Цхьогал а, акха-котам а
Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда догIуш.
ЦIеххьана хьалахьаьжча, дитта тIехь Iaш акха-котам а гина, цхьогал сецна. Цхьогал гина кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна. Дика дIа а нисделла, цу дитта кIелахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьогало акха-котаме аьлла:
– Хьажахь, ма тамашийна хIума ду xlapa, хIинццалц схьа акха-котамаша мохь легашкара схьа туху моьтташ дара-кх со, хIинца хии-кх суна, цара бIаьргашца мохь хьоькхуш хилар.
– ХIан-хIан, цхьогал, хьо гIалатдаьлла, оха легашкара схьа туху мохь, бIаьргашца ца туху, — аьлла акха-котамо.
– ДIаялахь дIа, хьуна хьайна а ца хаьа, айхьа хIун дуьйцу. Нагахь хьо сох ца тешахь, охьайосса со йолчу, аса хьан бIаьргаш дIакъовлур бу, тIаккха, нагахь санна ахьа легашкара мохь хьакхахь, хьо бакъ лоь-кха.
– Со кхоьру охьайосса, ахьа юур ю со — элира акха-котамо.
– Вай, ма эрна ду-кх хьан кхерар. Аса дуй биъна, стохка дуьйна цкъа а акха-котаман жижиг ца даа, нагахь аса сайн дуй къарбахь, кIамдар а кхетта, со лийр ду, — элира мекара цхьогало.
Акха-котам, цхьогалх теша а тешна, дитта тIера охьайоьссира. Катоьхна цуьнан когаш схьалецира цхьогало:
– Дела дуьхьа, ма Iовдал а ю хьо, сох теша мегар ма дац, хIинца аса хьо юур ю!
– Ма яахьа со иштта, — дехар дира акха-котамо. — Со яале хьалха, ахьа Деле: «Йо,
АллахI-Дела, хьан ц!арца аса яа йолайо xlapa», аьлла, дехахь, сан жижиг хьуна дийнна шарахь даа тоьар ду-кх.
Цо бохучух теша а тешна, цхьогало бага дIайоьллушехь, Деле дехар дан, кIелхьараяьлла акха-котам, тIома а яьлла, ша хьалха Iийнначу дитта тIе охьахиина.
– ХIан, хIинца хьо ю хьуна Iовдал! — аьлла, ша кIелхьараяларна йоккхаеш йолчу акхакотамо.
Ша лейина хилар ца лалуш, дIасахьийзара цхьогал, хIун дийр ду ца хууш. Ша цомгуш хилла, бохуш, гайх кадетташ, цIийзара, узарш а деш, дитта кIелахь дIасакерчара цхьогал.
Оцу хенахь таллархойн а, церан жIаьлийн а йоьвлла гIовгIанаш хезира цхьогална.
– И хIун гIовгIа ю-те? — хаьттира цо акха-котаме.
– Шек дIа ма ялалахь, уьш-м барзана тIаьхьа боьвлла жаIуй бара, — жоп делла акхакотамо.
Дукха хан ялале, «гIалх-гIилх» а деш, таллархойн жIаьлеш гучудоьвлира, уьш цхьогална
тIе тасаделира. Цхьогал шен ницкъ ма б-бу дедда, кIелхьарадала гIоьртира, жIаьлеш цуьнан лорах доьлхура.
Хала дела балица церан ирачу цергех даьлла цхьогал. Цхьана доккхачу жIаьлин багахь цIога а дуьсуш, коьллаш юкъахь цхьогал кIелхьарадаьлла. КIад а делла, мацалла дала доллуш, чоьвнаш лозуш, Iуьллура цхьогал.
– Ва везан Дела, сан дайша а, ден дайша а, ворхIе а дас а цкъа а ца доладора-кх шайн гIуллакх «бисмиллахIир-рохьманир-рохьим» бохучу дешнашца, сан хIун гIуллакх дара бага дIаелла. Ма юьхьIаьржо ю xlapa! Акха-котамо хIилла ди-кх суна, — бохуш, холчудаханера цхьогал.
Цу хенахь дуьйна, шена акха-котам гича цхьогало цунна боккха го тосу, боху.