1.гI дакъа
Нохчийн меттан говзанча, йаздархо, журналист, талламхо, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн, Журналистийн Союзийн а декъашхо, Нохчийн Республикан культуран «Хьакъволу Белхахо» волу, Умхин Салманан воI Хьамзатца Айдмар Миланас (Жинепс газетан яздархо) кечйина йолу репортажан дуьххьара дакъа.
-Хьайн доьзалх (да-нана, кхин дIа а) лаьцна жимма дийцахь. Мичахь вина, муьлхачу йуьртара а, тайпана а ву хьо?
-Вина 1956 шеран эсаран (октябрь) беттан 14 дийнахь Казахийн махкарчу Талды-Курганан кIоштехь, вайн къам, бехк-гуьнахь а доцуш, Сталинан Iедало дохийна цIерадаьккхина долуш. Ши бутт хилла сан – «йамартхочун» – тхан доьзал 1956 шо чекхдолуш Iедалах лечкъаш Даймахка боьрзуш.
ЦIера Хьалха-МартантIера ву. «Марта» а, «Йоккха Марта» а олу цунах наха. «Урус-Мартан» гIазакхиша тиллина цIе йу, шаьш кхузахь Шамалан заманахь, 1848 шарахь, тIеман гIап йоьгIча. Мартакхоллайелла, гергарчу хьесапехь, 300 шо хан лору. Цул хьалха масех кIотар хилла кхузахь, ломара охьабевллачу наха хьаннаш йуккъехьйехкина. Йурт йиллинарш, къаноша дийцарехь, деа тайпанан нах хилла: Беной, Гендаргной, Пешхой, БелгIатой. Цул тIаьхьа, жим-жимма, кхечу тайпанех болу нах а тIекхетта царна. 1959 шарахь, Россин империно ДегIаста дIалоцуш бина тIом чекхбаьлча, икIотарш вовшах а тоьхна, царех 1500 эзар кIур болуш йоккха йурт кхоллайелла. Тахана кхузахь вехаш ткъех тайпанах волу 70 эзар гергга стаг ву. Соьлжа-ГIала ца лерича, уггар йоккха шахьар йу Марта Нохчийчохь.
Схьадовлар Бенара ду. Да – дечиг-пхьар хилла, нана – 8 доьзалхо кхиош цIенана. Шу марша, и шиъ хIинца доцуш ду. Дала декъала бойла вайн дIа мел кхелхинарш массо а!

-Мичахь а, муьлха дешар а дешна ахь?
-Ишколера ваьлча, Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факультетехьдешна, оьрсийн-вайнехан декъехь. 1984 шарахь иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа, иттех шарахь Хьалха-МартантIера №1 йолчу ишколехь нохчийн мотт хьоьхуш хилла. Цул тIаьхьа «Даймохк» газетехь журналист болх бина.
«Нохчийн» аьлла цIейоккхуш болу луьра 2 тIом дIабирзича Нохчийн Республикин«Къаьмнийн политикин, арарчу гIуллакхийн, хаамийн гIирсийн» а, «Дешаран а, Iилманан а» министерствошкахь а, «Адамийн бакъонаш ларйаран комитетехь» а къахьегна (цунах дерг автобиографин тIехь ду). ТIаьхьара болх бина меттиг – «Нохчийн меттан институт» йу. Тахана пенсехь ву.
-Хьайн дахарехь ахь бина белхаш нохчийн культурица а, маттаца а, адамиийн бакъонаш ларйарца а боьзна бу. Муха нисделла иза иштта?
-И дера нисделла, кхечу къаьмнийн дика мел дерг вайн къоман а хила лууш хиларна: Iилманехь а, культурехь а, маттехь а, адамийн бакъонаш ларйарехь а кхин долчу дахаран массо дакъошкахь а. Дайх дисна хIума дезар Дала делла ду-кх вайна. «Шен цIа – цIен цIа» – эрна ма ца олу.
-Меттанийн институташ йолуш дукха къаьмнаш дац дуьненчохь а. Нохчийн меттан институт кхоллайалар муха нисделира?
-Дуьненчохь уггар ширачех, амма тахана ваала да воцуш, хIаллакьхиларе бирзина лаьтта нохчийн мотт, тIамо бохийнамохк а санна, денбан а, цIинбан а безаш хиларх дуьххьара Дош аьлларг вайн мехкан куьйгалхо вара. Мотт – къоман лард хилар а, и дIабаьлча къоман доь довш хилар а хууш, и Дош цуо оханан (апрель) беттан 25-гIа де вайн махкахь Нохчийн меттан дедIакхайкхош элира.
Делан къинхетамца иза бахьана а долуш, «Нохчийн меттан денна» тIаьххье, «Нохчийн мотт Iаморан а, кхиоран а Кхеташо» а, цул тIаьхьа «Нохчийн меттан институт» а кхоьллира.
Институт кхолларх лаьцна жимма шуьйра аьлча, иза вай лакхахь хьаха ма дарра, дагахь а доцуш, цIаьххьана хилла хIума дацара. Цул хьалха Байханов ИсмаIала, Мехкаден тIедилларца, ша «Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а» министр волуш, «Дешар кхиоран институтах» – «Нохчийн меттан а, историн а кхиоран институт» йира (министерствон йукъайогIуш йара иза). Цул сов, нохчийн мотт ишколашкахь хьехар совдоккхуш а, Iаматаш карлайохуш а, Iедалан гIуллакх лелор (делопроизводство) нохчийн матте даккха кечдеш а, нохчийн мотт хьоьхучу хьехархойн алапа 15 процентана совдоккхуш а, 9 класс чекхйоккхучу дешархошна нохчийн меттан экзамен йалар декхар дина тIедуьллуш а дукха гIуллакхаш дира цуо. И дерриге а бух хилла дIахIоьттира «Нохчийн меттан институт» йуьллуш. Цуо болийна болх кхиамца дIабаьхьира дешаран а, Iилманан а керла хIоттийначу министро – Байсултанов Идриса.
Кхоьллинчу Нохчийн мотт Iаморан а, кхиоран а Кхеташоне дешархойн дай-наношкара нохчийн меттан Iаматаш тIехь гIалаташ ду аьлла аьрзнаш кхечира. Кеташоно таллам бича, и аьрзнаш бух болуш а карийра. Iаматаш хийца йезаш хьал кхолладелира. Амма Iаматаш тIера гIалаташ, коьртачу декъехь, XX-гIа бIешеран 50-гIа шераш чекхдолуш, Сибрехара вайн къам цIадирзинчул тIаьхьа, дуьххьара йукъайаьхначу нийсайаздаран бакъонаш тIера цхьадолчу кхачамбацарех доьзна хилар карийра. Керла Iаматаш арахоьцийла дацара оцу бакъонийн и кхачамбацарш дIа а дохуш, уьш цхьана кепа йалийчий бен.
Цу хенахь Кхеташонан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хиллачу Байсултанов Идрисан тIедилларца шира орфографин бакъонаш нисйаран, цунна кодификаци йаран белхан тоба вовшахтуьйхира (билгалдаккха деза, Кхеташонан болх Идриса доггаха а, мало йоцуш а дIакхехьна хилар). Цу йуккъехь бара республикера тоьлла болу нохчийн меттан Iилманчаш, хьехархой, йаздархой, журналисташ, йукъараллин белхахой, меттан говзанчаш: Овхадов М. Р. , Халидов А. И., Вагапов А. Д., Ирезиев С. -Х. С. -Э., Эдилов С. Э., Солтаханов И. Э., Альбеков Н. Н., Дадаев С. П., Абдулкадыров А. Т., Бадаева А. С., Юнусов Хь., Цуруев Ш. цхьамогIа кхин а. Тобанан болх вовшахтохар а, дIабахьар а «Нохчийн Республикин Iилманийн академин» куьйгалхочунна Гапуров Шахрудина а, «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран иинститутан» директор волчу суна а тIедиллира. Шина баттахь и болх бина чекхбелира тхан.
Амма нохчийн мотт Iамор а, таллар а, кхиор а долу гIуллакх «Нохчийн меттан орфографин коьрта бакъонаш» нисйарца кхачалуш дацара. Кечйан йезаш нохчийн мотт хьехаран керла Концепци а, керла нохчийн меттан дешаран Программаш а, нохчийн мотт кхиоран 10 шарна лерина Программа а йара, хIитто йезаш тайп-тайпана меттан дошамаш а (уггар хьалха орфографин а, доштидаран а), керла нохчийн меттан Iаматаш а (хьалха хилларш цамегаче йевллера), нохчийн мотт хьехаран методикин куьйгаллаш а, дIадоло дезаш дара берийн бошмашкахь а, йуьхьанцарчу классашкахь а нохчийн маттахь хьехар йукъадаккхарна кечам бар а, «Нохчийн пачхьалкхан университетехь» а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Соьлжа-ГIалин а, Гуьмсен хьехархой колледжашках нохчийн меттан хьехархой, Iилманчаш кечбар дукхаллийца а, дикаллийца а совдаккхар а, иштта дIа кхин а. И дерриге вовшахтоха а, лаккхарчу тIегIанехь и болх дIакхехьа а ша къаьсттина институт оьшура. Доцца аьлча, иштта нисделира «Нохчийн меттан институт» вайн махкахь схьайеллар.
И болхбеш кхин цкъа а къеггина гучуделира нохчийн мотт кIорггера теллина ца хилар а, и талла оьшуш болуIилманчаш а, гIирсаш а ца тоар а. ТIаьхьарчу иттех шарахь цхьамогIа тоьлла болу нохчийнметтан Iилманчаш, шу марша, кхелхина вайн. Уьш бу: Джамалханов Зайнди, Тимаев Ваха, Алироев ИбрахIим, Чокаев Кати, Халидов Муса (Дала декъала бойла уьш!). Церан кога-метта дIахIуьттурш кIезга бу. Царна йуккъехь билгалбаха хьакъ бу: Альбеков Нурвади, Ирезиев Сайд-Хьамзат, Байсултанов Дауд, Абдулкадыров Адам, Бадаева Iайшат, цхьамогIа кхин а.

-Вайн меттан бакъонаш нисйар а, стандартизаци йар а чекхдаьллий?
-Нохчийн мотт «стандартизаци» а йина, цхьана кепе балош тIаьхьарчу шерашкахь вайн Iилманчаша дикка къахьегна – орфографин бакъонаш нисйина; 10 томах лаьтта (130 эзар дешнийн статья а, миллиион сов оцу дешнийн хорманаш йуккъехь йолу) «Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам» а хIоттийна, иза зорбане йаьккхина; цу бух тIехькерла Iаматаш арахецна. Амма и болх чекх ца баьлла. ХIунда аьлча, маттаца долу хIума чекх а даьлла, тIадам таIо йиш йолуш дац иза дийна мел бу.
Нагахь санна вайн халкъо шен дерриге дахар, кхин мотт бан а боцуш санна, ненан матта тIехь дIахIоттадахь – мотт лийр бац, гIоза-маьрша, денна кхуьуш, дуьне мел лаьтта бехар бу. Ца хIоттабахь – цунна цхьа а «стандартизаци» а оьшур йац, иза йукъара дIабер бу.
-Тахана нохчийн матто а, Iадато а, ламасташа а вайн дахарехь дIалоцу меттиг мел йу? Вайн менталитет хийца ца йалийта хIун дан деза?
-Эзарнаш меттанаш адамийн дахаран хьашташ шайн таронашца дуьззина кхочушдеш доцу – дуьненчуьра дIадевлла. «Делла меттанаш» олу царах. Цхьа иттех политикехь а экономикехь а нуьцкъала долчу даккхийчу къаьмнийн меттанаш ду оцу меттанийн гIуллакх кхочушдеш. Оцу кхераман кIелахь бу нохчийн мотт а.
Нохчийн мотт а ца буьйцуш, стаг вуьззина нохчи хила йиш йац, нохчийн дех-ненах схьаваьлла иза велахь а. Нохчийн маттах хада йиш йоцуш хьаьрчина ду вайн Iадаташ а, гIиллакхаш а. Нохчийн маттаца ду вайн са, тIум, йахь-йуьхь, эхь-бехк, оьздангалла, эзар шерийн зеделларг, шатайпана дуьненан хьежамаш.
И дерриге шена чохь гулдиначу матто кхоьллина ду таханлера нохчийн къам. Нохчийн мотт вайн къомо кхоьллина хилар санна, вайх хIора а нохчийн матто кхоьллина а, кхуллуш а ву. Ваьш буьйцучу маттаца дозаделла ду вай массо а. Цунах цакхетарг, къилбанца санна, шен дахар цуьнца нисдеш воцург ша ца буьйцучу меттан а, и мотт буьйцучу къоман а стаг хуьлийла дац. Иза бакъдо Iилмано а.
Нохчийн матто дахарех дIалоцучу меттигех аьлча -цуьнан меттиг вуно чIогIа гаттайелла. Гатта муха ца ло иза, доьзалехь бийцар а дикка лахделла хилча. Цхьацца болу доьзалаш-м шайн чохь а, оьрсийн маттахь бен бист а ца хуьлуш бу, шайн доьзалхошна оьрсийн мотт ца Iамарна кхоьруш. Моьттур ду, ица хиъча церан дуьне а, эхарт ахир дац.
Мотт шайн цIийх а, тIамарах а боьлла хилла баккхийнаш дIабевлла вайн. Са хенара болчу наха мотт иэбеш буьйцу. Оьрсийн маттахь лекхалуш долчу дуьненахь кхуьуш долу вайн бераш а, берийн бераш а ненанмотт хууш дац. Мотт хаар хуьлий, нагахь санна оьрсийн меттан гIо доцуш хьоьга хьайн ойла дIайийцалуш а ца хилча?
Ишколехь ненан мотт Iамор (предмет санна) берийн лаамехь дитина ду. Шена лаахь Iамабо, ца лаахь – ца Iамабо. Цул сов, керлачу законаца «ненан мотт» харжа бакъо а йу дешархочун а, цуьнан дай-нанойн а. Да а, нана а цхьана къомах долчу беран ненан мотт хIунда хоржуш бу? ХIинццалца-м дас-нанас буьйццург бара иза. Нохчийн къоман мотт а, культура а, цхьана дашца аьлча – цуьнан шатайпаналла Iалашйан а кхион а кхоьллина йац Нохчийн Республика ша а? Нохчийн мотт, нохчийн къам а ца хилча, стенна оьшу Нохчийн Республика а?
Нохчийн мотт хиъча аьтто беш а, ца хиъча аьтто бохош а цхьа хIума дац вайн дахарехь. Тахана вайн махкахь пачхьалкхан ларалуш болу нохчийн моттлелар дихкича, дукхахболчу нахана иза хаа лур дац-кха. Республикин а, меттигера а Iедалан болх соцур бац; массо а бакъонаш ларйаран органаш а, дешаран а, культурин хьукматаш, могашалла Iалашйаран учреждениш болх беш хир йу; массоа йохк-эцар лелош йолу меттиг а, базар а бист кхаччалца, хьалха санна шайн йохк-эцар кхочушдеш хир йу. Ур-атталла муфтиятан белхалошна а цхьа новкъарло хир йц-кха цунах, уьш а шайн хьехамашкахь тIаьхьарчу хенахь оьрсийн маттана тIетийжа бевлла.
Вайн менталитет хийца ца йалийта хIун дан деза ала-м хаац суна, къоман амал а, кхин долу хIума санна, хийццане ца хийцалуш хиир йац, гонахарчу дуьненах дIа а къовладелла Iан йиш ма йацийца вайн. Вуьшта, оцу ахь йуьйцучу нохчийн менталитетна вуочу агIорбеш болу Iаткъам (коьртачу декъехь – арахьара) лахбан дича бакъахь дерг коьрта ши хIума ду: нохчий шайн мехкан буьззина дай хилар а, нохчийн мотт Нохчийн махкахь, боккъал а, Пачхьалкхан мотт а хилла дIахIоттар. И ши хIума вайга кхочуш далахь – нохчий вад хуьйцуш беш болу Iаткъам дикка лахлур бу. Цул сов хила дезачух аьлча: дешар тIехь а, Iилманехь а совдовлар, хIора стаг шен мехкан бакъволу гражданин хилар.
Нохчий исторех дерг аьлча. Вайн халкъоцIийца шен истори йазйечу хенахь, тIамца шайна тIе мел ванчу мостагIна«къурд» а бохуш «таккхал» даьхначугонахарчу къаьмнаша и истори шайн дола йаьккхина. Царах цхьаболчара йаздечуьнга ладоьгIча моьттур ду нохчийн къам Кавказехь хила а ца хилла. Цу тайпа туьйранаш истори-м муххале а йацара, фолклор йу ала а хала ду. И«фаьлгаш»хьакъ долу жоп доцуш йита мегар дац.
-Пенсехь волу стаг мел мукъа ву? Цхьаъ ца деш-м Iан-м хир ма вац хьо?
-Пенсехь волу стаг ванне а мукъа вац. СадаIар-м дуьйцур а дацара вай, дан деза гIуллакхаш мелхо а совдевлла. Хенан болар вуно сихделла. ДIасахьаьжна валале, де а, кIира а, бутт а дIадаьлла карадо.
Олуш ма хиллара, хан-зама а хилахь, дуьне а латтахь, цхьакIеззиг гIуллакхаш дара дан лерина. Дала аьлла делахь, уьш а дер-кх.
Карарчу хенахь со нохчийн меттан доштидаран дошам хIотто гIерташ къахьоьгуш ву. Муьхха а мотт кхиарехь доккха маьIна долуш болх бу иза. Цу тIехь болхбеш нохчийн меттан таронаш хьалха хеттачул а дуккхо сов хилар къеггина гучудаьлла суна. Цу тайпана шира а, хьалдолуш а болу мотт, и ларбан вайн гуьнахь а ца хилла, йукъара дIабалахь (Дала лардойла вай цунах!) нохчийн къомана хилла ца Iаш, дерриге дуьненна а эшам хир бу. Ширачу историн дукха хIумнаш вайн маттехула дасталур долуш ду.
Болх дукха боккха а, онда а бу. Цу тайпана болх велла дIаваллалца бича а кхачалур боцуш, тIаьхьа-тIаьхьенаша а хаддаза нисбеш, тIебузуш бан безаш бу, мотт йукъара дIабаьлча а. Дуьххьара доштидаран дошам тIехь болхбинарг вевзаш волу нохчийн меттан Iилманча Вагапов Iарби ву. Вайна а карийна цу декъехь ала мелла а хIума. Вайл тIаьхьа тIебогIучара а, цу декъехь талламаш бийриг хиларх шеко йац вайн. Кху шарахь, Дала мукъ лахь, хьархарчу редакцехь и болхчекхбаккха дагахь ду вай.

Умхин Салманан Хьамзат

1956 шеран эсаран (октябрь) беттан 14 дийнахь Казахийн махкарчу Талды-Курганан кIоштехь Кугалехь дуьненчу ваьлла.
1974-чу шарахь Урус-Мартанан №1 йолу юккъера школа чекхъяьккхина цо.
1975-1977 шерашкахь Германин Демократин Республикехь Советан эскарехь хилла.
1979-чу шарахь Хьамзат деша воьду Л. Н. Толстойн цIарахь йолу Нохчийн-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан Филологийн факультете.
1984-чу шарахь университетехь дешар чекхдаьккхинчул тIаьхьа, Iэдало Урус-Мартанан No 1 йолчу, юккъерчу школе балха хьажийра иза нохчийн а, оьрсийн а меттанийн, литературин а хьехархо болх бан. Цигахь болх бира цо 1992-гIа шо кхаччалц.
1992-1999 шерашкахь республикан «Даймохк» газетан корреспондент хилла иза.
2000—2007 шерашкахь пачхьалкхан гIуллакхехь вара иза, Нохчийн Республикин зорбанан а, хаамийн а министерствон системехь (тIаьхьа Нохчийн Республикан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, хаамийн а министерство) министран гIовс а, куьйгалхочун 1-ра гIоьнча а волуш.
2008-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь Адамийн Бакъонаш комитетан куьйгалхочун гIоьнча вара.
2014-2017 шерашкахь — Нохчийн Республикан Дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча.
2017-чу шарахь дуьйна “Нохчийн Республикан дешар кхиоран институт” пачхьалкхан учрежденин директор хIоттийра иза.
2004-чу шарахь, цо Россин Федерацин Президентан куьйга кIел йолу Къилбаседа Кавказан Пачхьалкхан Урхаллин академи чекхъяьккхина цо.
Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Яздархойн Союзийн а, Журналистийн Союзийн а декъашхо ву. Нохчийн Республикан культуран Хьакъволу Белхахо а.
«Даймехкана динчу гIоза гIуллакхашна» мидал а, «къинхьегаман башхалла» сийлаллин билгаллон кехат йелла цунна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикан Правительствон а, Нохчийн Республикин Парламентан а, тайп-тайпанчу министерствийн а, ведомствийн а, юкъараллин гулламашан а дукх-дуккха «Сийлаллин грамоташ» а йелла. 2018-чу шаран, Нохчийн Республикин Интеллектуал Центран «Къоман тIаьхьенна белхаш» номинацехь «Дато бухIа» совгIатан лауреат.
Нохчийн Меттан институтан директор хIоттина 2017 шарахь. Дукха шаршкахь къахьегна цо цигахь.