Вай аренца лелачу хенахь махкан дозанаш шордина ца Iаш, вейш дозанаш а шордо вай


0
100

Тайп-тайпана махкаш-меттигаш гина, цигахь гулдина дагалецамаш а, исбаьхьаллаьхь доьзна ше дахар а дийцара тхуна Шеймас, тхан хаттаршна жоьпаш а луш.


Репертаж: Элиф Токгоьз


-Хьайха лаьцна жимма дийцахь?

-Сан цIе Алышыр Пайидар Шейма йу. Со гIалгIай йу. Стамбулехь Iаш-дехаш ду тхо. Ышык Университетан Исбаьххьалийн Факультетан «графикийн дизайн» кафедран дешархо хилла, иза чекхйаьккхан йу со. Диджитал, Креатив, Йиллан агенствашкахь, жайнаш зорбан дохуш меттигашкахь, журналашкахь, кино-агенствашкахь, ТВ-каналашкахь кхин дIа а, белхаш бина ас. Цуьнца цхьанни исбаьхьаллин гайтамашкахь, фуарашкахь дакъа лаьцна ас. ХIинца а «диджитал» суьрташ дохуш, уьш кечдеш къа хоьгаш йу со.

-Жайнашийн дизайн, сериалашийн дизайн, сайтан дизайн- кхин белхаш а бу ахь беш. Царехь уггаре даго тIеоьцуш муьлханиг бу хьан? Йа берриг цхьан барамехь бу хьуна?

-Массо болх а ас электрон кепехь беш бу, цундела суна башхо ца хуьла. Исбаьхьаллин болха хилча, дуккха маьрша болх хуьла иза, самукъане хуьла и беш хенахь. ХIунда аьлча, цхьанин костца бан безаш ца хуьла. Хайна хеттарг, хьайна луург дан йиш хуьлу, хьай кийрахь дериг, коьртехь дериг суьрташца а дуьйцуш.

-Хьай исбаьхьаллийн белхаш буьйцар бари ахь?

-Буьйцар бу дера. Дукха хан йу ас исбаьхьаллин меттаца кхамел деш долу, Суна со сайна маьлла дагайоха фотосуьрташ доккхуш, фотодизайнер программаш лелош йу со. И электрон кепехь суьрташ исбаьхьаллин кепе даьрзош диджитал программашца уьш нисса до ас, тодеш. Уьш тодеш хенахь «диджитал иллюстраци», «3Д» программаш лелайо ас.

-И болх муха хьаьржара ахь? Жима йолуш хенахь йа цул тIаьхьа дагадеара хьуна иза? 

-Жима йолуш хенахь математикехь дика кхеташ йара со амма суртдиллар а, суртдаккхара а, музыка а йара даго тIе оьцуш. Цкъа ас кхин факультет чекхйаккхан, болх бан дIайолайеллера со, программаш йазйеш хенахь дизайни рагI тIе кхаьчча- гуттар са мукъа долара сан. Иштта, кхийтира со Исбаьхьаллин факультете деша йаха йезар.

-Технологи йуккъехь хIинца «электрон интелектин» Iаткъам сов баьлла. Дуккха белхаш цуьнах доьзна бу. Хьан гонахехь цу хьокъехь хьал-де хIун ду?

-Дер, тхан сектор чохь «электрон интелектин» Iаткъам дукх-дуккха ма бу. Ас а лела йо и «интелект». ХIинцаллца «фотошоп» йа «иллюстратор» программашца алсам хан йойара, «интелект» лелош хенахь- болх сиххонца дIабола. Хан къезиг йайар суна пайдехь хуьлу. «Интелекто» болх сиххонца чекхбаккхар хьуна кхиамаш сов баккха, ойла йан, дуккхо суьрташ арадаккха- хан ло.

-Исбаьхьаллин тема йуьцуш хиллача стега дог ирахIоттадеш дериг хатта лаьа. Хьан дахарехь, йа болхахь доьзна цхьа хIума дуй хьо тIехьажа, йа цхьанца нисйалан лууш дериг? 

-Сан дог айош дериг Iалам а, кхоллараллин нах а, дизайнерш а бу: Пикассо, Мондриан, Эшер, Сэвил, Малевич, Шер кхин дIа а..

-ГIалгIай йу хьо. Хьайн къомах, йа цуьнан дахарехь лаьцна болх бини ахь? Йа бан безар, аьлла ойла йеъни хьуна?

-Кавказан а, гIалгIайн а мотивашца болха бан хьаьжара со, амма цхьа проект ара цайаьккхара. Цхьа хан еача бан а там бу, хуур ду-кх.

-Droneinwonderland цIерца инстаграм чохь агIо йу хьан. ХIун гайта лаьа хьуна цу агIон чохь ?

-Ит шо хьалха сан цIийна да Али Алышырца схьайиллина агIо йу иза. Дуккха хьолехь, дронца даьхна долу суьрташ а, видеоаш а дохка оха цу чу.

-Муьлха мехкашкахь хилла шу?

-Исланди, Норвеги, Алйаска, Итали, Португали, Азор гIайренаш, Фарер гIайренаш, Росси кхин дIа а -25 герга тейп-тейпан мехкашкахь хилла тхо. Цхьацца мехкашкахь масийттаза хилла. Масала: Норвегехь кхузза. Норвегин къилбехьа агIо, Россин къилбседехьа агIо лоцуш йолу цхьа меттиг йу, цигахь лелаш, массо гIала, хийисташ гина тхуна.

-Ахча-бохча мичара хуьлда шуна? 

-Дуьххьара, шозза туризм фирмашца барта а бина, уьш спонсор хуьлуш, дахар тхо. Цул тIаьхьа пандеми йелар. И ун лазар дIадаьллачултIехь, тхайн таронца дахара тхо, тхайн болх тIехь даьккхина долу ахчанца.

-ДIадаханчох мичахьа Iа шу? Отелчохь Iа шу йа четар, караван хоржу эш?

-Караван цкъа чунна ца лелийна оха, дуккха хьолехь четарчохь Iа тхо, Iаламна йуккъехь хилархьам. Буьйсанашкахь седарчийн суьрташ даха атто хуьлу. Наггахь, отелешчохь а, йа Куест-хаусашкахь а, Аирбнбехь а Iийна. Круиз йеш, хIордан кеманца хийла хIорданаш а, хиш а, гIаланаш а, йарташ а гина тхуна.

-Теша тхо, оццал а эвлайуккъехь лаьлла долуш шуна дукха хIуманаш хезна а гина а хилар. Шуна гина-хезна уггаре инзаре, коьрта чохь дисна хIума хIун ду?

-Бакъ ду-кх иза. Шортта хIуманаш гина, хезна тхуна. Царехь ду хIара цхьаъ: Фарер гIайренашкахь долуш хенахь, тхун тIехьахь Лейтисватн Iам бара, хьалхахь Къилбаседа-атлантикин хIорда болуш. Царна йуккхехь цхьан Iин йистехь дара тхо. Тхо шиъа бен цхьа адам дац гондахь, бух боцу хIордан инзаре, корта хьовзош сурт а ду хьалхахь. Iаламийн, дешнашца йийца цалуш хазалла, хIинца а бIаьргашчохь лаьтта суна.

«Аренашца  со кхин а йоккха хуьлу»

-Неха сатийсам хила мегаш, дахар ду хьан. Иштта дахар кхолла а, нисса дан а хала дуй?

-Массера хIокху дахарехь шейн-шейна сатийсамаш бу. Кху дуьненчохь уггаре самукъане ду аренашкахь лелар, керла хIуманаш ган. Вай аренца лелачу хенахь махкан дозанаш шордина ца Iаш, вейш дозанаш а шордо вай.

ПаргIато йуьти, аренца лелаш хенахь, дукха керланаш карадо, керла хIуманаш Iэма. Масала: локхаллахь кхерар дицдина ас иштта. Аренца лелаш хенахь массо хIуманна кичча хила веза, вон хIуманашна а. Цундела хIора арайаларца со кхин а йоккха хуьлу.

Тхо ма -даххар даха, хала хIума дац. Кху дахарехь хIун схьаэца лаьа-хаттарца, лаамца доьзна ду и. Оха тхайн дахар арахь леларца доьзна ду. Массо хIума ниссадеш хенахь уггаре практик, экономик кепехь кечча деш. Саца меттиг уггаре йораха йериг хьоржа оха. Отелчу хоьвшан цхьан кIирнах цхьа сурт ган чулла, кхеча меттигашкахь лелаш, Iаш,  тейп-тейпан суьрташ ган хоржа оха.

Шейн дахарехь вуно чIогIа реза долуш дехаш ду-кх шу, делахь?

-Иштта даха гIерташ ду-кх, ала мегар ду.

-Даггара жоьпаш тхун даларна, баркалла ду хуьна.

-Ас а баркалла олу «Жинепс» газетана.

 

Нохчийн матте гоч динарг: Милана Айдамирова K.

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz