-Де дика дойла хьан Муса. Хьо казахи махкахь вина ву. 1957 шарахь махкахь баьхна нохчий цIа боьрзуш хьо жима вара. Казахи махкахь хиллачу дахарехь лаьцна (бакхийчара дийцан), хIун дагадогIа хьуна?
-Суна Казахстан дага ца йогIа. Тхо цIа дIаьхкана со кхо шо кхочуш вара. Суна дага дохучарехь: ишкол кертахь Iийна тхо. Барх класс кхаччалц доьшуш йолу школа йара иза. Цуьнан кертахь гIу йара. Цунна тIехула горга тхов бара. И гIу дага йогIа суна хIинца а.
Жима волуш хенахь жайнаш доьшуш хаза хеташ вара со. Дуьххьара сан дагчу тесна, суна тейна чарехь Мамакаев Iарбис йазйина поэма «Нохчий лаьмнашкахь» йара. Цигара байташ чIогIа езаеллира суна. Сайн кара йохуш йолу массо нохчийн жайнаш доьшара ас. БархгI-ис шо долуш вара со цу хенахь. Суна гIазкхийн маттахь цхьаъ дош цахаара. «Что ты глаза вылупил?» аьлла, сайга хьехархос, «язык», «глаза» царна йуккъехь «з» долун дера, цо багар мотт буьйцу йа бIаьргаш буьйцу цахууш, школехь кхоалгIачу классехь, со дIахоттавин латош дагадогIа суна. Ас маьл дешна долу жайнаш деррига а нохчийн маттахь дара. Суна та цатов-ар кхиндерш.
-Ахьа чекхйаккхан филологически факультет Нохчийн ГIалгIайн университетахь. ХIунда хаьржара ахь иза?
-Со филологийн факультети деша веанера. Школехь дуьнда йазйан хаза хеташ, луаш вара со. Байташ йазйора ас исолгIа-итолгIа классашкахь волуш. Ас цхьа байта йазйинера «Ше мотт бицбинчунна, ше керт йохкачунна «неIалт хуьлда», бохуш. Таккха, хиънера суна Гамзатови байташ а хилла иштта дешнаш долуш, амма гIазкхийн маттахь. Сайнаш цуьнанчарехь тера нисйелча, ас байташ йаздар дитар.
Университете веача, цигахь йоккха жайнанчоь гича, цигахь хуьлара со. Францин йаздархойн жайнаш доьшара ас: Ги де Мапоссан, Г. Флауберт, В. Гюго. Дуьххьара сан куьйга кхаьчнарг Мопассани жайна дара.
-Муьлханиг произведени йара хьан уггаре хьалха зорбатоьх арайалла йериг? Стенах лаьцна йара иза?
-Дуьххьара дийцар суна дага цадоха, шолгIаниг –«Наггахь суна са гаттделлча» дара. Хьалхар том чохь ду ас дуьххара йаздинарг, дага деана суна иза хIинца! Цу чохь дуьйцу ас цхьа зуда школера хьехархочунца йадар. Цу хенахь «Орги» редактор вара Шейхи Арсанукаев. Цо схьа цаоьцара сан дийцарш соьгара: «Суна хIара муьрдаш оьшуш бац», бохуш. Ас а цуьна тIе мохь хьаькхира. Жима вара со цу хенахь, ас чIогIа човха вира иза. И дийцар охьакхоьссна, цулла тIаьхьа со дIавахар «шабашке». БархI бутт баьккхина со цIа веара. ЦIа веача, и дийцар арадаьлла хиллера сан. Духхьара ас йаздинчунна цIе «Автобус дIайахнача» йу моьтта суна. Цулла тIаьхь ас масийта жайна йаздина. 2 том арайаьлла сан, ас хоьца Доккига дIайахийтна йолу, хIинца кхоалгIа том кич йу сан. ХIара бутт дIабовша арайаькхийта дIайала езаш ву со. ХIинца хоьга къамел дале, цхьацца йаздеш Iаш вара со. Тхан йуртар коьртан дика воцуш цхьа кIант вара, цуьнахь лаьцна йаьздеш. Иштта, хIуманаш ду-кх..
(тхуна хиира-Дуьххьара «Берийн ловзар» цIе йолу дийцар зорбанехь араделира «Заветы Ильича» газетан агIонехь).
-Хьан произведенешкахь сих-сиха нисло бераллахь йаздар, оцу бахьаница вахар хьо “СтелаIад” журнале? Цигахь ахь бина болхахь лаьцна дийцахьа.
-Ас «СтелаIад» журналехь 16 шарахь болха бина. Муьлхачу шарашкахь суна дага цадогIу, хIунда аьлча инсульт хиллачул тIаьххьа дукхох долу хIуманаш суна дага цадоха. Цхьа хан еара, со гIалахь вара Iаш. «СтелаIад» и «СелаIад» журналаш цхьаьнатоьхна арадаьккхара вай республикехь (1986 шо). Коьртан куьйгалхо Чахкиев СаIид хIоттавинера, Яндарбиев Зеламха жоьпаллийн секретарь а, нохчийн меттан редактор а вара. Со шабашке лелаш вара цу хенахь Сибре, Алтайе. Цхьан суьйран со волче Зеламха веара, соьга «СтелаIаде» балха вахьарахьа хьо, аьлла. Ша Зеламха «Союз печати» дIавигнера балхан. Со цхьан баттахь дIаваха везаш вара шабашке. Цкъа хьажахьа цу болхе, аьлла со журнале вигара Зеламхас. Иштта висара со цигахь. Суна чIогIа атта бара и болха. ТIом балале гIалгIай дIабахара, нохчийн журналан жоьпаллийн куьйгалхо со хIоьттара. Болха боцуш лелаш Апти вара. Обком комсомоле со дIакхейкхан, журналан коьрта куьйгалхо хIотта веза хьо, аьлча, со цхьацца таронаш йолуш вара (шабашке вахна, кхин дIа..). Апти вахийта, элара ас. Ас сай метте Апти хIотта вайтар. Цул тIаьххьа Муса валийра. Леча вара цхьан газетан коррепондент, схьахетарехь. Леча а валийра ас. И Апти а, Муса а, Леча а чекхваьккхара ас журнале балха валош. Уьш редакторш хуьлийташ, со со жоьпаллийн секретарь волуш-тIом баллалац болха бира. И хIуманаш лелийра ас, цхьа дика хIума до-кх ас царна, бохуш. Дика болха хиллехь цуьнахь, хилла хир бу-кх.
Яндарбиев Зеламха майра кIант вара, дика кIант вара, цхьа пайдабоцург хIума дацар цуьнца, доьнал долуш кIанта вара иза. Цхьан хIуманна йухь вера волуш вацар иза, йа белхана, йа къамелан а, йа доьвна а. Ахмадов Мусана реза ца хуьлара иза кест-кеста. Со хийла тIехIоьтна Мусан Зеламхан дуьххьал, лов гена цадалийта. Зеламхига- «Iад-Iахьара хьо!» оли.
Цу хенах журналин тираж йара 32-36 эзар экземпляр. Таханлерачу дийнахь 1-2 эзар бен арацадола иза, схьахетарехь.
-Цхьан репортажехь дийцина ахь, дийцар йаздеш хенахь дерриг коьрта чохь латтадо ахь, аьлла. Еана ойла, эццахь, цхьан жима кехат тIе йаздо кхечара, шейн дицца цадан. И йоккха корматалла йу, аьлла хета суна. Хьайн массу произведени дага йогIи хьуна? Уггаре хьоме, произведенш йуккъехь, муьлханиг йу хьан?
-Суна сан массо произведенеш дага цайогIа, дага йарна а йиш яц. Уггаре дика йаздинчарехь ду, аьлла (сайчарехь) 200 сов дийцарш йукъехь 10-15 къаста дан а мегара ас. Амма дийцарш массо стаган цхьа терра ца доху. Цхьацца болчарна тов, кхечарна ца тов. Ас йаздеш хенахь нехан ойла цайеш, сайн ма тов йаздо ас, сайн хаза хетачу, тайначу агIор. Йешархочунца сан бала цахуьлу. Сан сина, ойланашна мегаш хилча-тоьа суна.
Со, кхозлагIа курсехь волуш хенахь, дийцарш йаздан вола веллера. Хьалхара тIом баьллачу хенахь, гIалахь эцна цIа дара сан, тхо цигара йурта хьаладахнера, гIазкхий кемо бомба тоьхна, сан чура жайнашийн гуллам, массийта йаьшка сан куьйгайаздина йаздарш, даьгна.
Сай жима волучу дуьнда нохчийн жайнаш доьшуш волу со, уггаре хьоме йаздархо Арби Мамакаев вара, хьалха ас ма аллара. ЙиъолгIа классехь цуьнан цхьа байта «Когаш ловзуш ма Iиллар со, бай тIехь бертал»-йу сан дагахь йиснарг. «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма йоьшуш, бера долуш хенахь, хийла вилхира со. Цу поэми хьалхараалар дара чIогIа хаза.
Тхан ламчохь даьхни лелош вара тхан да. БIаьста лакха хьалавоьдара со, цига. Тхан йуьртахь йоккха жайничоь йара. Цигара, аьхка деша, цхьа иттехь жайна оьцара ас. Иштта волавелара со йаздан.
Вокха хилачултIаьхь -Гацаев СаIид ву. Хаза байташ йу цуьнан, безамах лаьцна, Iаламахь лаьцна. Iаламат чIогIа дика поэт ву иза. «Гар -цагар и бен цахеташ, лела атта дуьххьал кхеташ», бохуш цхьа байта йара цуьнан суна тайна.
Суна дуккха безаш болу нохчий боцучарехь: Ирвин Шоу ву (Америкера) цуьна «Вечер в Византии» чIогIа хаза хета суна. И. Бунин «Жизнь Арсеньева», Юрий Казаков ву Iаламат дика йаздархо. Оцу Казакови ду «Во сне ты горько плакал», «Осень в дубовых лесах» дийцарш дика йаздина. Нохчийн поэзехь Гацаев СаIид ву, Мамакаев Ахмад и Мохмад и ву.
Дийцарш, дика йаздеш берш, чIогIа къезиг бу вай. Къаьсттина, дийцарш йаздеш вериг хилча а, цуьнан а 5-6 дийцар дика нисделлехь -хьастам бу. Со дийцар жанр кара йаьрзо лууш вара даимна. Шиъ бIе герга дийцар йаздина ас. Таьххьарчу хенахь цхьа повесть чекх йаьккхана ас. Иза тIойин ваьлча Доккана (Амагов) дIатосар йу ас иза. Цуьнгара схьаоьцар йу ахь.
(Репортажан тIаьхье йу)
Бексолти Эльмурзин Муса
Нохчийн йаздархо, прозаик, Нохчийчоьнан а, Российн а (1992 шо) Йаздархойн Союзашан декъашхо, Ленини комсомолан совгIатан лауреат (1988 шо), 2005 шарахь «Литература» номинацехь «Дашо бухIа» совгIатан лауреат, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо (2005 шо).
Муса 1954 шеран товбецан хьалхарчу дийнахь Казахийн ССРн Мендыкаринскан кIоштан Бурабай юртахь дуьненчу ваьлла. 1957 шарахь иза цIа вирзина, ше де юртахь (Алхазурово) хьалакхиъна. 1979 шарахь цо чекхйаьккхира Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет. 16 шарахь «СтелаIад» берийн журналехь болх бина, коьрта редактор хилла.
Библиографи:
▪ Дийцаран гулам «Мархийн кIайн гIаргIулеш» – 1985 шо;
▪ Дийцаран а, повестешан а гулам «Йуха кханна а селхана санна…» – 1988 шо;
▪ Дийцаран гулам «Наггахь, сайн сагатделча…» – 2004 шо;
▪ Прозийн гулам 2 томехь «Я хьан тухур буьйсанна хьа неI» – 2004 шо;
▪ Прозийн гулам»Дахаран хин генара бердаш»-2009 шо;
▪ Гулам «Сан вешин тIехьийза йоI» – 2011 шо.кхин дIа а..
▪ Цуьнан жайнаш, дийцарш гIазкхийн, ингилсан, французийн меттнаша даьхна ду.