“Сталкер” фестивалан коьрта совгIат делла филмана

0
648
Соьжа-ГIала, Марсхьокху-бутт (август) 1996-гIа шо

Режиссеран Артемьева Аннин “В лысого не стрелять!” документалан филмна коьрта совгIат делла XXVII-чу Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонех лаьцна дуьйцучу “Сталкер” фестивалехь. Цуьнан коьрта турпалхо ву Вячеслав Измайлов, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йийсарера лаххара а 174 маьршавакка аьтто баьлла волу.
Подмосковьехь военкоматехь гIуллакх деш хилла майор Измайлов, Нохчийчу вахара, цигахь тIамехь ша арме хьажийна жима стаг вийча. Масех шарахь цкъа а топп ца коьссира цу дуьхьалончин агIора, амма аьтто белира цуьнан дуккха а йийсаре лецна салтий маьршабаха. Измалов лоруш стаг хилла дIахIоьттира Оьрсийчоьнан буьйраншна а, нохчийн маьрша бахархошна а, тIемалошна а юкъахь, сий долуш а, майра а стаг а, адамаш кIелхьардахаран мурд а хиларна.

Йийсаре лецнарш хуьйцуш лийлира со пхеа шарахь, эххар а хьервелира со. ТIемалошна а, инарлашна а тIе моххьекхара ас, тIаьххьар хилларг дара со прокурорашна тIе моххьекха волавалар”, – Даладо МК (Московский комсомолец) газето Измайловс аьлларг.

Карарчу хенахь “Новая газетан” тIеман хьажархо (военный обозреватель) ву Измайлов Вячеслав. Иза хьахийра Нобелан совгIат схьаоьцуш ша динчу къамелехь Новая газетан коьртачу редактора Муратов Дмитрийс.
“Нохчийчуьрчу тIамехь “Новая газетан а, тхан хьажархочуьнан майоран Измайловн а аьтто белира йийсарехь волу 174 стаг маьршаваккха. Ткъа нагахь сан керлачу агIонехь соьга цхьаъ далур далахь хIинца а дийна болу йийсархой шай-шайн цIаберзорехь, ала соьга. Со кийча ву”, – элира Муратовс. (ГIуран-бутт 18 – radiomarsho)

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz