Эсамбаев Махмудна100 шо кхочур дара, «Нохчийн Хелхар» йа «Лезгинка»?

Хьалха санна, тахана а нохчийн юкъараллехь нохчийн хелхар дина ду – тойнехь, сцени тІехь, хьошалгІахь, дезачу деношкахь. Нохчийн культуран «шовда», къоман «йуьхьсибат» ду хелхар. Хелхарца адамашша шай хьалде, цхьацца къинхьегаман процессаш гойтура, куьйгашца а, болам-голамца шей ламасташ гойтура. Шира замнахь хелхарца наха гойтура цхьацца дийнатийн амалш, шей хиламаш. Цул тІаьхьа, юкъараллон кхиарца, хелхар а хийцало, ритуалан хелхарш гучудовла, цул тІаьхьа цІахь деш хелхар, арахь деш хелхар, говзаллин хелхар, халкъан хелхарш а даьржа. Хелхар – мимикца, жесташца гайтаран кеп ю.

ХІунда олу хелхарехь «лезгинка»?

Цхьана дийцарца и цІе йукхайалар оьрсийн художникан Верещагин Василийн цІарца доьзна ду. Ерриг Оьрсийчохь лелла иза, Кавказехь, ГІирмехь, Дунай тІехь хилла, Малхбузе Европехь, Туркистанехь, ХІиндойчохь, Балканашкахь, Шемахь а, Палестинехь а, США-хь а, Филиппинашкахь а, Кубехь а, Японехь а.

1864-чу шарахь Къилбаседа Дагестанехь, Елизаветпол губернехь хилла иза. Лезгинийн гІиллакхаш а, Іадаташ а толлуш вара. Шен цхьана суьрта тІехь лезгинийн ламастан хелхар гайтина цо, шен суьртана «Лезгинка» аьлла цІе а тиллина. И сурт гІарадаьлла, и хелхаран цІе а лезгинка аьлла, йисна олу. ХІинца и сурт Третьяковн галереяхь ду.

Кхи факташ а ду: оцу хелхаран цІе «нохчийн хелхар» хилла. Нохчий а, гІалгІай а 1944-чу шарахь «халкъан мостагІий» аьлла, арабаьхна дела, Іедало сацам бира нохчийн цІе а, муьлхха а нохчий хьахор а, муьлххачу хьостанашкара дІадаккха: йозанаш тІера, багахь долу, кавказ культурца долу, историчохь долу и.дІ.кх.а, нохчи-нохчийн боху дош дІадаькхара. ХІетахь дуьйна вайн махкахь оьрсийн мотт буьйцучу бахархошна юкъахь лезгинка аьлла девзина и хелхар, тІаккха и цІе Европе а еана.

Нохчийн хелхар масситта тайпана ду, хІора а шатайпа чулацам болуш, къаьсташ ду.

Божарийн цхьалха хелхар уггаре а даьржина тайпа ду. Тойнехь а, тІаме, латтаре вахале деш хуьлар иза.

Зударийн цхьалха хелхар – наггахь бен ца дора. Оцу хелхарехь йоІа гІургІазин боламехь тардо: куьйгаш меллаша а, корт кура а, ткъа бІаьргаш мелла а охьахьажийна болуш.

Зударийн тобанийн хелхар. Барт-марзо оьцуш деш долу хелхар (хин йистехь, белхашках).

Шишша хелхар – кІанта йоІаца деш долу хелхар. КІент хелхаран темп меллашачуьра сихачу агІор хийцалуш – аьрзу санна хуьлу, тІемаш санна шен ши куьг дІасалелош. Дуьхьал лаьтта йоІ- шера а, меллаш а хьийза гІургІаз санна.

Шира нохчийн «ЧІагаран хелхар» цІе йолу, тІеман хелхар а хилла дуьйцу, маьлхахь тера го а бина, стигланан сферица шен некъ беш, хІора хьийзарца сихалуш бовлара.

Нохчийн шира тешамашца доьзна хилла тарло и го бина деш долу хелхар.

Нохчий зуькарш а го баькхан до, ХьаьжцІахь а КаІбана го бина, гондахь лела нах.

Нохчийн шишша хелхаран башхалла ю, уггар хьалха, хелхар цхьаъ шинна (цхьаъ кІант-цхьаъ йоІа) бен ца деш хилар. Вай шиъ, кхоъ, итт хелхар го чу ца вуьту. Нохчийн шишша хелхаран кхин цхьа башхалла а ю, хелхар дІадолош вериг даима кІант хилар. Хелхаран масех го бяьккхинчул тІаьхьа, йоІ кхойкху цо, йоІ арайолу, цара цхьаьна цхьа ши го бо. Ткъа хелхар чекхйоккхуш йериг даима йоІ хуьлу. КІента бакъо яц шен хелхар хьалха чекхдаккха, хелхар мел деха хилча а, цунна мел хала делахь а, йоІ дІайалалац хелхар дита мегар дац цо.

ЙоІ шен коьрта тІехула куьйгаш хьалаайан, кІантана тІейирзана йала йиш яц. Иза оьзда доцург лоруш ду. Хелхар деш, куьйгаш а, когаш нийса лелабан чІогІа мехала ду, хелхар деш цхьа а кепар паргІато ца магайо. Зударийн а, божарийн а хелхарехь магош дац меженаш дІасакхийсар а, сеттарш дан а. Хелхар деш, шен куьйгашца а, юьхь-сибатца а, дегІан меженашца а массарна а билгалдоккху цо и йоІ массо а халонех ларъеш хилар. Кху заманан кегийрхой хелхар деш хенахь, кІант цІеххьана саца сецна, йоІана тІараш детта волало. Хьалха заманахь а, хІинца а къобал дан йиш йоцуш хІума ду иза, вай культурехь хилла дац. Іаламат оьзда доцуш а, къобал дан йиш йоцуш а лоруш ду хьалхахьа хІоьттна тІе вирзина, хьайца хелхаволучунна юьхь тІе хьежар.

Юьхь-сибатца, хьийзарца, вовшашца йолу юкъаметтиг ца гойтуш, цу шинна бен ца кхеташ, шайна юкъахь къамел ду- дІадоьдуш долу шина стеган хелхар.

Цо шен некъ дІакъевлича, цунна дуьххьалонаш цайеш, хаза дІа а йирзина, вукху агІор дІаяха еза йоІ. Нагахь санна цо шен некъ дІакъевлича- паргІатчу метте дІаяха еза иза. Иштта, ша кхиъна хилар, оьзда, хекъале хилар гойту цо. КІанто а, йоІас а -ше хелхарца лела хууш хилар а, шен халкъан гІиллакхаш а, ламасташ а девзаш хилар а гойту. КІанта шен аьтту куьг схьа а диллина, аьрру куьг ше бустамаш тІехь лаьттош хенахь, цо цуьнца билгалдоккху и йоІ массо а хенахь шен Іуналлехь хилар а. Иза йоІана кхерам хилча йа кхечу кегийрхойн цхьа оьзда доцу лелар хилча, йоІана ларъяран гойтуш кеп ю.

Хелхаро, куьзганчохь санна, стега амал гойту. Эрна дац нохчаша цунах хелхар (хал хаар – хьал довза) алар. Хелхарца гойту стаго ше дегІан куц, амалш (гІодайукъ оьзда, юткъа хилар, хьекъале, собаре хилар) а, синан-оьздангаллин мехаллаш а (оьзда хилар, накъост ларар, баккхийчеран, кегийчеран ларам бар, нахана йукъехь лела хаар).

Ловзаршкахь божарша толлура шайна товш йолу йоІ. Иза нахан йукъехь лела хууш юй, хьийза хууш юй, духар лело хууш юй кхин дІа., хьожура.

Наха тидаме оьцура, кІентан бал бокхуш хенахь хьийзарца, хьажарца- цхьаьнца йолу йа йоцу йукъаметтиг. Хелхарехь мехкари – шера а, говза а, божарша – сиха а, темпераментца хелхар до, царна йукъехь «дош цалелаш» диалог хуьлу иштта.

Хелхар деш хенахь жима стаг шен духаран йистца хьакхвала ца веза шеца йолучу йоІехь. Вайнехан этико лардеш хилла мехкарийн сий.

Нагахь санна йоІ цхьана кІантаца хелхаяла реза ца хилча, я вуьшта аьлча, иза кест-кеста оццу кІантаца йолуш хилча, иза а юкъаметтиг гойтуш хІума хуьлара. И доцург, хелхарца доьвза: доьзалшна юкъахь йолу юкъаметтиг, кегий нахана йукъехь йолу йукъаметтиг. Хелхарца кхета мега, уьш вовшенна муьлш бу – хийра нах бу-й, гергара нах бу-й, дардацар хилла мостагІий бу-й, и.дІ.кх.

Хелхаро массо а амалан агІонша гойтуш хуьла, хІора хелхар кхечеран хелхарах тера а доцуш, шен хатІ а долуш хилла ду. Казахстанехь, масала, цхьаннахь гулбелла нохчийн мехкарша кест-кеста самукъадоккхура, шей хІокхун я вукхун кІента хелхарх тар а деш бовлаш. Цхьа йоІ цхьан кІентехь йолура, цІе а ца йоккхуш, ткъа мехкарша цу хелхарца цу кІентан цІе хаийта езаш хуьлара. Иштта самукхане хан йокхара кегирхойша.

ХІинца дукха хан цайаьлла Соьлж-ГІалахь даздира нохчийн къоман легенд йолу «Вайнах» хелхаран ансамблана 70 шо кхачар. Фестивале еара Къилбаседа ХІирийчуьра а, Дагестанера а, ГІебартойн-Балкхаройчуьра а, ГІалмакхойчуьра а, Абхазера а, Адыгейра а хелхаран тобанаш. 1957-чу шарахь, «Вайнах» хелхархой Казахстанера департацера цІабирзира. Дуьххьарлера эшелонца махкахбаьхначул тІаьхьа цІа баьхкан болу нохчашшна дуьххьара сцени тІе боьвла гайтам бира цара. Нахана «Вайнах» дукха еза, хІунда аьлча цо даима а нехан дегнашна йовхо лора, шен кхетамечу исбаьхьаллца чевнаш ерзайора, оьздачу дахаре сатийсам кхуллура, шен халкъан культурах дозалла дан бахан лора. «Вайнах» ансамбль дуьненаюкъара нохчийн бренд ю.

«Хелхар дан ца хаахь, хІун нохчо ву хьо!» И дешнаш аьлла ХХ-чу бІешеран нохчийн сийлахьчу хелхархо Эсамбаев Махьмудса.

Эсамбаев, Махьмуд Іеласолтийн воІ

Эсамбаев, Махьмуд Іеласолтийн воІ- 1924 шеран 15 июль баттахьЙоккха АтагІаНохч-ГІалгІайн АССРСССР дуьненчу ваьлла. Совет замнахь нохчийн балетан артист, эстрадан хелхархо, хореограф, СССР Халкъан артист (1974 шо), Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1984 шо). Махьмуд кхелхира 2000 шеран 7 январехь. (Дала декъала войла иза.) Кху шарахь 100 шо кхочур дара хелхаран легендан, нохчийн къоман тоьллачарехь волу Махмудан. Цуьнан хелхаро корта хІовза бора, инзаре похІма йолуш вара иза, цхьан боларца, хьажарца нохчийн къоман характер гойтура цо.

Нохчийн халкъо массо а заманахь хелха вала хууш волу стаг бІешерашкахь иэсехь латтаво. Царехь цхьаъ ву йокха похІма йолуш, сийлахь нохчийн хелхарчо Сулумбек Идрисов. Сулумбек, вуно говза исбаьхьалча а, хелхарча а хиларал совнаха, вуно корматаллин говзаллица кечвелла- профессионал ву. ДогІуш долу массу дешаран тІегІа кхаьчна дара цунна. Цуьнан хелхарш элементашийн техникаца а, исбаьхьаллин агІонца а, дуккха чІогІа говза ю. Халкъан хелхарш дина а цаІаш, театран кеп йолуш, ше цхьа сюжет а, чекхе а йолуш, кечдина хелхарца, сцене тІе волура иза. Сулумбек, нохчийн халкъан хелхаран культурин дийна легенда йу. (Тхан газетан тІедогІучу номершкахь кхин дІа а, Сулумбеках лаьцна дийца дагах ду тхо).

ТІаьхьарчу хенахь хийцалуш йохуш йара нохчийн хелхаран культура. Хелхаран исбаьхьаллин канонаш къиза дохош дара тІаьххьенна ойла йоцу наха. Тахана бакъйолу хелхаран философи денъан йеза. Халкъан хелхар- вайн оригинал культурин мехала дакъа ма дай. Къеначера хелхар меллаша а, нийса а хуьлу, шей шерашкахь гулдина синхьекъал санна. Берийн хелхар шей цІена са хилара терра- цІена а, даггара а хуьлу. Къоначера хелхар – дахаран театр санна -сиха хуьлу, адамийн юкъаметтигаш гойтуш, мостагІалла, безам, доттагІалла и.дІ.кх. Юкъарчу хьесапехь ловзар нохчийн культуран мехала феномен ю. ТІемш болуш хенахь а, тІом бешшехь а, хелхабоьвлла нах. Хелхаро са хьалаайдо, нахана дика дог-ойла а, психологин паргІато а ло.

Ала дашна, Казахстане а, Юккъерчу Азе а депортаци еш а, массийта тІемш ловша а хелхар деш хилла вайнаха. Мацалла йолуш, шелонгахь адамаш леш хенахь, бомбанаш кхуьссуш, йакхи тоьпаш йаьтташ хенахь, дуьненан чаккхе тІекхаьчча хетачу хенахь, ловзаро, халхаро, хаза, дика хиндолчунна тешам ло .

Нохчийн хелхар-къоман сий ду. Вай сий, вай дейши сий лардей вай?!


Хьажна хьосташ: Wikipedia.com, Chechnyatoday.com, Grozny-inform.ru

CEVAP VER

Lütfen yorumunuzu giriniz!
Lütfen isminizi buraya giriniz