«33 Шеран латталелоран рузма» хьахийра оха хьалха тхан газетан материалашках. Цуьнах лаьцна жимма алсам билгалонаш йало лиъна тхуна. «33 Шеран латталелоран рузма» – Маьлхан а, Беттан а гуобаьккхина леларца доьзна долу денош дагардан система йу. Иза шира заманашкахь нохчашша лелийна хилла. Оцу рузманах болу хаамаш ма-барра тиллина а, бийцина а нохчийн гІараваьллачу Іилманчас, этнографо Хасиев СаьІид-Мохьмадас.
Ру́змо (лат. Calendarium, шира нохчийн: Шоар, Хенан гоа) деношан, кІиранашан, беттанашан билгалла йолу рагІ гойту. Набта-Плаяхь цІе йолу меттехь (Мисран таханлера мохк) вайн эрал 5 эз. шо хьалха даьхнийлелорхойн рузма йина хилла, хьалхара шо дІадолалуш цуьнах «Рузманан гуо» аьлла цара, церан шо долалора Сириус седа гучубаьлчи. 
Нохчашша Беттан (354 де гергга) а, Маьлхан (365 де гергга) а шерашна йукъара башхалла тидаме оьцуш, денош дагардаран система лелош хилла. Цу 33 шаран хІора шеран хьесапехь 11 де башхалла йу. 33 шарахь гуллайелла йолу и башхалла меттахІоттало. Муха аьлча, Маьлхан а, Беттан а хьалхар йуьхьонца лаьттана долу метте уьш йуха а дерзарца. Рузманан цикл а иштта дІа къовло. Латталелорна иштта цикл чІогІа мехала йара. ХІунда аьлча, цо латта оху хан, йалта дІаден хан, йалта чудерзоран а хан арахь долу хьоле хьаьжна, баккъал болучу Іаламан хийцамашка хьаьжна нийса нисдина къасто таро лора.
Нохчашна хаара, уггаре тешаме конструкци – кхо гІортор йерг йуй. Цундела цара, масала, стоьлаш а, гІанташ а коьртачу декъана кхаа кога тІехь дора. 3, 7, 9 терахьаш сийлахь лорура нохчашша иза а цхьан билгалонаш тІаьхь хІоьттийна дара. Ширачу Мисрахь пирамидаш йора кхоъкІов кепехь, масала.
Керста наха «Юлианан рузма» лелдина цкъа. Иза эрал 45 шо хьалха кечйина боху Александрийер Созигенас, Юлиан Цезарьан (урхалча) цІе сийлахь йеш. И рузма лелош хенахь, Іаьнан рузманан беттанашкахь аьхке йогІура. Нийса йоцушшехь «Юлианан рузма» лаьттира цхьа эзар шарахь. Цул тІаьхьа католикан Руман Папас ГРИГОРИЙ XIII-гІачо а йукъайаьккхира «Григорианан рузма». Цу стаган цІе тиллина хилар доцург, цуьнах доьзна кхин хІумма а дацара цигахь. И рузма кечдинаш астрономаш а, математикаш а Лилий Алоизий а, Клавиус Христофор а бара. Керла рузма йуькъе а йаьлла болх бан йолайелла 1582 шарахь. Цхьан шарахь, ур-аттал, цигахь 365 де а дац. «Лакхарчу» шо йуькхехь 366 де ду. ХІинца массара лелочу «Григорианан рузман» чохь шарахь 365,2425 де-буьйса ду.
«Юлианан рузманехь» шеран йуккъера дохалла 4 шеран интервалехь 365,25 де-буьйса дара. Тропикин шарал 11 минот 14 секунд йеха йу иза. «Григорианан рузманехь» шеран дохалла, йуккъера барамехь, 365,2425 де ду, иза 26 секундехь бен сов ца долу тропикан шарал. «Григорианан рузма» дукхахь хьолехь нийса йу, цундела цуьнан чохь кІезиг ду високосан шераш. Россехь «Григорианан рузма» йукъайаьккхина йу 1918 шеран 14 февралехь дуьйна. Ширачу рузман а (Юлианан), керлачу рузман (Григорианан) а хотІашна йукъара башхалла 18 бІешарашкахь- 11 де, 19 бІеш.- 12 де, 20 бІеш.- 13 де ду. Бусалба махкашкахь наха лелайо «Беттан рузма». Цунна чохь рузманан хьалхара бутт дІаболалуш хуьлу керла бутт гучуболучу хенахь. Беттан рузманан бутт (синодан) 29 де-буьйса 12 сахьт 44 минот 2,9 секунд йу. Ишттачу 12 батто беттан шо до йа 354 де-буьйса, иза хуьлу тропикан шарал 11 де-буьйса доца. Къилба-Малхбален махкашкахь, Иран, Израиль санна пачхьалкхашкахь «Беттанийн-Маьлхан рузма» лелош йу. Цигахь Беттан фазашан хийцалар астроном шо доладаларца догІуш ду. Ишттачу рузманашкахь ладаме ду 19 маьлхан шеран муьр, цо чу лоцу 235 Беттан бутт.
Ма-дарра аьлча, Григорианан рузма лело атта йу. ТІурненехь (космосехь) долчу бакъдолу хьолаца къаьсташ йу амма и башхалла кхинбаш кхераме йац.
33 шарахь цкъа, Бутт а, Малх а цхьантерра лела шайн боламашан гуонаха. «Беттан шеддийн» йуьззина гонан цикл а чекхйолу иштта. Цундела Григорианан рузманех пайдаоьцу хІинца а. Кхолламан баттахь цкъа а аьхке ца хилира, масала. Дуьне хІоакепара (элипс) хиларна, горга горгал а доцуш, билгалонахь цхьаъ хила тарло иза. ГІажарийн рузман чохь 8 «лакхара» шо ду, сов даьлла денош дІасадоькъу нийсса 33 шеран циклаца. Оцу хенахь нохчашна а йевзара и рузма, жигара лелайора иза латталелорехь.
СинкІоме ду, 33 шарахь цкъа карладолуш тІурненехь хуьлуш долу цхьа хІума: Малхана Темпель – Туттлан цІе йолу богаседа (комета) йуххе кхочу. Цуьнах кхин а 55P/Темпель – Туттль олу. Темпель – Туттлан богаседо, дуьнен гуонаха лелачу хенахь, хьовзийна биргІа санна лар йуьту. Иза «Галлейн богаседахь» тера болуш боцца мур болу богаседа бу. Амма нахана кІезиг бевзаш бу иза. «Галлейн богаседа» вай долчу боху хІора адамийн дахарехь (75 йа 76 шарахь) цкъа. Цуьнан болам 2180 шо кхаччалц дагардина ду.
Нохчийн мифологехь Маьлхан а, Беттан а юкъаметтигаш:
Дукхаха йолчу нохчийн мифашкахь Малх а, Бутт а вовшийн ваша а, йиша а хуьлу. Амма тайп-тайпанчу дийцаршкахь церан меттиг а, амалш а къаьсташ йу. Масала:
•Малх-исбаьхьа хаза йоІ йу, Бутт – цуьнан ваша. Иза тайпа уггар даьржина ду. Малх бІаьрг бузош йоІ санна го, адамех эхь хеташ, цундела йуьхь зІаьнаршца (йа дашочу корталица) дІакъовлу цо. Нагахь санна стаг цуьнга нийсса хьажахь, иза бІарзвала тарло.
•Малх а, Бутт а вовшашна тІаьхьадоьвла лелар. Де а, буьйса а хийцадаларан бахьан: ваша а, йиша а гуттаренна стиглахула лела, вовшийн хийца а хуьйцуш, амма цкъа а цхьаьна цакхета.
•Малх а, Бутт а, седарчий а кхолладаларх лаьцна цхьан ширачу нохчийн дийцар ду: «Цхьана говза пхьеро, хазачу йоІана захалонаш дахьийтина хилла. Цунна ца хаара иза шен йиша йуй. Иза реза ца хиллачул тІаьхьа, дашо хаьштиг схьа а эцна, йоІана тІевахара иза. Иза гича, йоІ йада йолайелира, иза-цунна тІаьхьа ваьлла хилла. Иштта, иза вехха цунна тІаьхьа уьдуш хилла, и шии а делла дІадаллалц. Цу йоІан дашо корталин суйнаш седарчашка дирзира. ЙоІах йисира къегина нур, ткъа жимачу стагах – хаьштиг. Цунах Малх хилира, ткъа важа – Бутт. ХІара хан тІекхаччалц малх баттана тІаьхьа кхиа йиш йац.
•Вай нехан хІетал-метал а ду: «Ваша йишица цхьаьнакхеташ дац, ткъа йиша вешина тІаьхьакхиа йиш йолуш а йац?».
Нохчашша Беттан рузма а, Бутт а ларар.
Нохчаша беттан муьраш лорура. Цаьрга хьаьжна шайн бахаман гІуллакхаш дора цара. Батто урхалла дора заманна а, лаьттан циклашна а хетара царна.
Керла Бутт гуча баьлла хан сийлахь хан лорура. Керла къона Бутт гича, дика йалта хилийта, нахана могашалла а, даьхни дебийта а доІанаш дора, беркат доьхура Деле.
Бутт буьйсанан а, некъахойн а, къайлахчу гІуллакхашан «доттагІ» лорура, амма цуьнца схьана цуьнан шийла серло синойн дуьненца доьзна хилар тешара.
Ма-дарра аьлча, нохчийн дийцаршкахь Малх а, Бутт а кхоллар а, дахар а адамалла сибаташ долуш ду. Лаьтта тІехь адамийн дахаран Іаткъам болу стигалара серло луш сайраташна наха синхаамаш а, адамийн амалш а лора царна.
Кхин цхьа нохчийн къоман парадокс йу: Бутт Маьлхал «боккха» лоруш бу, цундела Малхал мехала хетара. Цу кхетамца: Малх боцуш дахар-хуьлийла дац, амма Малх кхоллабалар Баттах доьзна ду. Малх Беттан боданчохь кхоьллина хилар тешара. Цуьнца доьзна хила там бу масала, нохчий майра ше зудчунца буьйсанна бен цхьан хила йиш ца хилар.
•Бутт тІехь Іаьржа таммагІаш гарх лаьцна девзаш цхьа дийцар ду: «Цхьана хенахь Бутт Лаьттана чІогІа уллехь бара . Цхьа къона нохчийн йоІ буьйсанна хи эца шовдане яхана хилла. ЦІеначу, къегачу Батте хьаьжча, йоІа цуьнан хазаллех а, цІеналлех а хьегна, майрра ша цуьнца йустура йара ша, аьлла хилла. Кураллина таІзар деш йоІ шен ведаршцани а, коромыслаца а цхьаьни Батта тІе дехьайаьккхира.» Беттан йуьхь тІехь гуш йолу бодане таммагІаш – иза ведарш цани йолу йоІ хиларн тешара нохчий. Цхьаццадолчу дийцаршкахь – зуламе дестечух бала хьоьгуш хилла буо йоІ хилла, Батто и йоІа ша болучу мете дІайигна, халачу вон декъах кІелхьарайоккхуш).
Малх. Маьлхан культ нохчийн мифологехь.
Ислам тІеэцале хьалха нохчийн къоман маьлхан культ чІогІа йаржан йара. Нохчийн кхетамехь Дуьне кхоьллинарг Дела ву, Малх цуьнан коьрта кхоллам бу, Малхан ницкъ Делан ницкъан гайтам бу. Маьлхан хьаьркаш (гуонийн, чкъургийн, спиралийн кепехь петроглифаш) хІинца а ган йиш йу нохчийн ширачу тІеман а, нах бехачу а бІаьвнийн пенаш тІехь (цунах лаьцна оха дийцира тхайн хьалхарчу арахецаршкахь).
•Маьлхан дуьне. Дуьне шиъ хиларна тешара: дийначеран дуьнене а, беллачеран дуьнене а (Элх, Эхарт). Малхо шии а дуьне серладоккхура: дийнахь Лаьтта тІехь дийна болчу нахана къегара иза, ткъа анайисте (лаьтта бухарчу дуьнене) боьдуш, дІабахначу (беллачу) дайшна къегара иза. Цундела белларш дІабухкура малх чубуззалц, цуьнан серло «ган» кхиийтархьама.
•Маьлхан нана (Малх-Нана): ширачу мифологехь Малхан шен нана йара – «Малх-Нана», цуо ларйора серло, хІора дийнах некъ бан гІо дора цунна.
Кхетамашах «малх цІера баІлла хан», «малх цІа кхачна хан» хІинца а пайдаоьцу вай. Нохчийн рузма «малх цІа кхахьчна» ханца дІайолалуш «цІера баьлла» юха «цІа кхаччалца» йолу хан чу лоцу. Оцу муьрехь халкъан кхетамехь Малх, «Беллачеран дуьненара» («Бухара дуьне») «Дийначу дуьнене» дехьаболу («Маьлха дуьне»).
«Беллачеран дуьненара» Малх дика схьакхачар даз цадеш дита йиш йацара адамийн, цундера дезаденош лорура уьш. Хьалха оха дийцан долу «ТІурнене вахийта» ламаст а цу хенахь нисдеш дара. «Керла шо тІедеан» олура нохчашша.
Хьосташ:
(С) Нохчалла.com, по материалам Хасиева С-М.
02.2018.г. thechechenpress.com/
Ташуев.С. proza.ru/2024/12/28/967








