Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Думан депутате дехар дина Тарамова Хьалиматца къамел дахьара аьлла

Бакъоларъяран «Марем» тобан жигархоша кхайкхам бина Пачхьалкхан Думан депутате Пушкина Оксане, ХIинжа-ГIаларчу шелтерера лачкъийна йигинчу Нохчийчуьрчу яхархочуьнца Тарамова Хьалиматца шеца къамел дахьара аьлла. Хьалхо Пушкинас дIахьедира, Тарамоваца цхьанакхета шен лаам хиларх.

«Пушкинас къамел дечу заманчохь Тарамован гергара цхьаъ чохь хиларна кхоьру со. Хецна къамел дойла хир дац йоьIан тIаккха. Интервьюна кечйина хир ю иза, шен проблемех цо дуьйцур дац. Къамел дан цхьа меттиг билгалбаккха беза. Пайден доцуш цхьанакхетар дIадахьа ца лаьара», – боху журналисто, «Марем» тобан волонтеро Нерозникова Екатеринас, ша кху беттан 4-чохь бинчу видеокхайкхамехь.

Гергарнаш а, тешаш а чохь а боцуш, Тарамоваца къамел дахьара аьлла, дехар дина журналисто.

Бакъоларъярхочо Анохина Светланас а дехна, полисхой а, цуьнан гергарчех а цхьа а стаг уллохь а воцуш, Тарамоваца ша цхьаъ яьккина къамел дахьара аьлла.

Кавказ.Реалиига Нерозникова Екатеринас хаам барехь, цкъачунна динчу дехарна дуьхьал делла жоп дац.

Хьалхо Пушкина Оксане видеохула йистхилира Тарамова Хьалиматан доттагI Манилова Анна. «Кавказский узел» ресурсе дийцира цо, Пушкинаца зIене яла гIиртира ша, ткъа вукхо шен хаамна лайк а хIоттийна, йитира ша аьлла.

Пачхьалкхан Думан депутата Пушкина Оксанас Стигалкъекъа-беттан 15-чохь хаам бира шен инстаграмехь, Тарамован ситуацина тIехь ша терго латтош ю, Нохчийчохь шеггара оцу гIуллакхах таллам бан дагахь а ю ша аьлла.

«Зударшца а, студенташца а къамел дан лууш ю со. САЙН журналистан таллам бийр бу ас. Нохчийчу яхарх лаьцна тахана Думерчу сайн белхан накъостца, Нохчийчоьнан цIарах депутатца дийцина ас»,- яздинера Пушкинас.

Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу «Гранд-паркан»директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударий къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза.

ЦIера ядале хьалха видео дIаязйинера Тарамовас, ша лехамашка ма ло аьлла. Делахь а, ша Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа цо дIахьедира, хIусамехь цхьаммо а хьийзош яц ша аьлла.

Оцу юкъанна, республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада хиллачунна бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.

Байначу беттан 15-чохь Европерчу адамийн бакъонийн кхело Оьрсийчоьнера дIадийхира Тарамова Хьалимат лачкъийна йигарх гIаьттинчу гIуллакхах кехаташ. (radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

TARİHTE BU AY – Haziran

3. Pazar Babalar Günü 08 Haziran 1438 Mısır Çerkes sultanlarından Sultan Barsbay’ın ölümü 12 Haziran 1838 Dağıstan Ahul-Goh Köyü’nün Ruslar tarafından kuşatılması 10 Haziran 1844 Edebiyatçı Negume...

Adige Bziy’in Türkiye turnesi

Kabardey-Balkar’ın ünlü tiyatro grubu Дыгъэ Бзий (Adige Bziy), 2-9 Mayıs tarihleri arasında Türkiye’de turne yaptı. Grubun tiyatro oyunu ve kama gösterisinden oluşan performansları; Kayseri, Adana,...

Dünya ikincisi

Adana, İğdebel Köyü'nden Laçış Alper Saban, 12-17 Mayıs tarihlerinde Antalya’da düzenlenen Türkiye Açık WAKO Kickboks Dünya Kupası'nın 63 kg kategorisinde gümüş madalya kazanarak dünya...

Sosyal Medyalarımız

9,251BeğenenlerBeğen
2,745TakipçilerTakip Et
4,012TakipçilerTakip Et
677AboneAbone Ol

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img