Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Европе кхача гIертачу мухIажаршка бала бахьарх дийцина бакъонашларъярхоша

Беларусера Евробертан пачхьалкхашка кхача гIиртинчу мухIажаршна тIехь кеп-кепара шогаллаш лелийна, иштта уьш Iиттабелла ахчанаш дахарца а, Беларусин ницкъхойн даржел совбийларца а аьлла, яздина ду дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International организацино хIоттийначу рапортехь, 75 мигрант левинчул тIаьхьа.
Бакъонашларъярхойн зерашца, “и сурт гинчийн тоьшаллаша шеконаш ца юьту, Беларусин дозанхоша нахана йиттина хиларх” чхьонкаршца а, автоматийн баххашца а, иштта кхерамаш тийсина, ха ден жIалеш тIехоьхкур ду бохуш а.

Шемарчу стага дийцина, тIеман йоккха машенахь дозане валийначу 80 стагаца ша а вара аьлла.

Документа тIехь дуьйцу, “адамалла йоцучу хьелашка” нах нисбаларх: оцу меттигашкара дIасадовла йиш яцара церан, масех дийнахь юург йоцуш, йа кIезиг бен кхача – хи доцуш, тховкIело йоцуш латтийнера. Масех стага чIагIдо, дозанхошна ахча деллачул тIаьхьа бен цигара дIадаха аьтто ца хилира шайн аьлла.

Шемарчу курдойн доьзалхоша хаамбира, гоне ерзийначу меттигехь 20 де даьккхира шаьш аьлла. Цара бахарехь, дийнахь цкъа бен хIума ца юура цара, шайн бераш дузон аьтто боцуш 24 сахьт даьккхина хиллера цара цхьана дийнахь..

МухIажарийн дийцаршца, доза а хадош, Польше дехьабевлларш а сецош хиллера, Беларуси юхахьийсабора полшхойн дозанхоша.

Мигранташа бахарехь, Польшин дозанхоша кегйора церан телефонаш, цкъацкъа шогалла лелайора кхаьрца. Доккхачу декъанна, берашна дуьхьал буьрчан аэрозоль лелайора, бакхийнаш гечохула хих дехьабуьлуьйтура.

Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, Евробертан низам а, бакъонан процедура а ларъян доьналла ца тоьъна Европан комиссин.

“Эзарнашкахь нах – царех дукхахберш тIамах а, конфликтех а кIелхьарбовла хьийза – Беларусехь бисина Iаьнан юккъехь Iаламат ирчачу хьелашкахь. Царна оьшу гIо кхачоран метта, шогалла лелийна цаьрца. Оцу кепара ницкъбар сацон деза Беларусино, ткъа пачхьалкхаша – Евробертан декъашхоша гIо дан деза нахана, оцу кепарчу харцонах ца Iиттабалийта. Даржел сов а буьйлуш, юха а царна кхерамаш туьйсур болчу Беларуси юха бохуьйтучул а”, – билгалдаьккхина Amnesty International организацин, бевдда баьхкинчу нехан хеттаршкахула а, мигрантийн бакъонашкахула а йолчу талламхочо Фостер Дженнифера.

Польшин а, Беларусин а дозанехь миграицн кризис хIоьттина аьхка, хьал чIагIделира Лахьан-беттан юьххьехь. ГIуран-беттан юьххьехь мухIажарийн терахь лахделлера цигахь, ханна хIиттийна каппаш а дIайохийра, Беларусин Iедалхоша мигрантийн цхьа дакъа дIатардинера логистикан центрехь.

Иракъе юъабахара Беларусин дозана тIера эзар гергга цигара баьхкинарш.

Дозанехь миграцин кризис хIоттарна Евроберто бехкбуьллу пачхьалкхан президентан Лукашенко Александран режимна.

ПхоьалгIа санкцийн пакет яьккхира Евроберто ГIуран-беттан 2-чохь Беларусина дуьхьал. Изза барамаш туьйхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло а. (ГIуран-бутт 20, 2021 – radiomarsho)

Yazarın Diğer Yazıları

Асҭамыр Кәыҵниа имултфилм ҿыцқәа

Амультипликатор Асәамыр Кәыәниа мышқәак раәхьа ахәыҷы рацәа еизигеит. Иара иаәиәаз аәсуа мультфильмқәа әба: «Риәа алегендеи», «Ахьча Чаҳмаәи Аәсәаа Қәамзачи» рәыргараәы азал азна әәын. Амульфильмқәа...

«Дзакәыда Миҳри» Анҭалиаҿы

Анҭалиа Азиндырҩыцәа Рнаплакы, Аҳәса Рзинқәа Ауаажәларратә Хаҵеи-Ҧҳәыси Реиҟарара Акомиссиа еиҿнакааз, Аҳәса ирызку Акинофилмқәа цәыргара иҭагӡаны, адокументард фильм «Дзакәыда Миҳри» гьы иыубарҭан. Хәажәкрамза 13 рзы,...

Акоманда Нарҭ чемпионхит

Аҧсны Супер Куп Ашьапылампыл Чемпионат аҿы, акоманда Нарҭ аиааира агыит. Афинал мач, Динамо астадиум аҿы, Хәажәкрамза 20 амш, акомандақәа Ерцахәы’и Нарҭ’и ирыбжьан. Ҭашәарада инҵәаз 90...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img