Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан къаьмнийн нах а. Концерт чекхъяьлча ловзар дира. Цигахь ансамблан декъашхойн а, концертан хьешийн а аьтто хилира вовшашца уьйр лаца а, самукъадакха а, хелха довла а.
Оцу хенахь тхан аьтто белира ансамблан куьйгалхо Мутошвилли Беллагар йоца интервью эца.
Гуьржийчохь Панкисехь бехаш бу нохчий. Кисташ – хьалха гуьржаша массо а нохчех олуш хилла, экзоним ю. Панкисехь бехачу нохчаша сунни бусалба дин лела до.
Музыкаца долу хьал чолхе ду Кавказан регионехь. Цхьаболчара зикр деш динан мукъамаш локху, назманаш олу, амма дуьненан маьІнехь мукъамаш тІе ца оьцуш меттигаш а хуьлу. Иштта, цхьаболу бусулбанаш бу мукъамаш, иллеш- лаамаза гІуллакх ду бохуш. Пачхьалкхо а, коьртачу декъан, гуьржийн полифони ойу, ткъа кхечу къаьмнийн мукъамаш, иллеш гайтаз дуьса. Цундела чолхе ду Панкисин ламастан музыкан хьалде. И халонаш елахь а, Панкисехь масех жигара ансамбль а, иллиалархой а бу.
«Панкиси» ансамбль — Панкисера нохчийн зударийн музыкан тоба йу.
«Панкиси» ансамбль, гондахь дика хьал доцушехь, нохчийн культуран дуьхьа къа хоьгаш схьайогІаш йу.
Гуьржийчохь йа ша Панкисехь леррин дихкина дацахь а, нохчий мехкаршна мукъамаш лакха а, илли ала а, атта цахуьлу. Делахь, наха шайн мукъамаш, иллеш диц цадо.
«Панкиси» ансамблехь декъашхой хийцалуш хилла. Тахана ансамблехь бу:
Бела Мутошвили – вокал, аккордеон; Лана Гунашашвили – вокал, пондар; Линда Гунашашвили – вокал; Мариями Багакашвили – вокал;
Интернетехь карор ю шуна «Панкиси» ансамблан а, «Оред Рекордингс» а цхьаьна бина болх. Ансамблан дебют альбоман нохчийн скрипкан/Іад хокху пондаран дакъош, тІаьххьарчу эшаршкахь локхуш ву Кодзоко Тимур (Ored а, Jrpjej а кхоьллинчарех цхьаъ). 2022-чу шарахь Европехь шен дебют йира «Панкиси» ансамбло Данехь хилла йолу Roskilde фестивалехь. 2023-чу шарахь цара дІаяьхьира шайн дуьххьарлера Европан турне, шай кхиамаш гайтира цара: Европан фестивалехь Le Guess Who? Якобикеркехь, Гаагерчу Amare-хь концертехь, Копенагенехь Stairway-ехь, иштта Le Botanique Brussels-ехь, Panda Berlin-ехь, Musekhuset Dexter-ехь. 2024 шарахь ансамбло дакъа лецира Британехь WOMEX фестивалехь а, Британехь WOMAD фестивалехь а, Словенехь Druga Godba фестивалехь а, Белгехь SFINKS фестивалехь а.
Ансамбло, шайн дай баьхначу латтан арахьа наггахь бен ца хезаш йолу нохчийн мукъамаш, вокалаш, инструменташ, музыкан жанраш, ларйеш, кхиайан, гайта хьожу. Царна юкъахь ду «илли» санна долу эпически туьйранаш, динан иллеш-назманаш. нохчийн-бацойн эшарш, безаман эшарш, и.дІ.кх.а.
Ансамбль кхоьллина Мутошвили Белас. Бела Тушетер бацо-нохчи йу. Хаа цуна, нохчийн а, оьрсийн а, гуьржийн а меттанаш. Жима йолуш, Панкисин Жоколо юьрта маре еан иза. Бела жима йолучу дуьйна аккордеон локхуш ю, бацойн мукъамаш а, иллеш а олуш йара. ТІаьхьо музыкан хьехархо а хилира иза. Белас Панкисехь културан материалаш гулдина, Нохчийчуьра нохчийн мукъамийн архиван материалаш а Іамийна. Жоколо юртахь тоба вовшахтоьхна цо, шен дешархошца цхьаьна туристашна хьалхахь, концерташ луш. Цара нохчийн а, гуьржийн а эшарш лоькху, хелхарш до.
Лахьан-беттан 30-чу дийнахь Истамбулехь «Панкиси» ансамбло концерт йелира. Цу ансамблан эшаршка, мукъамашка ладогІа гулбелла бара нохчий а, чергазий а, абхазаш а, дуккха а Кавказан къаьмнийн нах а. Концерт чекхъяьлча ловзар дира. Цигахь ансамблан декъашхойн а, концертан хьешийн а аьтто хилира вовшашца уьйр лаца а, самукъадакха а, хелха довла а.
Оцу хенахь тхан аьтто белира ансамблан куьйгалхо Мутошвилли Беллагар йоца интервью эца.
Тхан хаттаршна жоьпаш дала реза хилира Бела. Тхан хаттарша а, цуьнан жоьпаш а хІорш ду:
-Дела реза хуьлда шуна Бела кхуза дакхкарна, тхан самукъадаккхарна. Дийцахьа, шу мичара деана, муха кхаьчна кхуза?
-Шуна а хуьлда Дела реза. Тхан сий дина кхуза даьхкан -тхуна йокха мотиваци хила цуьнахь. Тхо Европехула тур йина, цул тІаьхьа Ингалс махкахь Лондонехь дуьненахь а гІараяьллачу фестивалехь дакъалецна схьадаьхкан ду. Цигара нах цаьцца баьхна дохуш ду тхо. Цигара дохушшехь кхуза чудирзара тхо.
-Вай культуран, фольклоран халде муха ду таханлерачу дийнахь?
-Бакъдерг аьлча, 200 шо хьалха вайн дайша вайга дІакхачийна и фольклор, тхайн ницкъ ма-кхоччу ларйан гІерташ ду тхо. Тхо махкан арахьула лела гІерта, дуьненна тхох а, тхан культурах хабар хилийта а, йовзийта а лууш. Тхайн ницкъ кхочург дерриг а деш ду тхо. Амма тхо тІаьхьара чІор ду аьлла хета суна. Тхуна тІаххьа Панкисехь фольклорца бала болуш саг цахила там бу.
-Ахь нийса боху. Вайн хорца эшарш лакхар кІезиг хилла ца Іаш, зударийн хоран тобанаш а ю кІезиг. Шу ансамблан Туркойнмахкахь концерт дІакхайкхош гича, цецдевлира тхо. Шу кхузахь мел Іийр ду, юха маца догІур ду шу?
-Тхо тахана дІадоьлху. Тхуна ца хаа, тхо юха а кхузахь маца дохар ду. Кху шарахь ардар баттахь Европехь 8 концерт а, юха а Лондонехь 2 концерт а йолуш йоккха турне хира йу тхан.
-Туркойчохь маца хира йу концерт?
-Ца хаа. ХІара тхан визит а экспромт яра. ДІадахале хан яра тхан, цуьнах пайда а оьцуш, хІара концерт дІаяха сацам бира оха.
-ТІаккха, иза план йоцуш нисделла?
-ХІаъ, дагахь а дацара, амма иштта нисделира. Цхьаммо а ца кхайкхира тхо. Тхуна даима а лаьара кхуза концертца дахка. Амма кхойкхуш берш а бацара, зІенаш а яцара тхан.
-Тхуна чІогІа хазахийтира шу довза а, ган а. Гой хьуна, мел дукха нах бу кхузах тахан: гуьржий, нохчий, абхазаш, чергазий. Массо а кавказхой кхузахь гулбина эш. Тховса хаза хан яьккхира вай цхьаьна, Дела реза хуьлда шьуна. Вайн Кавказан, нохчийн культуран центрашках, ассоциацишкахь мукъане а концерташ дІаяхьа кхайкха лаьа тхуна шу.
-Сан кхин а 4 декъашхо ву. Вата туху, пондар а локху цара, иштта говзаллин кепехь хелхарш а до. Царна виза а ца елла бисара уьш. Концерташ дІаяхьа кийча программаш а ю тхан.
-Мел хан ю шун тоба йолуш?
-2000-чу шарахь дуьйна тобанна куьйгалла деш йу со. Ас кхоьллина бренд йу иза. ХІинцале а масех тІаьхье дІаяьлла вайн ансамблехула. Халахеташ боху ас, ПІаьнкисехь нохчийн фольклор леш ю. Амма тхо иза дІалаца гІерта- цхьаьнгге а ла ца дугІуш. Оха дІакхоьхьу вешан культура, халкъан барта хилийта а хьожуш.
-Панкисин муьлхачу ярташкара бу шун декъашхой?
– Панкисера хІора юьртара аьлча санна.
– Билгалдаккха деза, Панкисера зударий вайн культура хьалаайъеш хилар. Амма хьоьца, шуьца хада дезаш дац иза. Хьайн болх кхидІа а дІабахьа беза ахь. Муха хета хьуна, иллеш ала вон ду, къилахь ду, хелхавала йиш яц бохуш, кест-кеста деш къамелаш хезча? Къаьстина, зударш дакъалоцушхенахь алсамо хуьлу и къамелаш. Вай культура йицйаларн, дІайаларн кхерам цуьнца доьзна дуй те?
-Тхо гІерташ ду и диц цадалийта. Культура йоцуш къам цахуьлу. Культура елча-къам а дІадолу.
-Иштта а вай ассимиляци а йу чІогІа йаьржан, тхан кхузахь а, шун цигахь а.
-ХІаъ, халахеташ делахь а дукха кхерамаш бу вай гондахь. Амма вай къарлур дац! Вай культурна, фольклорна, ненан меттан а дай хила деза вай.
-Дела реза хуьлда шуна тхоьга кхачарна, тхо сатуьйсуш ду шу юха а ган.
-Дела реза хуьлда шуна тхан концерте дахкарна.
ХІара йоца интервьюца оха дина коьрта жамІ хІара ду: «Панкиси» ансамблан массо декъашхошна шайн дайшехь йисна йолу нохчийн культура ларъян а, кхиор а мисси санна хета. Къоман «йуьхьа» йолу культура дІацайалийта- йу церан коьрта Іалашо.