«Меттан Iилма алсам чулацам болуш, дукха а билгалле Iилма ду» 1.гь дакъа

ГIараваьлла историк, меттан Iилманча, йукъараллахо. «Союз журналистан», «Союз литераторан» тобанин а, «Вайн мохк- Къилбаседа Кавказ» ассоциацан а дакъашхо Сигаури Мутусан Илессца репортаж.

«Жинепс» газети йаздархо Айдамирова Миланас кечйина репортажан дуьххьарлера дакъа арахецна оха.

***

1.гь дакъа

***

Вай дохийначул тIаьхьа Казахстанехь дуьненчу ваьлла хьо. 1957 шарахь махкаха баьхначу нохчашна цIа дерза бакъо йелира, амма, шу 10 шо тIаьхьа йуха дирзира. Дохийначу хенахь баккхичара дийцинарш дагадогIий хьуна?

-Тхо цIера дохуш хенахь Лакха Аьрштехь Iаш дара. ХIинца и эвла йац. ХIинца йолу Аьршта, хьалха Лахара Аьршта бохуш йолу эвла йу. ЧИАССР Галашкинский район йар цу хенахь. Сан да а, нана а Лакха Аьрштехь дина ду. 1944 шарахь цIера дохийна дIадиган долуш тхо Казахстанане Целеноград областе дигнера (хIинцалера коьрте гIала Астанан область). Владимировка боху юрта кхечара тхо, цултIаьхьа Атбасар боху меттехь дара. Цхьан аьттонца массийта гергар нах уллехь нисбелара тхуна. Тхан дедевеши доьзалийн массийта доьзал а бара гена боцуш. Нохчий а гIалгIай а бара дукха цигахь. Цу меттехь тейптейпан депорт дина долу къамнаш гулбин дара. Иштта мультикультур йолуш юкъаралла кхоллайеллера цигахь. Суна и хенаш дага ца йогIу, хIунда аьлча, тхо 1967 шарахь цIа дирзара октябрь баттахь. Цу хенахь со шо кхача герга вахан хан йолуш вара. 1956 шарахь указ даьллера цIа ва магийна, тхо 10 шарахь кхиъ а Iийра. Рицкъан хIумнаш ду ала мегар ду. Казахстанехь шаьш Iаш болчехь тхан да, деда а нахас хьалха бохуш гIона- дикана а, маслаате кхойкхуш, Iэлам нах бара. Сан да а нахан воьвзуш, массо хIуманна дакъа лоцуш стаг вара. Вай неха гIуллакхашна ховсуш, дог лозуш чарехь бара. Йуьхьенца, Iаш волу йуртар дIайсхьавала йиш яцара, хан йалча юртара юрта ваха магийнера, тIаккха гергарчара вовше карабора, цхьан йуртахь бехара тIаккха уьш цхьанни. Шей ма хуьлда баха гIерташ, дина биса гIерташ, шей культура, дин, гIиллакхаш лардан гIерташ къа хаьгна ду вай къам. ЦIа даьхканчу хенахь тхан эвла йацар, дерриг цIенош, меттигаш аьхкна, дIадаьхна дара и эвла а кехаташ тIехь а йоцарг йинера. Цхьа кешнаш бен дисна дацара цигахь. ХIинца а цу кешнашкахь шей гергар баккхий нах дIабухка нахас. Иштта, тхан дей баьхна меттигаца уьйра йейна йац тхан. Лакхара Аьршта тхо Маьлхйистера 1921 шарашкахь схьадаьхкна ду. 1921-1922 шарашкахь маьлхи тейпа массийн кепар дIакхелхар цу меттера. Маьлхйистехь тхан латтанашна, бIовнашна а оха дола дора, цигахь Iаш дацахь а, 1944 шо кхаччалца. Сихонца тха цIа ца дахкаран бахан- эвла ца хилларна а хила тарло йа рицкъа иштта хилла. Депортацехь хила йолу халонаш, къизаллонаш баккхийчара дуьйцуш суна дага доху. Тхан деда а денана а дукха бехара кху дуьненчохь. Деда 97 шарахь ваьхьна, денана 102 шарахь. Неннана а дукха йехара. Тхан чоь йуьззан йара, доьзалла юкъехь массо вара- баккхий нах, кегий нах, бераш, беран бераш а. Соьгара хаьттача, цхьан доьзалийн чохь и массийта тIаьхье цхьан хилча бен ца хуьлу бокъала йолу хусам. Бера нийса кхиалур дац и кхоъ тIаьхье цхьан ца гича. Дахарехь зеделларг, цхьанна дола дан-хьажар, гIайгIа бан, безам, кхетар, хаамаш кхиор, уьшша а кхечун дIакховдабан- иштта бен ца хуьлу. Кегирхой шейна боьвла, генахь Iаш хилча-шаьш а кегий бол дера шей беран хьекъал далац. Баккхийчеран хьехамца нийса кхиолур ду бера. Нах буьззан хусамчохь, шей гIиллакашца, гIуллакхца, Iадаташца, культураца, динца вуьззан доьзалхьо кхиало. Баккхийчарца уьйра йара сан даимна. Цара дийцаниг аса дIаяздора. Кхин баккхийчарца а уьйра йара сан. Тхан деда Iэлам стаг волуш, тарикъатан некъехь вара. Цу тарикъатан тIаьххьара стаг вара иза, ала мегар ду. Цкъа чунна и дийца ца лаьа суна. Цхьа хан йохар йу, яздира ду аса цуьнах лаьцна. Сан 10 шо дара сан деда Бургутин Гелаг, дIакхелханчхенахь. И валли цуьнца аса Iарбойн мотта Iамбинера, КIоран деша а, динан орамаш бойзитнера цо суна. Цул тIаьхьа, кхеча Iэлам нахаца, кхин да Iамдира аса иза (Эна-Хишкар Мачуки Ахмад, Даки Жунид Iалхан-йуртар). Жунидас суна Ислам дин хьоьхуш долу жайна делара, совгIатна («Мухтасар; МаІарфатар ислам; Ибн Адам»). Иштта, кхоллайелар сан кийрахь, коьртехь Iилманца йолу уьйра, метнаш Iамбан лаар, уьшша таллар. Гондахь Iилман нах, Iэлам нах, баккхий нах хилча, хьан коьртойла, дегойла, дуьнена хьажар а кхин хуьла. Даима хаамаш алсам баха, ше хьекъал кхиадан, керла хIуманаш Iамдан хьашта хета, дог а доха. Дуьххьара эцна долу аса кхиор-образовани, дукха хьолехь, динца доьзна дара. Иза а со школе вахале ду. Иштта, со школе вахча а, цигар валлалац дIабаьхара аса и некъ. Школехь луш долу Iилма, дини Iилма а цхьанни схьаэцна ас.

Оьрсийн меттанан хьехархо хила хьан деша вахар муха нисделира хьан?

-Цу хенахь ненан маттахь деша хала дара. Хьалхара классашкахь маьлла луш бара нохчийн мотт амма иза а кIезиг дара. ХIунда аьлча, нохчийн меттан специалисташ кIезиг бара, хIинца а бац кхин дуккха уьш. Шейна хуучу агIон луш йара урокаш. Цу хенахь а, хIинца а ненан маттахь йеша хууш, язднан хууш бацар. Йеша хууш белахь а, дешначух лардтIехь кхеташ бацар. Дерриге оьрсийн метта хьаьрчан дара. Iилманца, меттанашца уьйра йолуш, сай армера цIа веача, университете деша вахара со. Армера цIа веанчунна маьлла атта дара деша ваха. Заочный отделени Нохчийн-ГIалгIайн мехкан Толстой цIарха йолу университети, филалогийн факультетан дешархо хилара со. Цуьнца цхьанна «Грознефть» объедененехь болха беш вара. Аса сайхь чохь болчарна бала ца бина цкъа а. Сай гIуллакх айса дина, сайна сом а ша даьккхна. Очно вахан хиллехьари дена-нанна кочахь хира вара со. Армера цIа веана волу, суна товша хира дацара 5-6 шарахь цхьанин кочахь Iар. Кхин баш хаьржа хоьржуш деша ваха меттигаш йацар вай. И пединститут и, нефтяной институт и, университет и кхоъ бен. Нийса Iилманашца сан уьйра яцар, гуманитарий вара со. Мотт и, меттанашца долу Iилми, лингвистика, истори хаза хетара суна. Цхьан дешархо меттиг дуьхьа йоккха конкурс йара кегирхойн юкъехь. Историйн факультета а йара, амма меттан Iилма алсам чулацам болуш, дуккхо билгалле Iилма ду, историг хьажча. Меттан Iилман ше методологи, терминологи йолуш хала Iилма ду. Мотт, цуьнан структура, цуьнца йолу ойла, цуьнан дахар, кхиар, методологи, кхин а шортта чулацам болуш билгалонаш йу цуьнца. Историкаш и, этнографаш и, археолагаш и дешдериг цхьан лингвисто до. Цхьан хIуман бакъхиларан билгало архиеалоги и, лингвистик и тIехь далош ду дуьненчохь. Керла замнахь царна йуьхехь генетика а йу хIинца. Амма генетикас а гаранти ца ло, цун тIехь далил далдан эмаш бу хIинца а. И керла методо, цкъа чун, ше меттиг лаьцна йац. Цундера йуьхьа а тIаккха а археологийн, лингвистикийн билгалонаш тIехь лаьтташ ю цхьан хIуман тешамийн лард. Дика хьехархой бара тхан. Дешархой а тейптейпан къамнашийн нах бара. Профессорш бара, дуккха дика хьехна цара тхуна, аса баркаллца дагалоцу уьшша. Цара делдолу зеделларг, делла хьекъал, белла хаамаш, церан соьца тIекере хилар мехале ду, хIинца а дагалоцу аса. Нагахь санна, дар-дацарш хиллехь а, сайх лаьцна баханашца хилла ду, хIунда аьлча, кегий болуш хенахь хьекъал доцург долуш хуьлу. Иза- дешара а, болх бар а цхьан бин дера ду. Берриг тидам а, хан а дешарна билла ца нислора. Царехь цхьацца берш кху дуьненчуран дIакхелхан, цхьаццаберш кхеча пачхьалкхашка дIабахна. Цаьргара аса эцна долу Iилмана безам, кIорггера хаамаш, аса нийса, пайдехь леладина аьлла хета суна. Сай деден тIерани доладелла сан кхиоран некъ, кхин дIа- школехь, университетехь а, со Iилманча хIутташ схьаэцна хилла долу хьекъал, хаамаш, билгалонашша вина соьх тахан Iилманча.


 

Сигаури Илесс – Мутусан Илесс

ЦIера Эна-Хишкера (Серноводск) ву Сигаури Мутусан Илесс. Вина 1966 шерахь 24 ноябрехь Казахстанехь, Атбасар гIалахь. ГIараваьлла историк, меттан Iилманча, йукъараллахо. «Союз журналистан», «Союз литераторан» тобанин а, «Вайн мохк- Къилбаседа Кавказ» ассоциацан а дакъашхо.

Илесс филологан Iилманан доктор ву. Совет паччхьалкхан хенахь «Грознефтехь» комсомолан охIлонан секретарь болх бира цо. Совет эскарехь шен декхар дIаделира Украинехь.

1995-1997 шерашкахь культуран, спортан, туризман министр, кегирхойшца бечу белхан куьйгалхо вара иза.

Цхьанна а Iэдалца, Нохчийчоьхь латтина долу даггара уьйра йолуш вац из шен халкъаца йоцург.

1999-2000 шш. Нохчийчохь ханна хIоттиначу Iэдалан дешаран, Iилманан, оьздангаллан министр даржехь хилира (Кадыров дIахIоттича и болх битира).

2002-2003 шерашкахь Гос. Думан эксперт – хьехамча, Европин Парламентан ассамблейн советан дакъашхо.

1995-2015 шерашкахь Нохчийчохь культуран а, иссбаьхьаллан а, социалан а хьашташна Iуналла латточу кхеташхойн куьйгалхьо вара иза.

2019 шарахь вайнахан юкъарчу «Даймехкан хьалхархо» цIе йолу совгIат кхоьллира цо.

Россин Академин Меттан Iилманан институтан Кавказаца доьзна долучуьнан Iилманан белхахо. Цигахь аспирантура, докторантура а йаьккхина цо.

Эзар герга стихаш, поэмаш, прозаш язъйина цо гIазкхийн а, нохчийн а меттанашкахь (псевдоним «Дзурзук-сын Тирета»).

Сигаурис И. 9 монографи а, бIе сов Iилманан статьяш а йазъйина. Церан тематика истори, этнографи, археологи, лингвистика, политологи йу. Къаьмнашна, мехкашна, дуьненан юкъехь йолчу проблемах лаьцна йу уьш.

Кавказан меттан системехь 2 хилла йолу меттан подгруппаш, 3 подгруппа хиларна бакъ дина: нахчийн подгрупп и, дагестанийн подгрупп и, абхаз-адыгийн подгрупп и. Нахчийн меттан подгруппо къаьстан меттиг лоцу. Дуьххьара Iилманца чIагIдина цо хурритин-урартин меттанин шумерин маттаца йолу уьйраш а, иштта цу меттанин нахин маттаца долу гергалло а. Шумерин- хурритин-урартин – нахин меттан га этрускин, баскин, ширачу Эгейдин меттанашца доьзна хилар а. «Ширачу заманалера дуьйна нохчийн истори а, паччхьалкхан гIопаш а» цIе йолчу шен пхеа томан Iилманан жайнашкахь цо гайтина, нохчашна тIекхоллина цIе харц хилар. Иза шен истори а йоцуш Дуьненан историна йистехь лаьттина къам хилла бохург, шен цхьа а бух боцург дуйла а гойтуш.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz