ДОЦА КЕРЛАНАШ

0
39
  • 1- 2024-чу шарахь Парижехь чекхйаьлла Олимпиадехь боккха кхиамаш баьхна нохчийн спортхоша. 74 кийла категорехь Узбекистанан цӀарах къовсалуш, дашо мидал а яьккхина, Олимпан чемпион хилира Жамалов Разамбек.

65 кийла категорехь Албанин цӀарах латархочо Дудаев Ислама яьккхина цӀестан мидал.

Греко-римхойн латар тӀехь 87 кг категорехь Данин цӀарах къовсалуш волчу нохчийн спортхочо Бисултанов Турпал Ӏэлис цӀестан мидал яьккхина.

    • 2- Мятсел- баттан 30-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀаяьхьира «Лаьмнаш, со а, стигал а бен доцчохь» цӀе йолу суртдиллархойшан гайтам. «Нохчийн Республикан кхоллараллин адамаш» цӀе йолчу регионан проектан дакъошкахь йара Петарбухарчу Репин Ильян цӀарахчу исбаьхьаллин академин а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а хьехархоша а, студенташа а кхаа кӀиранах пленеран гайтам. Гайтамин куьйгалла деш вара Исбаьхьаллин академин хьехархо- Яхиханов Рустам. Гайтам хилира Соьлжа-гӀалан Эсамбаев Махьмудан цӀарца йолу бульварехь.
    • 3- Шинарин дийнахь, Закаев Сайд-Хьусенан цӀарахчу Соьлж-ГӀалин ипподроман территори тӀехь, кху деношкахь Соьлж-ГӀалахь дӀахьош йолчу Кавказан- «CIF Cup» инвестицин форуман мероприятешкахь говраш хохкуш чекхйелира. Ялх къовсамашкахь, тайп-тайпанчу клубашкара говраш дакъа лецира.

 

    • 4- Илланча Дадашева Тамарина «Россин Федерацин Хьакъйолу Артист» йеза цӀе йелла.
    • 5- «Россин Федерацин хьакъволу Ӏилманча» цӀе йелла Халидов Айсана, филологин Ӏилманийн докторна, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан кафедран профессорна.

 

  • 6- Эсамбаев Махьмудан цӀарахчу пачхьалкхан берийн иллин а, хелхаран а ансамблан «Даймохк» 25 шо кхачарна лерина концертан программа дӀаяьхьира Соьлжа гӀалахь. И мероприяти хилира Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀа чохь.
  • 7- Владикавказехь дӀаяьхьира 2024-чу шарахь Россин Кубок яккхаран блиц а, цигахь дакъалоцуш вара 140 спортхо. Нохчийн Республикин цӀарах дакъалоцуш вара дика кхиамаш гайтина пхи шахматист. Уггаре боккха кхиам баьккхира 12 шо долчу Шаипова Раббияс, цо зударшна юкъахь 2-гӀа меттиг яьккхира блицехь, 3-гӀа меттиг яьккхира рапидехь. Саидов Билухьаж тоьлла блицехь. Ветеранашна юкъахь хьалхара хилира Яндарбиев Руслан.
  • 8- РогӀерчу маршрутан декъехь «Дайн некъашца» цӀе йолчу исторически-географин экспедицин декъашхоша дӀаяьхьира Нохчийн Республикан пайдечу бецах а, ораматех а лаьцна мастер-класс. Маршрут ши эзар метр лакхахь лекхачу лаьмнашкахь лаьттачу “ЧӀанти-Ӏам” олучу кӀоштахь йара. 90 гергга экспедицин декъашхочун аьтто баьлла Муталиев Хаважигара мастер-класс эца- дарбан бецаш йовза.
  • 9- Соьлжа-ГӀалахь 684,4 млн. сом ахчанах кхочушъеш ю ангалин заводан проект. Проект кхочушъяр лаьтта коран ангали а, ангалинпакеташ, дагийна ангал, ангалин тейп-тейпан лело хӀуманаш, ангалин огаш, архитектуран фасадан конструкцеш а арахецар. 50 кхаччалц керла белхан меттигаш хира бу цигахь. Проект кхочушъян лерина хан ю -2023-2029 шераш.
  • 10- Соьлж-ГӀалахь теннисан школа йина яьлча, цига баьхкинчарна аьтто хир бу 8 теннисан корташна тӀекхача, царех йиъ арахь хира йу. Объект чекхйакха лерина ю хӀара шо чекхдолуш.
  • 11- Соьлжа-гӀаларчу къоначу хьовсархошна лерина йолчу театран тойинчу гӀишлон чохь дуьххьара гайтира нохчийн мифологин бух тӀехь яьккхина «Воккхачу стага соьга дийцира» цӀе йолу спектакль.
  • 12- Курчалой кӀоштан Олимпан резерван спортан школин дешархоша толам баьккхина IX Ерригроссин аьхкенан Универсиадехь паргӀат латаран къовсамехь – 2024. Яхиев Халид, 86 кг йозаллин категорехь къовсалуш мидал йакхан, Магомед-Эми Элтемиров-70 кг категорехь.

 

Хьосташ:

Grozny-inform.ru

Сhechnyatoday.com

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz