначу оьздачу, сийлахьчу новкъара девр дуй те вай?!

Билгалдаккха луур дара со сайн лаамехь политик, Iилманча, литератор хиларна. Цхьанна а кепара, цхьанне олаллехь цахилла цкъа а. Идеалоги хуьлийла иза, йа политика хуьлийла, ницкъ болчохь а, йа цунна дуьххьало агIонехь а цахилла. Со суо сайн хекъалца, лаамца вехаш стаг ву, талламхо а ву. Сайн къоманца нийсса- дIа ву со. Сайн жайнашца, сайн поэзица къамел до ас сайн къоме. Сан къоманна уггаре а вуон хилламаш даимна а Iэдалера хилла бу. Ткъа цунна хилла долу диканаш – къомо ша шена динарш бен цахилла. Ас цкъа а сайн халкъе- хIара де, йа вожа де цабаьхна, йа кхайкхамаш а цабина. Ас и къам теллина, цуьнан истори зорбане а йаьккхина.

Вайн къам шен охIло, пачхьалкхеш, культура, Iадаташ, гIиллакх-гIуллакхан система, этика, эстетика, философи, дин а долуш Дуьненан исторехь кхиънайалла хилар гайтина ас. Дуьненан къаьмнашна йуккъехь вай муьлш ду дийца, Iилманца «кеп» кечйина ас. Сайн ма хуьллу, сайн ницкъ ма кхоччу, дуьненан исторехь нохчийн къоман «паспорт» кечдеш.

 

P.S.ХIара репортаж кечйеш муьран Илесси цIера, Эна-Хишкехь (Серноводск) цуьнан цIа Iэдало дохийна, аьлла хабар деара.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz