Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Рок-тоба «Нохчо» -2.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа- гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш, «НОХЧО» альтернатив рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн тIаьххьара дакъа.


Милана Айдамирова К.


-Шу альбом чохь маса эшар йара?

-Альбом йукъехь 10 эшар йара: «Люди и звери», «Дети бездны», «Пыль», «Диспейер», иштта дІа кхин а. Тхан хІора эшар тхайн дахарехь тхайн синхаамахь а, зеделларгахь хІотийна йолу «бІов» ю. Мукъамаш йазбеш исбаьхьаллица бала бара тхан, цхьа а билггал спонсорца йа бизнессца бала бацара. Тхан исбаьхьаллца долу дахар дуьненан дахарца цхьаьна дара.

-Нохчийн маттахь эшарш юй шу?

-Дера йу. «Эхартан Къам», «Соьлжа-ГІала», «Дог» санна дукха эшарш йу. Керлачу хенахь нохчийн маттахь постгранж стилехь эшар тІехь болх беш ду тхо.

-Альбом дІаязйинчул тІаьхьа муха дІадахара гІуллакх? Муха дІаязйора эш и эшарш цу халачу хенахь, гІирс а, студия а йоцуш?

-Аз йаздарн студи оха тхаьш йира. ГІалан микрорайонехь Рамзанан квартирехь дечиг ламелех каркас а йина, цу тІе нахана гІо дарн комитеташша дела долу юргІанаш а тоьхна, изоляци йина кеч йира оха. Цу хьолехь Рамзанан аз дІаяздора. И дерриге а оха балхахь мукъачу хенахь дора. Тхо хІетахь Пенсин фондан пресс-службехь болх беш дара. Музыкан балхо дуккха а хан оьцура тхан, дуккха а хьекъалан а, синхааман а ницкъ, энерги оьшура цунна. Цхьан эшар тІехь болх чекхбаьлча, боккъал а кІадделла хуьлара тхо. ХІетте а, иза кхин дІа а бан ницкъ карабора тхуна. Суьйранна балхара чекхдевлча, хазахеташ тхан студи чу доьлхура. Цхьацца заманан муьрашкахь тхан балхаца бала хилла, тхан болх синкъоме хетта юххе нах бохура тхуна. Оха леррина тхан гІуллакх дан цкъа цкъа цхьа а лоьхуш вацар. Тхайна дохуш дерг, хеташ дерг, товш дерг лела дора оха. Кхеташ ду, хала ду нахана исбаьхьалла а, бизнес а цхьана лело. Исбаьххьалийн стагана тешам болуш цхьаъ оьшу йуьххехь. Ткъа и стаг воцу-н дера, иштта кхидІа а къахьоьгара оха. Хетарехь, вай даима а хир ду цу хьолехь. Иза вайн тІеран дІадера доцуш хІума ду, массо а дуьхьалонаш елахь а: социалан, финансийн, иштта дІа кхин а.

Оха музыкца дІакхачо луург дериг- адамалла, дикалла, цІеналла йу. Тхо цхьанна а вониг деш, цхьанна а зе деш дац. Суна хетарехь, тхан иллеш-эшарш дахаран, сатийсаман, къинхетаман, дуьнен серлонан философи дІакхачош йу. Вайна массарна тІом дІабирзинчул тІаьхьа тІеман тІаьхьа хуьлуш йолу синдром оха а дІатекхна. Дахаран халонаш тІе а эцна, цаьрца дехаш дара вай цхьана. Бакъдолчуьнца нисдала гІерташ дехаш дара вай. И дерриге хилларш цикл кепехь гойтуш ю тхан альбом.

-Нийса боху ахь, оцу хенахь Нохчийнчохь мел хиллачунна синхаамаш бу уьш. И бу вайх хІораннан лазам. Йоьхначу гІалахь адамалла а ца йойъуш, дикчуна сатийсамца бехаш бара нах. Дийна бисанчаран юкъехь къинхетам бара.

-Іаш волу меттехь йуькъараллоно боккха тІеІаткъам бо стагана. ХІора стаг хийцавелча-нах хийцало, юкъаралло а хийцало.

Ramzan Şageriev (solda), Milana Aydamirova K. ve Anzor Bisaev. Grozni/Çeçenya

-Маца, мичахь гутаррен а гІарадевлла шу?

-2006-чу шарахь, Rokgeroy.ru сайта тІера дІадолош, цул тІаьхьа ВКонтакте тІехь меттиг ийцира оха. Цул тІаьхьа 2012-чу шарахь Пятигорскехь хиллачу Арт-парадехь концерт яра, Къилба Кавказан йукъехь музыкан къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира оха.

-Дийцахьа, шу нохчий хиларна, цхьа а озабезам бини шуна цу муьрехь?

-ХІаъ, цхьаццаберш тхох бешаш бацара юьхьанца. Нохчашна рок музык евзий те, аьлла бара. Оха цу гайтамна эшарийн сэт кховдийра организаторшна, амма хьалха цхьа эшар лакхал тхуна, элира цара. Иштта, “Хьалха цкъа хьовсур ду тхо, шу пайдехь ду йа дац…», бохуш санна. “Пыль” лекхира оха. ТІаккха кхин цхьа эшар а йийхира цара. Оха «Здесь и сейчас» цІе йолу эшар лекхара. Нохчашкара иштта мукъамаш бера бу аьлла ца хетара царна. Хазахетарца цецбевлла, «Нашествие» фестивалехь дакъа лаца кхайкхира цара тхо. Конкурсехь техник тІехьожуш болу нах а бара юьхьанца мелла а озабезам болуш. Тхо тхайн техникаца дахара цу фестивале. Сцени тІехь церан гІирс белахь а, тхайниг лелор бу, элира оха. Цу гІуллакхо дика дакъа лецира нохчийн рокершна дика васт кхоллайаларна. Ткъа тхан эшарш ша- тайпа, башха йолуш а йара цигахь. Меттигерчу телевизионо тхоьца репортаж йира. Рамзан а цигахь чІогІа гІаравелира. Боккъал а юьхькІам йолуш дика материал яра тхан. ДагадогІу суна, цара тхуна рок-батл муха кхайкхийра. Цхьа тоба йогІуш яра цига Краснодарера. Тхуна цхьа шатайпа абсурд яра и батл, амма тхо реза хилира. Краснодарера и тоба схьакхаьчна. Дика техника а йолуш йалх стаг вара церан. Уьш мукъам лакха буьйлабелира, иза инзаре цхьа фиаско йара. Цара дог дохийра, тхан хилла ца Іаш, ерриг а ладогІархойн а. Эшар ах дІадаьлча, сацийна, баркалла а аьлла, новкъа бехира уьш цара.

Иштта, батл ца хуьлуш дІадийзира иза. Цу фестивалехь оха хьалхара меттиг яьккхира. Суна дагадогІу, догІа доладелира, концерт Советан зале дІаяхийтира цара. Юха а мукъам алахьара эш, аьлла тхоьга, оха цу залчохь нохчийн рок-музык лекхира. Советан заманан герб тІехь йолу подиум яра коммунистийн партин декъашхошна лерина. Тамашийна сурт дара иза, Рамзан гербца йолу подиум тІехь рок эшар локхуш вара. Со подиумна кІел хиъна Іаш вара, гитара а локхуш. Советан зал чохь ладогІархой буьззина бара нонконформисташ а, музыканташ а, куьйгаш лестош, сакъоьруш. Иза цкъа а дицлура дац (воьла).

Доккха хІума дара тхуна, тхан белхан жамІаш а, наха дика мах хадор а гича. Цо, шеко йоццуш, кхидІа а болх бан дог доуьйту, ницкъ а ло. Рамзан цигахь седа бара.

Цул тІаьхьа хилира Селигеран фестиваль. Цхьа продюсер реза вара тхан балхан хІетахь. Тхоьца болха бан лиира цуна. Амма тхан тобанан цхьана декъашхочун могашаллица доьзна халонаш хиларна, оха юхатоьхна и кховдор.

Цхьана юкъан тхан тоба яржош вара иза, тІаьхьа республикера дІавахара иза. 2013-чу шарахь тхоьца зІене елира Батинова Елена. Иза Москва Радион передача дІахьош ю. «Россия» каналехь «Девчата/Зудабераш» цІе йолу шоу дІаяьхьира цо, цул тІаьхьа Евровидени дІаяьхьира цо. Сусаева Миланехула девзира тхо цуна. Сусаева «Грозный» радион диджей ю. ХІетахь цхьана трекан тІехь цхьаьна болх бира оха Миланица. Цуьнца зІене яьлла хилла Батинова Елена. Миланас йовзийтира иза тхуна. Тхо лакха кхачо, кхио гІертара Елена, амма тхо шейна форматехь дац олура цуьнга. Цул тІаьхьа цо тхо Москох кхайкхира, дийна доьду гайтамехь гучудовла. Тхан аьтто цахилира.

Иштта дахаро шанс йелча а рицкъ цахилча дуьсар.

Hasiev Muslim (solda) ve Ramzan Şageriev

-Ткъа хІинца хІун деш ду шу, мила ву шун йуьккъехь?

-«Despair, Smash You Reidols» альбоман эшарш дукха хан йоццуш интернетчохь йаьржина, къаьсттина Линкин Паркерчу Честер Беннингтонан репертуарца йолу тхан эшарш. Рамзан Къилбаседа Кавказехь тоьлла вокалист ву аьлла хета суна. Технически агІор чІогІа хьалхаваьлла ву иза. Иза иштта хиларна ерриг а тобано а дакъа лоцу. Иштта «монстр» ​​кхио, гондахь оьшуш йолу атмосфера кхолла йеза. Карарчу хенахь тхан тоба йуькъехь Хасиев Муслим (гитара), Бисаев Анзор (гитара), Шагериев Рамзан (вокал) ву.

-Экранехь а, сцени тІехь а йолчу хьайн персонажехь къаьсташ вуй хьо дуьненан дахарехь?

-ХІаъ, сцени тІехь а, камеран хьалхахь а сурт кхуллу оха, амма иза а ду тхан дахаран цхьа дакъа.

-Муьлхха «Нохчи» цІе йолу хІума чІогІа гІарадола хІинца дуьненчохь. ХІоранна а лаьа, нохчийн этник рок музык муха ю хаа, ган а, хаза а.

-Нохчий дукхахьолахь боьвза спортхой а, тІемалой а санна. Нохчий тайп-тайпана бу, дуккха а белхашкахь, исбаьхьаллин жанрашкахь похІма йолуш болх беш а бу; вай и диц дан ца деза. Юьхьанца оха дукхах дерг оьрсийн рок локхура. «Дети бездны», «В лабиринте мечты» санна эшаршкахь. Цул тІаьхьа альтернатив роке дІадахара тхо, цу юкъахь гранж а, пост-гранж а, иштта дІа кхин а стилеш ю тхан.

Карарчу хенахь керла эшар тІехь болх беш ду тхо; цо цхьаьнатуху дуьненчохь дерш а, хетарш а.. Вайн ерриге а эстрада безаман иллешца юьзна ю тахан. Ироница дуьйцуш ду оха иза цу эшарчохь. Оха сацам бира постгранж рифф стиль мукъам, нохчийн безаман лирикаца цхьаьнатоха. Иза концептуальни цхьа кийсак ю.

Нохчийн маттахь уггар лаххара а ши илли ду тхан кечдеш. Тхо «Йохар юй теша зама» а, кхин цхьаъ «Безам» а, «Туьйра» эшаршан тІехь болх беш ду. ЛадогІархошна дагахь а доцуш самукъане хир ду аьлла хета суна уьш.

-Доггах сатуьйсуш хир ду тхо царна. Шу цІеран мичара ду, муьлха тейпан ду?

-Анзор: Со тейпан ригахой (чІебарлой тукхаман тейпа) ву. ЦІеран дахале (1944 шо) Ригахьах баьхна сан дай, цул тІаьхьа Закан-юртахь Іийна. Сан нана хачарой йу тейпан.

-Рамзан: Со Гихтара ву, чІинахой, сан ненахой Дишни-Веданара дишний бу. Амма тхо Волгоградехь Іийна, цул тІаьхьа со сан ненахойшца Щелково станицехь Іийна. 1989-1999 шо кхаччалца со цигахь вара. Школа чекхейаьлча, Нальчикехь дешна ас.

«Пачхьалкхан Муниципал урхалла» яра сан факультет. Цул тІаьхьа Соьлжа гІала схьавеара со.

Anzor Bisaev

-Анзор, ахь хІун дешна?

-Анзор: Делахь дешна лакхара дешар, говзанча ву «Йовхо, газ, кхачояр, вентиляци» декъехь. Ас Соьлжа гІалан Мехкадаьттан институт чекхъяьккхира.

-ТІаккха, шу дешар музыкца доьзна а дац?

-Анзор: Сан ду. Нохчийнчоьн Пачхьалкхан Хьехархойн институтехь исбаьхьаллин факультетан шолгІа диплом эцна ас. Ас гитара хьоьху. Гитаран хьехархо ву со.

-Музыка йоцург, кхин хІун леладо эш?

-Видеош арахоьцуш ду тхо. 2003-чу шарахь дуьйна телевиденехь болх беш вара со, видеомонтаж а, графика а, звукоинженери а, камеран болх а беш. Оцу хенахь суна чІогІа дика Іемира редакторан говзалла. Яздар дара суна уггаре а хала дерг. Кхин дІа дериг куьйгахь дара. ХІинца, оцу бухца, видео яккхаран а, монтажан а декъехь ву со а, Рамзан а. Зелимханас, тхоьца волуш хенахь, Пенсин фонде оператор балха хІоттийра Рамзан. ХІетахь дуьйна цо иштта видео а, реклама а, клипаш а йеш болха бо. Оха шейн-шейна болх бо, амма наггахь вовшашна гІо а до. Со хьалха гитаран урокаш луш, берашна монтаж хьоьхуш вара цхьа зама. Керлачу информацин технологийн институтехь сан вешица Абаев Рашидца цхьаьна компьютеран курсаш йиллина, хьоьхура оха, и. дІ. кх. а.. Абаев Рашида а, Сайдулаев Арсена а, ас а самукъадаккхаран контент кхоьллина нохчашна а, гІалгІашна а лерина йолчу онлайн-кинопроект «zabar.tv.com». Тхан Іалашо яра нохчийн мотт кхиор. Къаьсттина и чулацам болу материалаш йеза махкан арахьа бехачу нохчийн кегийрхошна. Мультфильмаш чІогІа езаш а пайдехь ю цу хьокхехь. Оха царна нохчийн маттахь дубляж еш, турпалхошна а нохчийн маттахь эшарш локхита. Ши шо гергга хьалха дІайолийна оха и проект. Карарчу хенахь кхечу сервере дІахьош ю оха иза, амма кестта юха а болх дІаболор бу, Дала мукъа-лахь.

Ramzan Şageriev (solda) ve Anzor Bisaev. Grozni/Çeçenya
Ramzan Şageriev (solda), Milana Aydamirova K. ve Anzor Bisaev. Grozni/Çeçenya

Yazarın Diğer Yazıları

Рок-тоба «Нохчо» -1.гI дакъа-

Нохчийн республикера Соьлжа-гІалахь Іаш болу, шейн концептуальни альбом йолуш,  «НОХЧО» альтернатив  рок-тобан дакъашхой Бисаев Анзор, Шагериев Рамзанца йина интервьюн дуьххьара дакъа. Милана Айдамирова К. Нохчийн юкъараллехь...

Нохчийн Республикин Яздархойн Союзехь тхан цхьаьнакхетар

Дукха хан йац вайн «Жинепс» газето интервью зорбане яьккхира нохчийн къонахех, «махкан бахамех» лаьцна, масех жайнаш-поэмаш арахецначу нохчийн похІмечу йаздархо Тугузов Асланбекца. Цуьнан поэмаш,...

Умхин Хьамзат: «Нохчийн маттаца ду вайн са» -2-

2.гI дакъа Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо»...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img