IАДIИЙНЕХЬ ЦА ХИНДЕРГ – Нохчийн забарш

0
517

IАДIИЙНЕХЬ ЦА ХИНДЕРГ 

Яхьа хилла цхьана дийнахь пхьоьхана а хIоьттина, шайн ден да чIогIа хьал долуш стаг хилла бохуш, дуьйцуш лаьтташ. 

— Цуьнан цхьа бIе ахбIе говр, ши бIе етт, пхи эзар уьстагI хилла, — аьлла, чIагIдина цо. 

Массо а кхуо дуьйцург бакъ ца хеташ, гуттар санна, аьшпаш хир бара уьш-м аьлла хеташ, и къамел тидаме а ца оьцуш лаьттачохь, цхьаъ дуьхьал ваьлла, и бежанаш а, говраш а оццул хила тарлора, ткъа пхи эзар уьстагI цуьнан хилла хиларх ца теша ша аьлла. 

— Ой, ахьа хIун дуьйцу, — девне ваьлла Яхьа. — Дикка дагардича-м уьш ялх эзар а хир дара… 

— Деллахь, доттагIа, IадIийна велара хьо, цуьнга и эзар уьстагI тIе а ца тохуьйтуш, — аьлла, цаьрга ладоьгIуш лаьттачу Махьмас.. 

(Нохчалла) 

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz