«Мемориална» деллачу премих
Оьрсийчоьнан бакъоларъяран «Мемориал» организаци машаран Нобелан премин лауреат яьлла. Иштта совгIат дина беларусхойн бакъоларъярхочунна Беляцкий Алесьна а, украинхойн бахархойн маршонийн бакъоларъяран Центран организацина а. «Мемориалан» коьрта гIуллакх дара – Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш Iалашъяр. Еххачу заманчохь организацин офисан куьйгаллехь яра Эстемирова Наталья. 2009-чу шеран товбеца-беттан 15-чохь лачкъийра иза. Йоццачу интервьюхь цуьнан йоIа Эстемирова Ланас дийцира Нобелан комитетан сацам ша муха тIеэцна.
– Лана, «Мемориална» Нобелан машаран совгIат дина аьлла хаам ахь муха тIеийцира?
– Бакъдерг дийцича, суна дагахь доцург дара иза, со Нобелан хаамашна тIехь терго латтош а яцара. Преми даларх хаам сайна гича, эмоциш хьалаевлла, йилхира со. Цхьана «Мемориална» совгIат дарна дацара и, Беляцкий Алесьна а, украинхлйн бакъоларъяран организацина а далар а дара. Царна массарна а догIуш дина аьлла, хеташ ю со.
– ХIун эр дара ахь «Мемориалан» Кавказехь хиллачу ролах?
– Кавказана уггар а коьртачех организаци ю хIара. ХIунда аьлча, кхинъерш – организацеш а, зорбанан гIирсаш а – Кремлан агIор гIертачу хенахь, йа Кавказехь адамийн бакъонашца дерг терго йоцуш дуьтучу хенахь, цхьа «Мемориал» бен яцара регионашкахь белхаш беш. Нохчийчохь а, Дагестанехь а, кхечу республикашкахь а «мемориалхоша» гулйора низамаш дохорах информаци, иштта Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле искаш яхьийта а цхьаьна. Дуккхаъ гIуллакхаш хьалхадехира ЕСПЧ-хь, уьш бахьанехь. Адамийн бакъонаш хьешначарна таIзар дан ницкъ ца кхаьчнехь а, амма дуккха а тIемалойх а, ницкъахойх а бала хьегначарна компенсациш кхачийра. «Мемориал» – Iаламат мехала организаци ю Кавказана.
– Официалан Соьлжа-ГIалин реакци муха хир ю аьлла хета хьуна?
– Сцна хетарехь, цхьа сарказме пост хIоттор ю цхьана академикан телеграмехь (вуьйцург ву мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан; редакцин билгалдаккхар.). Со тешна ю, чIогIа лалур дац и Кадыровга. Цунна «Мемориал» а, сан нана а мостагIий бара, уьш хIаллак хилча гIад гIура вара иза. Массарна а гуш-хезаш цо лелорийг нахала доккхура цара, цунах йа кхера а ца кхоьрура. Цунна критика ян а ца ийзало.
– Ткъа могIарера бахархой? Царна хIун аьлла хетар ду?
– Нохчийчохь эзарнашкахь нах бу «Мемориало» гIо дина, цаьрга ладийгIина, адамийн бакъонаш талхорах, царна ницкъбарх тоьшаллаш гулдина. Нохчаша тахана и даздийр ду аьлла хета суна. Махкал арахьа а даздийр ду – «мемориалхоша» гIо дина мухIажарш буьйцу ас.
– Хьан нанас бина болх къобалбар санна а ма хета хьуна и преми далар, иштта дуй иза?
– Ду, цундела хIара мIаьрго суна чIогIа эмоционале ю. Тахана, Украинехь къиза тIом боьдучу реалишкахь дехаш ма ду вай, ткъа Нохчийчохь инзаре диктатурин хьелашкахь бу нах. Сан нана йийнарш кхин кара а ца бира. Уьш лаха гIерташ цхьа а вац. ХIара преми – бакъдолу совгIат ду сан нанна а. Цо суна дегайовхо ло, цкъа мацца а цхьаъ хийцалур ду аьлла. Цуьнан болх къобалбар ду хIара. РогIера юха а дозалла до ас, цо динчух. (radiomarsho)