Дошам. Тидар: «ДегIаста», «Тукхам»

Дукха хан йу, «дегIаста» и «тукхам» и дешнаш «нохчийн дешнаш дуй йа дац?», бохуш долу хаттарш – къийсамаш долш. Оха гулдина кхузахь цу хьокъехь хаамаш, билгалонаш.

 

 «ДегIаст» тидар.

«Де+гIа-са+т»

Сигаури Илессо (И. Сигаури, 2016: 121) яздина долу Iилман жайначохь нохчийн «де» дош шумерашийн «де» – кхолла, дан, дахьа – маьIне дохуш ду. Шумерашийн «tu» (беран да, кхоьллан да, цIу), урартушийн «та» (пачхьахь). Нохчийн маттахь а и дош «да» и, (доьзаллийн да, хIусамда, керт – да, кхин дIа..), «дан» и (цхьаъ дан, кхолла) дешнашкахь лелош ду.

Зелимхан Мусаевса шей жайначохь «да» бохург шира хенашкахь лекхара даржан цIе йара боха, аьлла яздина Бакаев Хасанс (Х. Бакаев, 20I8). Ша а Хасан, цуна тIетоьвжира: «Урарту нехан «Дада» боху цIе йара, нохчийн а йу и цIе хIинца а, аьлла.» Гуьржийн а «Дада» мехкан дехь олуш хилла. Иза а Хьалхар Азера йеан цига, аьлла дуьйцу литературехь (В. Багратиони, 1904/2016).

Аланшер коьрта гIалан цIе йара Дади – ков (Дади-ке), Сигаурин дошаме хьажча – коьрта гIа-ла (керта). Бакаеван статьячохь урарту Тушпе гIала ларйеш «Арца-ке» цIе йолу гIапа-гIала яра, таккха иза «ламан ке/гIала (рт)» маьIна йогIа, аьлла яздо.

«ГIа» – шумерашийн – «цIа» маьIна долуш дош ду. Хурриташийн – «ке», урарту маттахь – g/je.-цхьа хIума ларйан, Iалашйан меттиг бохург дара (И. Сигаури, 2016: 148). Хуррити-урарту маттахь «ге/га» (Дьяконов, 1979: 59), йа «qVwe» (Николаев, Старостин, 1994. 896). Нохчашша лелош долу дош «кхай» (цхьа хIума латйан, Iалашйан гIишло), «кха» (оху латта) дешнаш ду.

Вагапови «Этимологийн дошам» жайначохь» «са» дош «са кхетар» и, «кираран са» и, аьлла далийна ду (Вагапов, 2022: 124). «Sa» дош, Сигаурин жайначохь, шумерашийн – «хекъал», «сацам» олуш леладин гойту. «Sedu/Şedu» – «лардар са», «sa-gaz» – са оьцуш стаг (дийнарг), «s-ğar» – хекъал лушвериг; «si-sa» -бакъ вериг, нийса вериг маьIна дешнаш хилла.

Кхин а: «sa» дош шумерашийн- йеза хIуманаш, мах, налог, эца, йохка маьIан долуш лелош хилла. «Sa-bu» бохуш хилла пайдахь (Сигаури, 2016: 230).

Нохчашша а «са» дош адамийн дахар цуьнан хетарш, хиллаш, хиндериг дуьйцуш хенахь, дуккха лела до (кирара са, саган, сингаттам, садаа, синхаам, сакхачо, садаккха, сакъера, сацам, садолу, садоцуш, саготте кхин дIа шортта а..), йа Iаламийн хIуманаш дуьйцуш (с-хьакхетар, садан, с-Iуйре, сахилар кхин дIа а) (Айдамирова, 2023: №6).. Совдаьлла хIумана а «са даьлла», «сов-са», «сийса» ола нохчашша (Вагапов, 2022: 125).

Ингалсан маттахь «sun» (малх, са далар), литвахойн «siela» (кирара са, синхаам), шира саксоншийн маттахь «seola/siola» (кирара са, дахар), шира немцойн «sela/ sele/ sila» (кирара са) ингалс-саксонашийн «sawol» (кирара са, дахар).

КхоалгIа маьIан а цхьан хIуман, йа меттиган са (соне)/ маьIиг- ду. Гуьржийн «са» (латта, маьIиг) (Кибрик, 1990: 177), литвахойн «sans/sanis» (агIо), латышийн shonas (сенаш, сонан), индоарийцин маттахь «sanu» (лам, букъ, ги) (Маковский, 1996: 315).

«Т»/та» шира нахчийн дош- меттиг гайтар, меттиг билгал йокхаш, цхьан хIуманна тIехьажош, лелош дош (И. Сигаури, 2016: 113).

Иштта, кху тилламо тIе даладо вай «ДегIаст» дош – «Дайша / Далла, синош/санаш Iалашдан кхоьллина/йина, меттиг», «Сирла, маьрша даймохк», ала мега.

Амагов Доккас а даладо «ДегIаста» дешан тидар:

-«ДегIаста» дешан тидар: «Де+ гIа-са+т» кепехь. «Де»- «да» санна. «ГIа»-«ницкъ»: «синан гIора»; «дегIан гIора» лоруш. Кхузахь ламаройн-«гIа» – литературни – «гIора». Масала: «гIа дIаяьлла сан…» – «гIора дIадаьлла сан», бохучу кхетамехь ду. Кхузахь дуьйцург синан а, дегIан а гIора ду. Кхин дIа: «Са»- адаман са, серлонан са маьIнашкахь лелаш ду. «ТI(е)»- нохчийн маттахь топоформатан гайтам бу. ХIума мичахь йу, стенгахь йу гойтуш болу. Цу тайпа, «ДегIаста»: «дайн гIора- са долу/лаьтта меттиг». Вуьшта аьлча; «Дай Iаш болу, уьш бехаш болу чоь/меттиг/хIусам». Кхузара «ДегIаста/ДаьгIаста йа «Дехаст», йа «Декъаст», йа «ДегIаст» а цахета. Цхьаболчу авторша иза туьдуш ма хиллара.

 

«Тукхам» тидар

«Ту-кха-м»

Тидаме ду «tuhum»  дош, шумарашийн «стом» бохург – «nig-tuhum», аккадийн – «muthummu», шира нахчийн – «thum» (Николаев, Старостин, 1994: 991). Шира нахчийн маттахь «тхьум», хIинца нохчийн – «хIу» леладо. ГIажалийн маттахь долу «tohm» дош, шумерашкар и аккадашкар схьаэцна ду гIажарашша, аьлла ду. (Сигаури 2016: 135).

А. Вагапови этимологийн дошамчохь «кха» дош массийта маьIна долуш дош хиларна гойту.

Масала:

«Кха»-оху латта, цIийнан кхерч, пешахь йолу кхе, цIе яган/ягар (латинийн «ag»-цIе бохург ду, «ager» -цIено дагийна латта (Маковский 2005: 202).

Нохчийн алар ду: «Кха дагахь а, малх тоьлу, цIа дагахь а, цIе тоьлу.»

Сигаури Илеси жайначохь массийта маьIан лоцуш дош ду «ту» дош: Масала, урарту маттахь «декъа», «дIадаккха» маьIан лоцу, нохчийн маттахь «то-х-а» (тоха, дIатоха..); шумерашийн-«tu/du» (цIу), аккадийн «abu»- цхьан хIуман да, урартун юкъер хенашкахь- «ir-tu» (паччахь), шира нахчийн-«dad» (Николаев, Старостин, 1994: 397); хIинца нохчийн маттахь «да/дан» бохург ду.

Кхин а маьIна ду цу дешан. Изза а шумерашийн – «tu» бохург- ка-уьстагI а бара. Жан хьалха болуш болу ка-уьстагI. Юкъер хенан шира нахчийн «ta- bu» (Николаев, Старостин, 1994: 405) дош дара цуьнан, хIинца- нохчийн маттахь «тоа/тоуб/туа/ту». Нохчийн алар: «Цхьа туо букха хьо!»

Тидаме ду, «цIу» («дегIаста» дош тилдеш, хьалхахь дийцана) и «ту/туо» и цхьан «tu» дешца олуш хилар.   

«М/Ма» шумерашийн, хурриташийн, шира нахчийн «ма-да/ма-ту/мат» – пачхьалкх, меттиг/моттиг бохург дара. Шумерашийн, юкъер хенашкахь хилла «ма-а» дош ду.

Иштта, «Ден хIу схьадаьлла (цIе летта) латта/меттиг», маьIна дохуш ду, ала мега «тукхам» боху дош.

Докка Амаговс а дала до цу дешан тидар:

««Тукхам»: «ту+кха/м» – «сийлахь стунан латта» – «земля священного Быка».

«Токхам»: «то+кха/м» – «сийлахь туон латта» – «земля священного Овена».

Кхузахь: «ту» – «сту-бежан»; «то»-«ка-уьстагI»; «кха» – «оху латта».

Вуьшта, «ту»; «то» джахIалла нехан тотемаш. ХIу луш а, хIу дIадуьйш а хилла йолу. «Кха» шайн «сте» а йолуш.

Гайтаме ду – «тукхам»; «токхам»; «тотем» цхьатерра дар а.

«Тотем»? Къилбседан Iамерикарачу индейцин маттара дош. Цара иштта олуш хилла шаьш «Iибадат» дечу хьайбанах. И дош цаьргара схьаэцна Iилмане даьккхина 1791 шарахь европейцаша.

Вай и дош «тукхам», «токхем» тIера лору. «Кх» фонем «тIе» (цхьан хIмана тIе, тIехула) фонемца хийцаелла а йолуш….

Иштта, нохчийн «ту хIу»; «то хIу» ( джахIаллин кхетамехь хилла – «сийлахь хIу», гIаскхи маттахь «божественное семя») тIера производни санна дIаэцна долучох тера ду туьркийн – «тухум» («хIу»), гIумкийн – «тухум» («тайпа»).

БIабилонан-нохчийн-; «су» (тотем-сту) тIера шаьш – «су» («хи») ма эццара.

Цу тайпа, нохчийн – «ту пхьа»; «то пхьа» тIера хета Iарбойн -»тайфа» («тайпа») а.

Ткъа ша нохчийн – «тайпа», вайн ширачу – «ту пхьа»; «то пхьа» тIера а долуш.

ГIазкхийн маттахь – «народ священного бык»; «народ священного Овена», санна вай доьшуш долу.

ЖамIа: шеко йоцуш нохчийн меттан уггаре ширачарах дешнаш ду – «тукхам»; «токхам». (нохчийн – «йа тайпа а, йа тукхам дац: йа къам, йа мохк).

Аьллачуьнца догIу кхин цхьа тоьшалла а. «дош «тукхам» санскритехь и, гIажалийн маттахь и – «хIу»; «эвлан юкъаралла».

Аварийн – «кьибил» («орам»), даргиншер – «джинс», лакшер – «сака», лезгинер – «сихил»; «миресер» (Лавров, 1978:134).

Нохчийн – »тукхам»/»токхам» уггаре а ширачараха дешнаш хиларна кхин дIадолу масалаш, тоьшаллаш, хьесапаш.

Масала, церан эшаре – орамца долу нохчийн цхьадолу дешнаш: «туше»; «тушоли»; «токхе»; «той»; «тур»….

Церан маьIнаш:

а) «Туше» – «Iа-ваха меттиг»:

б) «Туш тоха» – «караерзо»;

в) «Токхе» – «са»; «совдалар»; «беркат»..

г) «Той» – «даздар»/«сакъерар»…..

д) «Тур» – «тIеман герз»/«толаман гIирс»…..

е) «Тушоли» – «хьекъаран цIу»…

Иштта, вай билгала йогIу нохчийн шира цIераш: «Туши» (божар. цIе), «Тумиша» (зуд. цIе).

Кхузахь мелла а баккхийчарна дага йогIур хир ю, батта тIехь кIант-йоI деха, церан цIераш «Туши» – «Тумиши» ю, бохуш хилла йолу цхьа шира миф а.

Ткъа хууш ма хиллара, джахIал наха баттаца шаьш лаьцна тотем «сту – етт» лоруш хилла. Цу тотеман ши Iовраталла гайта.

Цу кепехь ю и нохчийн миф а. Оцу «кIентан», «йоIан» цIераш – «ту – етт» дешнин орамашца йоьзна а еш

Иза вай кхечанхьа а дукха дийцина. БIабилонан – «су»; семитин- «сион»; ширачу егIиптхойн – «Атон» («Iа то»); Мусайн – пайхамаран (а.с.) къомо бина – «дашо су»; риман – «торо»; грекин – «таурс» а буьйцуш.

Нохчийн маттара – «су» – «ту» – «сту» – «уст» синонимаш хилар а дуьйцуш.

Цу масалаха ду:

а) Уратин – «Тушпа/Тушба» = нохчийн – «туш/пе/пхьа/бIа»: «туш+пе» – «гIапа Туша»; «туш+пхьа»- «народ Туша»; «туш+бIа» – «Туша эскар».

Нохчийн -» пхьа» =»бIа» (ламр.). «БIа» – «цIа»/«бен»; »эскар»; »син ницкъа» (бIа къежа/цакьежа»).

б) Урартин – «Тейша»(тотем)=нохчийн – «Тушоли»/«Тейша». Нохчийн – «Тейша»/«Тайша» – светло- коричневый – ту/су/уст/етт. Дуьста и дош, нохчийн – «теша» («тешам») дашца а.

ЖамIа: вай дахкочу масалша, тоьшалша гойту, нохчийн къоман зIенаш ширачу Месопатамица, Египетаца, БIабилонаца, Урартица, Авропица….

Нохчийн шира дешнаш – «ту+кха/м»/«то+кха/м» – «Делан беркате (хьекъаран) латта, Дашон беттан латта», гIаскхи маттахь «божественная/плодородная земля/земля Золотого полумесяца’» кхетамехь дуйла а гойтуш.

Иштта, шен ту кха, ту да, ту нана, ту ваша, ту йиша деш верг, шен тукхам долуш верг санна а вуьйцуш…»

Иштта, оха Iилман а халкъан а билгалонаш, аргументаш далийна шуна «дегIаста» и «тукхам» и нохчийн дешнаш хиларна бакъо-тешалло йолш.

Церан маьIнаш:

а) «Туше» – «Iа-ваха меттиг»:

б) «Туш тоха» – «караерзо»;

в) «Токхе» – «са»; «совдалар»; «беркат»..

г) «Той» – «даздар»/«сакъерар»…..

д) «Тур» – «тIеман герз»/«толаман гIирс»…..

е) «Тушоли» – «хьекъаран цIу»…

Иштта, вай билгала йогIу нохчийн шира цIераш: «Туши» (божар. цIе), «Тумиша» (зуд. цIе).

Кхузахь мелла а баккхийчарна дага йогIур хир ю, батта тIехь кIант-йоI деха, церан цIераш «Туши» – «Тумиши» ю, бохуш хилла йолу цхьа шира миф а.

Ткъа хууш ма хиллара, джахIал наха баттаца шаьш лаьцна тотем «сту – етт» лоруш хилла. Цу тотеман ши Iовраталла гайта.

Цу кепехь ю и нохчийн миф а. Оцу «кIентан», «йоIан» цIераш – «ту – етт» дешнин орамашца йоьзна а еш

Иза вай кхечанхьа а дукха дийцина. БIабилонан – «су»; семитин- «сион»; ширачу егIиптхойн – «Атон» («Iа то»); Мусайн – пайхамаран (а.с.) къомо бина – «дашо су»; риман – «торо»; грекин – «таурс» а буьйцуш.

Нохчийн маттара – «су» – «ту» – «сту» – «уст» синонимаш хилар а дуьйцуш.

Цу масалаха ду:

а) Уратин – «Тушпа/Тушба» = нохчийн – «туш/пе/пхьа/бIа»: «туш+пе» – «гIапа Туша»; «туш+пхьа»- «народ Туша»; «туш+бIа» – «Туша эскар».

Нохчийн -» пхьа» =»бIа» (ламр.). «БIа» – «цIа»/«бен»; »эскар»; »син ницкъа» (бIа къежа/цакьежа»).

б) Урартин – «Тейша»(тотем)=нохчийн – «Тушоли»/«Тейша». Нохчийн – «Тейша»/«Тайша» – светло- коричневый – ту/су/уст/етт. Дуьста и дош, нохчийн – «теша» («тешам») дашца а.

ЖамIа: вай дахкочу масалша, тоьшалша гойту, нохчийн къоман зIенаш ширачу Месопатамица, Египетаца, БIабилонаца, Урартица, Авропица….

Нохчийн шира дешнаш – «ту+кха/м»/«то+кха/м» – «Делан беркате (хьекъаран) латта, Дашон беттан латта», гIаскхи маттахь «божественная/плодородная земля/земля Золотого полумесяца’» кхетамехь дуйла а гойтуш.

Иштта, шен ту кха, ту да, ту нана, ту ваша, ту йиша деш верг, шен тукхам долуш верг санна а вуьйцуш…»

Иштта, оха Iилман а халкъан а билгалонаш, аргументаш далийна шуна «дегIаста» и «тукхам» и нохчийн дешнаш хиларна бакъо-тешалло йолш.


Литературан хьоста:

  1. Айдамирова М. А. Нохчийн мировоззренехь /синхьежамехь «Са» и «ЦIи» и дешнашийн кхетамехь лаьцна. Жинепс газет. 2023. №6.
  2. Бакаев. Х. Дада и нана; господин и госпожа. Проза. ру. 2018.
  3. Багратиони В. География Грузии. 1904. Из-во В. Секачев. Москва. 2016.
  4. Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка. I-IIтом. Грозный-Махачкала. 2022.
  5. Кибрик А. Кодзасов С. Сопоставительное изучение дагестанских языков. Имя. Фонетика. -М. 1990.
  6. Лавров Л. «Историко-этнографтческие очерки Кавказа» Ленинград: «Наука», 1978г. с. 134.
  7. Маковский М. Большой этимологический словарь современного английского языка. -М. 2005.
  8. Маковский М. Сравнительный словарь мифологической символики в индоевропейских языках. -М. 1996.
  9. Сигаури И. К истокам и ареалам нохчкого этноса. По данным лингвистики. I- Iıтом. Академия. -М. 2016.

I0. Nicolaev S. L. Starostin S. A. A North Caucasian Etimologikal Dictionary. -Moscow. 1994..

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz