Bağımsızlık Demokrasi Özgürlük Eşitlik Birlik

Хьайн сатийсам ма лачкъабайта цхьаьнгга а

Монтин ялхитта шо долуш, цуьнга сочинени язъе аьлла хилла, шен сатийсам бовзуьйтуш, воккха хилча, шена кхочушхила луучун сурт хIоттош.

Цунна ранчон долахо хила лууш хилла. ВорхI агIо язйина цо, ши бIе акр хир йолу шен ранчо муха хир ю дуьйцуш, цу тIерачу ерриге а гIишлойн а, божалийн а, некъийн а план а йиллина. ЦIийнан план а йиллина, хIора чоь билгал а йоккхуш. ШолгIачу дийнахь шен сочинени хьехархочуьнга дIа- елла Монтис.

Ши де даьлча, сочинени юхаелла хьехархочо, диллина доккха «шиъ» а долуш, «урокаш дIаевлча, тIаьхьасаца», аьлла йоза а долуш.

Урокаш дIаевлча, хьехархочунна тIевахана кIант, шена «шиъ» хIунда диллина хатта.

– И тайпа сатийсам хьо санначу кIанте кхочушбалур боцу дела диллина. Иштта ранчо эца вуно дукха ахча деза. Хьан дуй оццул ахча? Хьо вуно къечу доьзалера ма ву. И сатийсам кхочушбан цхьа а аьтто бац хьан. Кхочушхир боцу сатийсам бу и. Хьада, цIа а гIой, кхин сочинени язъе. Атта кхочушхир болчу сатийсамах язде, – аьлла хьехархочо.

Школера цIа веанчу кIанта хьехар дехна шен дега.

– Сан кIант, кхузахь хьуна накъост вац со. И хьан хьайн сацам а, лаам а хила беза. Амма сан даго хьоьху, и сацам хьуна чIогIа мехала бу аьлла, – жоп делла дас.
Дийнна кIиранах лелла жима Монти дас аьллачун ойла еш.
Эххар а, хьалхалерра сочинени дIаелла цо хьехархочуьнга.

– Айхьа диллина «шиъ» хьайна дита бакъо ю хьан, ткъа ас сайн сатийсам буьту сайна, аьлла цо.

Цул тIаьхьа дикка хан яьлла. Школа чекх а яьккхина, воккха хилла Монти а. Шеца нисделла и хIума дийцина цо шега ладугIуш лаьттачу нахана.

– Ас шуьга и дуьйцу, шу хIинца сан чохь, ши бIе акр йолчу сан ранчохь долу дела. Ткъа и сочинени гура чу а йиллина, пенах кхозуш ю. Кху дийцаран уггаре а тамашийна дакъа ду, хIетахь сан хиллачу хьехархочо ши шо хьалха, шен ткъе итт дешархо кхуза валийна хилар. КIира даьккхира цара кхузахь. Шаьш дIадоьлхуш, хьехархочо соьга элира: «ЛадогIахьа, Монти, хIинца ала йиш ю сан и. Хьан хьехархо волчу хенахь, со берийн сатийсамийн къу хилла. Суна хIинца дагахьбаллам бу ас хийлланан сатийсам лачкъийна, бийна хиларх. Амма хьо къар ца велира, хьо хьайн сатийсамна тешаме висира. Со чIогIа воккхаве цуьнах».

Шайн сатийсамаш ма лачкъабайта цхьаьнгга а – хьаъа, хIуъу бахахь а, шайн деган хьехамна тIаьхьадаза!

(ХЬЕХАРХО-№7-8 30 апреля 2020г.)

Гочдинарг:
Петирова петiамат

Yazarın Diğer Yazıları

Erdoğan Aydın ve Bülent Bilmez’in yeni kitapları raflarda

Tarih araştırmacısı, gazeteci ve yazar Erdoğan Aydın’ın “Yanlış İliklenen Düğme” adlı kitabı SRC Kitap’tan çıktı.   Arka kapak yazısı “Resmi tarih, hâkim sınıfların bilinmesini istediği tarihtir... Geçmişte yaşanmış...

İmamoğlu’nun gözaltına alınması Türkiye’yi ayağa kaldırdı

Yüz binlerce kişi sokaklara çıktı İstanbul Büyükşehir Belediye (İBB) Başkanı Ekrem İmamoğlu’nun hakkında İstanbul Cumhuriyet Başsavcılığı tarafından lisans diplomasının sahte olduğu iddiasıyla başlatılan soruşturma sonunda...

Suriye’de Alevi ve Hıristiyanlara yönelik saldırılar

Suriye’de 8 Aralık 2024’te gerçekleşen yönetim değişikliği, ülkedeki mezhepçi şiddetin yeniden tırmanmasına yol açtı. Heyet Tahrir el-Şam’ın (HTŞ) yönetimi ele geçirmesinin ardından, Alevi ve...

Sosyal Medyalarımız

4,890BeğenenlerBeğen
1,353TakipçilerTakip Et
4,000TakipçilerTakip Et

Son Yazılar

- Advertisement -spot_img