Мехкарийн Де

Биэкарг баттан 8гIа де. Махкашна йуккъехь «Мехкарийн де», лоруш ду.

“Зударийн де” яздан цалаьа, и дош цадеза суна. Хьалха заманахь кхи дош лелош цахилла теша нохчашша!?

Ше чоь лелош, болха, некъ, корматалла йолу нохчи йоIе наха тIаьхьашха олуш дериг (суна а тIехь) масалша йала йо ас:

Божарий-зудчуьнга (йоIе):

Шей чохь Iа йезар хIара!; Хьан чохь дан дезаш гIуллакх дац? ХIун гIуллакх ду зудчунна (йоIе) и лела дан, шей чохь ца Iаш?; Кхуьнга хьажахьа, хьо нохчи мукъа-не йуй?; Хьа вала да вац?; Хьай коьртан тIе йовлакх тилла!; Хеча лелош ма йу хIара, боьрша-м йац хьо!; Цхьаммо яийтина агент хира йу!; Ша гайта арайалла йу хIара!; Спорт зудчунгахь товш а хIума ма дац!; Кхо хIун леладо-лела?!;

Зударий зудчуьнга (йоIе):

ХIар жуькти хира йу, цхьа суьйли-сулай яра иза-м!; Чеченоговорящая йу, хена- мичара йу цахууш!; Эшарш лакха а, ладогIа а хьарам ма дай! Хелха йола бохуш-саьтташ йу.; Виий хеча йац цуьна тIаьхьа! Цхьа «мечиг» йу-кх! ; Ша цхьаъ йаздо бохуш, ша хьекъале гайта гIерташ йу!; Лар тIехь нохчийн маттахь бийца- йаздан цахаа!; Таг лоьхуш йар иза-м, гуш ма дай!; Цуьнан къежари хьовсийша! Баьргаш чу сийна линзаш доьхкан хира дара цо-м! ; Кхин дIа а..

Цхьанне агIо шена йоьвзуш йоцуш, амма ше сийца, оьздангаллийца цхьа болха- некъ лелош йолу нохчи йоIе, шаьш «чIогIа» нохчий йа «чIогIа бусулба» бу бохуш зударий а, божарий а даимна цхьаъ ала гIерташ, цуьнан сий лахдан гIерташ-къа хьоьгу.

Сай дахарехь а, даимна дуьххьал кхетта суна цу тейпан нах. Амма со йухьа ца йоьхна, сай некъ лела бина ас, цуьнан тIехь хила а гIиртана со. Цу некъ тIехь со тоьлла меттигаш бу, ца тоьлла меттигаш а бу. Амма сан са паргIат ду, хIунда аьлча сан некъ цIена а, тешаме а, “чухула- тIехала” доцуш бу. Со Нохчи йу, Нашхо йу, Делахь тешаш йу.

Сан къоман йеза культура йу (эшарш, назманаш, иллеш, хелхарш, дийцарш, мифологи, халкъан барта кхолларалла, суртдиллар, пхьолаш), мехале гIиллакхаш а, ладаме Iадаташ а ду.

Уьш айба а, довзийта а- йу сан Iалашо. Амма коьртан Iалашо- сай масалца, сай леларца, деш долу гIуллакхца, белхаца, сай юьхь-яьхьаца нохчи йоI массо хIуман тIехь говза хилар гайта йу.

Нохчи йоIан чур гIуллакх а хаа, арахь а лела хаа, адамашна юкъехь дош ала а хаа. Ше дешан тIехь чакхйала а хаа. Кхиа тIе-хаза а, товша а йу!

Со со хьаста йан йаздина дац ас хIара. Со санна берш дуккха а бу, соьлла дукх-дуккха халонаш лайна, дукха сов толамаш бина а болуш а бу, вай махкана а къоман сий дийна, дозалла дина мехкари бу.

Масала:

1842 шарахь тIом беш лазийна, са малделла йоьжна йолуш мостагIашна кара кхечира божарийн духарца йолу Гихтара Мейлин Таймасха. Росси пачхьалкхан куьйгалхо Николайна тIе йигира иза. Иштта, цецваьллера иза нохчи йоIан майраллин а, доьналлин а.

1819 шарахь Дади-юртахь мостагIашна дуьххьал леташ нохчий къонахой, церан са айба мехкарша эшарш лоькхура, шей йеха месаш, кIажарш хедайеш дIалора уьш цара божаршна. Цара а тоьпашна чу йуллура и месаш, герма меттан. Лазийначарна гIо дора, дарба леладора вай мехкарша. Божарий оьшуш хенахь, мехкари шаьлтанаш схьаэцна мостагIашна дуьхьал боьвла леташ дIакхелхара. Къоман иэсехь йисна иштта Дадин Айбика, Айдин Жансига, Амаран Заза, кхин а шортта бара уьш…

ТIемаш лахбелла маьрша хан еача, жоьра бисна болу мехкаршна тIехь дисара шей чоьнна, доьзалшна хьажар, кхабар. Дукха хан цайелара, Росси пачхьалкха революцица коммунисти Iэдал деара. Цунна духьало йеш тIемаш хуьлура дехьа-схьехьа. 1917 шарахь керла лорйиши курсаш чекхйаккхан йара АтагIара Арсанова ПIетмат. БIе дийнахь тIом болуш Соьлжа гIалахь. лазийна чарна гIо деш йара ПIетмат. ЦIерпоштан станци йухьехь пулемет куьйга эцна цо тIом йукъехь. 1918 шарахь мина а Iиккхна дIакхелхар ПIетмат (Далла декъал йойла иза).

ТIаьххьара, Совет Iэдал дIахIоьттара махкахь. Дукх-дуккха говза, корматалла йолуш мехкарий кхиара вай.

Иштта хьа хIун боха, хьа хIун эра ду бохуш Iаш хиллер хьари- вай майра, божарийн духар доьхна йолу Мейлин Таймасха хира йацар, Дади-юртар доьналла долуш мехкари хира бацара, вай Пилот Ляля Насуханова хира йацар, поэт Раиса Ахматова, суртдиллархо Фатима Даудова, спортхой Зиннура Сайдулаева (каратэ), Амина Масхадова (паргIат кепара латар, штанга), артист Марьям Айдамирова, сварщик хилла, цул тIаьххьа политики йахна, депутат хIоттина йолу Сажи Умалатова- хира бацар. Иштта кхин дуккха йу и масалша..

Кхул тIаьххьа хIора биэкарг баттахь материалашкахь царехь шехь шехь лаьцна дийца, йаздан Iалашо йу тхан.

Нохчий мехкари маьрша, говза, хьекъале хилла бу, даимна хира а бу!

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz